ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Евроберто санкцеш дуьхьалйаьхна Кадыров Ахьмадан фондана, Соьлжа-ГIалара конструкторийн бюрона, Дагестанера заводана а


Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а
Кадыров Рамзан а, цуьнан нана Кадырова Аймани а

Евробертан санкцийн 14-чу пакета йукъа йахийтина Нохчийчоьнан урхалхочун нана Кадырова Аймани, формалехь цо куьйгалла деш йу Кадыров Ахьмадан цIарах фондан, ишта Соьлжа -ГIалара конструкторийн бюро а, Ростов-на-Дону гIалара НИИ, дагестанхойн Кизлярера электромеханикан завод а. Цара массара а аьтто бина Оьрсийчоьнан Украине гIортарна, билгалдаьккхина зорбане баьхначу сацамашкахь.

Кадыров Ахьмадан фондо украинхойн бераш, кхиазхой йуха кхетош-кхиош программаш дIахьо, уьш шайн дайн пачхьалкхах а, гергарчех а дIахадон Iалашонца милитаристийн хьехарш деш, аьлла ду Евробертан Кхеташонан сацамехь. ТIом болийначу хьалхарчу шарахь дуьйна Нохчийчоьнах Орсийчоьнан коьрта центр хилла "тIеман-патриотикан" берийн каппаш дIайахьа. Цул совнах фондо ахчанаш латтош ду Украинерчу тIеман декъашхошна "керла лаамхой йукъаозон а, тIом бечийн дог-ойла иркарахIоттон а", барт бо ишта "Донбассера сепаратистийн тобанашца" а. Оццу бахьанашца санкцийн тептаршка йазйина Кадыровн фондан долахо Кадырова Аймани.

Европахойн санкцешна бухахь нисйелла 2022-чу шарахь Соьлжа-ГIалахь кхоьллина йолу "Талламхо" конструкторийн бюро а. Организаци Iемаш йу IT-талларш тIехь, и болх беш йу "Нохчийчоьнан куьйгалхочун командин эгидаца", билгалдаьккхина сацамехь. Доккхачу декъана, бюрос кечйина талламан "Пенициллин" системин модификаци а, "Малик" дронийн аьзнийн детектор а – и боллу гIирсаш лелош бу Оьрсийчоьнан тIелетарехь. Хьалхо Кадыров Рамзана хьахош дацара компанис кечбечу гIирсех лаьцна.

Кизляран электромеханикан заводан директор Ахматов ИбрахIим а ваьккхина санкцийн тептаре, цуьнан заводо лаьттахула урхалла ден системаш а, авиацин техникан диагностикаш а арахецарна. Доккхачу декъана, СУ-25 бомбанаш тухучу кемана оьшуш йолу, царех пайдаоьцу Оьрсийчоьнан ницкъаша Украинехь бечу тIамехь. Дозанаш тоьхна ишта Кизлярера заводана а цхьаьна.

Санкцеш дуьхьалйаьхна Евроберто ишта – Ростовера Йерриг Оьрсийчоьнан талламан "Градиент" институтана а. Зорбане баьхначу хаамашца а догIуш, кхузахь йина йу радиоэлектронан къийсам латтон "Красуха-4" комплекс, и лелош йу дронаш йохош тIамехь.

Дозанаш бухахь нисвелла Къилбаседа ХIирийчуьра вахархо, совдегар Боллоев Таймураз а – Орсийчуьра Carlsberg корпорацин президент хIоттийна вара иза президентан Путинан омраца малхбузен компанин активаш схьайаьхначул тIаьхьа. Европахойн активаш Оьрсийчоьнан контроле йерзорна санкцийн тептарехь ву Сочихь вина Росимуществон куьйгалхо Яковенко Вадим а.

  • Кадыров Ахьмадан цIарах фонд КадыровгIеран "долара бохча" ду элира масийттаза, цу фонде бертаза ахчанаш дохкуьйту бюджетан белхахошка. Фондан активаш 2023-чу шарахь 5,3 миллиард сом йара – иза масийттаза кIезиг ду, Нохчийчоьнан Iедалхоша Украинерчу тIамана шаьш доьхкина бохуш дIахьедечул а.
  • 2022-чу шарахь дийца даьккхира, Кадыровн контроле эцарх Мариуполера металлургин Ильичан цIарах йолу комбинат а - Украинан Донецкан кIоштахь уггар а йаккхийчех индусри йара и.
  • Украинана дуьхьал Оьрсийчоьно болийначу тIамаца доьзна санкцеш тоьхначу нахах а, организацех а долу шен тептар шордина Британино. Доккхачу декъана цу йукъа вахийтина Нохчийчоьнан куьйгалхочун йишин кIант Закриев Якъуб (ИбрахIим). Стохка аьхка Закриевс куьйгалла дан долийра францхойн Оьрсийчуьра Danone концернан, цуьнан акцеш "ханна лело" Росимуществе дIайеллачул тIаьхьа.
  • Йеарин дийнахь шина партин низаман проект кховдийна сенаторша Линдси Грэма а, Блюменталь Ричарда а Оьрсийчоь терроримзан спонсор-пачхьалкх лара аьлла. Оьрсийчоьнан Федераци терроризман спонсор-пачхьалкх ларарх низаман проект шозлагIа пайда хир бу, Оьрсийчоьнца йукъарлонаш лелочу пачхьалкхашна санкцеш тухуш, Оьрсийчу экспорт йан магийна доцу товараш шордеш а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG