ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европан Кхеташонан министрийн комитето кхайкхам бина Нохчийчуьра политологан Кутаевн гӀуллакх йуха листа аьлла


Европан пачхьалкхийн байракхаш йу Европан Кхеташонан штаб-квартира хьалха, Франци
Европан пачхьалкхийн байракхаш йу Европан Кхеташонан штаб-квартира хьалха, Франци

Европан Кхеташонан министрийн комитето бакъонашларъярхоша бинчу кхайкхамна жоп луш, сацам арахецна. Цу тӀехь билгалдаьккхина, Оьрсийчоьнан Ӏедалша Нохчийчуьра политологан Кутаев Русланан гӀуллакх юха а листа деза аьлла. Хьалхо шена тоьхна хилла диъ шо гергга хан йаьккхина ву Кутаев, наркотикашца доьзна шайггара Iедалхоша айдинчу гӀуллакхехула.

"Мемориал" центро хаамбо, шаьш "ОВД-Инфо" ресурсаца йукъахь кху шеран аьхка чуделлачу дIахьедарна министрийн комитето жоп делла аьлла. Иза хьакхалуш дара Европан адамийн бакъонашкахула йолчу Конвенцин 18-чу артиклах. Цу тӀехь йаздина ду, оццу Конвенцино билгалдаьхна магийначу дехкарех пайдаэца мегар дац цунна дуьхьал йолчу Iалашонашца аьлла.

Оцу латкъамехь бакъонашларъярхой тIетевжира ишта Кутаевн гIуллакхаа а, хIунда аьлча, цуьнан латкъам толлуш, Европера адамийн бакъонашкахула йолчу кхело бакъдинера, цуьнца доьзна 18-гӀа артикл йохийна хилар.

Министрийн комитето Кутаев Русланах лаьцначу декъехь динчу хьесапехь, гӀуллакх йуха листар тIедожийна ца Iаш, дIахьедина цунна тIехь къизаллаш латтор буьззинчу барамехь талла а деза, цунна йогIу компенсаци йала а йеза аьлла.

Цул сов, министрийн комитето зорбане йаьхна шайн сацамна лерина йина билгалонаш а, цу тӀехь кхин долчу хӀуманашца цхьаьна къастийна, Къилбаседа Кавказехь, къаьсттина Нохчийчохь бакъонашларъярхой кхин дӀа а хьийзош хилар. Ишта царна дуьхьал бехктакхаман гӀуллакхаш дахар, жигархой лачкъор а, хьийзор а долуш.

2014-чу шарахь Кутаев Руслана конференци вовшахтоьхнера, 1944-чу шарахь нохчий а, гӀалгӀай а махках баьхна рогIера шо кхачарна лерина. И хилам республикан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца дагадевлла хIоттийна бацара, депортаци ма хьехайе аьлла, цо динчу дехкарна дуьхьал нисбеллера.

Цул тӀаьхьа масех де даьлча, Кутаев лаьцна, ницкъ бира цунна. Цунна дуьхьал даьккхира, шайггара кхоьллина наркотикех лаьцна гӀуллакх, чохь даккха диъ шо гергга хан а тухуш. "Мемориало" политикан тутмакх лерира иза. 2023-чу шарахь Европерчу адамийн бакъонашкахула йолчу кхело Кутаевн цхьа могӀа бакъонаш талхийна хилар къастийра – доккхачу декъана, Ӏазап латтор дехкар а, нийсонца кхел ян бакъо хилар а, стеган маршо а, кхерамзалла а хилийта бакъо хилар а.

Марсхьокху--баттахь Оьрсийчоьнан юстицин министралло "ца оьшучу организацех" дIатуьйхира Францехь регистраци йина, Кутаевс куьйгалла ден "Кавказан къаьмнийн Ассамблей".

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG