ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Эвхьазечу гуламан" декъашхошна Нохчийчуьрчу "спецназан университетехь" болх бар хьехна Кадыровс


Кадыров Рамзан
Кадыров Рамзан

Москварчу "эвхьазечу гуламан" декъашхошка шайн бехказабийлар доггах дуйла "гIуллакхашца" дIахаийта аьлла Нохчийчоьнан куьйгалхочо. Шайна къинтIерабовлар дийхира вукхара социалан машанашкахь шаьш йемалдича, кхерамаш тийсича. Кадыров Рамзанна хетарехь, Гуьмсарчу "спецназан университетехь" цхьацца гIуллакхаш дайта деза цаьрга – оцу меттигехь кечбо Украинерчу тIаме хьийсон эскархой.

"Эхье хIумма дац уьш кечбарехь дакъа лацарх – кхача кечбеш, бедарш йуьттуш, лоьрийн пунктехь гIо деш", – йаздо Кадыровс шен телеграмерчу каналехь. Хьаькамна хетарехь, оцу кепара шаьш "СВО-на а (леррина тIеман операци – ишта олу оьрсийн Iедало Украинерчу тIамех. – Ред. билг.), цуьнан турпалхошна а" гунахь хилар гIуллакхца дIагайта деза цара.

"Хьанна а гечдан йиш йу, амма коьртаниг ду, церан догцIеналла дашца йоцуш, гIуллакхца билгалйолуш хилар", – дерзийна Кадыровс.

Гуш-хезаш безказабийлар дуьххьара Нохчийчохь доладелла. Меттигерчу зорбанашкахь а, хьаькамийн аккаунташкахь а сих-сиха гучуйуьйлу шайна къинтIера бовлар доьхучу нехан видеош – буозбуончалла лелорна тIера Кадыровн критика йаре кхачалц "бехкала бахнарш" бу уьш. "Сийсазе бехказбийлийтарна" тIе тидам бахийтина Американ дуьненайукъарчу динан маршонан Комиссин 2021 шарерчу докладехь.

  • ГIуран-баттахь Москварчу "Мутабор" клубехь телехьожийлан белхахочун Ивлеева Анастасиян гулам дIабаьхьира – хьешашка "берзина хиларна герга" бедарш йуха аьллера. Оцу хьоло оьгIазе йира консервативан йукъаралла, декъашхойх цхьаъ – VACIO репер – административан артиклаца дIалецира, "ЛГЬТ-на пропаганда" йарна.
  • ТIаьхьо оцу гуламан цхьамогIа декъашхоша, шайлахь ша Ивлеева, телехьожийлан белхахо Собчак Ксения, шоу-бизнесан гIуллакххой Киркоров Филипп, Милявская Лолита, Билан Дима волуш, видеокхайкхамаш дIабазбира, шайна гечдар доьхуш. Амма церан концерташ сецош йу, цаьрца бина берташ йухаоьцуш бу. Ивлеевин хьокъехь йасакх йаккхаран сервисо таллам болийна, иштта цунна дуьхьал коллективан арз чуделла, оцу гуламерчу хаамаша шайна "моралан зен дарна".
  • Хьалхо кху кIирнахь ГТРК "Волгоград-ТРВ" каналера балхара дIаваьккхира кхо белхахо, цара интернете оцу гуламера суьрташ хIитторна – консервативан йукъараллера бахархой оьгIазе бинера оцу гуламерчу нехан духарша.
  • ГIуран-баттахь Кадыровн эфир йолчу хенахь цуьнга хаттар делира, КъурIан дагорна бехке лоручу Журавель Никито ша дохкохваьлла бохуш масийттаза дIахьедарш дарх лаьцна а, бусулба дин тIелаца ша кийча хиларх а. Нохчийчоьнан куьйгалхочо "шена цо доггах дуьйцуш ца го" элира. Иштта цуьнга шега къамел дина республикан куьйгалхочо. Арахецначу видео тIехь Кадыровс олу Журавеле: "Ахь даггара дуьйцуш дац иза, бIаьргаш нийсаче хьоьжуш бац хьан". Хетарехь, и цхьанакхетар хилла цуьнан хIетахь 15 шо долчу Кадыров Адама Журавельна йиттинчу дийнахь.
  • 2022-чу шеран чиллин-баттахь Украинана дуьхьал тIом болийчхьана йоллу пачхьалкхера лаамхой кечбен йоккхачех плацдарм хилла дIахIоьттина "университет". Хаамаш бора, хIора кIиранахь тIамехь дакъалацийта цигахь 200 "лаамхой" олурш кечбо бохуш. "Оьрсийчоьнан спецназан университет", цуьнан базехь кест-кеста Росгвардин а, ОМОН-н а эскархой Iамош белахь а, цхьана а ницкъаллин урхаллина чуйогIуш йац. Кехаташца коммерцица йоьзна йоцу организаци лору и. Оцу клубан йу Нохчийчуьра дешаран а, Iилманан а министраллин лицензи. Федералан пачхьалкхан цIарах йасакх оьцучу урхаллин сайтехь бинчу хаамца, 2022-чу шарахь организацина кхаьчна "лаамехь делла" 349 миллион сом.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG