ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIашна лидер къастош ю Кремль


ГIезалойчоь -- Казанехь бехачу гIалгIашца къамел деш ву ГIалгIайчоьнан президент Евкуров Юнус-Бек, 03Оха2012
ГIезалойчоь -- Казанехь бехачу гIалгIашца къамел деш ву ГIалгIайчоьнан президент Евкуров Юнус-Бек, 03Оха2012

ГΙалгΙашна коьрте керла куьйгалхо хааве мур болийна Кремло. ХIинцале 5-6 стаг хьалхатетина партеша. Амма махкарчу политикийн шеко яц, Iедалан коьртера мукъа ваьлла кеп а хΙоттийна, шен даржехь висина веха Евкуров Юнус-Бек оцу гΙентара вуссур а вацарх.




Ах миллион ца кхоччуш нах бехачу ГIалгIайн мехкан коьрте хIотто Москох магош ву массех стаг. Царалахь коьрта кандидат ву Евкуров Юнус-Бек. Вуьйш, юккъараллехь башха бевзаш а бац - парламентан спикеран гIовс Татриев Мохьмад, Несарарчу университетан химийн а, биологийн а факультетан декан Точиев ТугIан, «Нийсонан Оьрсийчоь» партин гIалгIайн декъан лидер Евлоев Урусхан, политик Мамилов Шамсудди, Шадиев Ахьмад.

ЛДПР партех пачхьалкхан думехь депутат волу Кропачев Александр ву кхин цхьаъ а.

ГIалгIайн махке харжамашкахула къаставайта шена президент бохуш, кхайкхамаш бинарш а кхета, архошна луург кхочуш хир доцийла. «Машр» шех олучу бакъонашларъярхойн цхьаьнакхетараллин куьйгалхочуьнна Муцольгов Мохьмадна иштта го проблема..

Муцольгов: «Соьга хаьттича, кандидаташ бац цигахь. Мила хир ву хууш ду. Харжамаш а бац уьш. ХIун хир ду хIинццехь а хууш ду кху махкахь мел вехачуьнна. Политикан ловзарш ду уьш. Пайда бац. Харжамаш хилла, нахе ладоьгIна алалелош кепаш ю.

.Депутаташ бу бохучарна халкъо хаьржина стаг ца веза. ХIинцалц харжамаш лелла, амма хIинца нахе харжалур вац боху мехкан да».

ГIалгIайн юкъаралло шен бакъонаш Iалашъярехь жигаралла гойтура хьалха. Цо дукха а митингаш, кхийолу дуьхьалонан акцеш а яр бахьана дара цхьа хан хьалха республика коьртера Зязиков Мурат воссор. Ткъа, хIинца ишшта жигара хIунда бац оппозицийн болам? Иза ишшта туьду Муцольгов Мохьмада.

Муцольгов: «Оппозици яц гIалгIайн махкахь, яц Кавказехь а, яц я Оьрсийчохь а. Оппозици бохург хIун ду? Уьш кIезиг белахь а, парламентехь а болуш, церан шайн программа а йолуш хилар ду-кх. Ткъа кхузахь цунах дуьхьалонан дог-ойланаш бен ца йисина. Оппозицина Iаткъам бина. Иза хьаьшна. Реза воцу стаг ца веза Iедална.

Iедалерчу наха тахана хIуъа а дина а, шайн меттиг дIа ца яларахьама, муьлха а низам тIеоьцу. Оппозицин ойланашца волу стаг сийсазво, балхара вохаво, бизнес йохайо. Иза ду-кх кхузахь дерг. Хьаькамийн корта лазбаьллехь, низам тIеоьцу, хенан хIоттам хийцабеллехь а, тIеоьцу низам. И низамаш - низамаш дац.Нийсо а яц иза».

Герггарчу хенахь парламентан партеша Оьсийчоьнан президентан администрацига шайн кандидаташ хьалхататтоттур бу. Кхин а диъ де дисина церан оцу гIуллакхна. ТIебогIучу беттан 20 дийнахь Путин Владимира царах къастор ву 3 стаг. ТIаккха цхьаъ ву ГIалгIайчоьнан парламенто къобал ван везаш.
XS
SM
MD
LG