ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европарламентехь "Маьршачу постОьрсийчоьнан къаьмнийн Форумехь" дакъалаьцна Ичкерин а, ГIалгIайчоьнан а, ГIалмакхойчоьнан а векалша


"Маьршачу постОьрсийчоьнан къаьмнийн Форумехь", Европарламент, дечкен-беттан 31-ра
"Маьршачу постОьрсийчоьнан къаьмнийн Форумехь", Европарламент, дечкен-беттан 31-ра

Дечкен-беттан 31-чохь Европарламентехь дIайаьхьира "Маьршачу постОьрсийчоьнан халкъийн Форум", цуьнан декъашхой хилира пачхьалкхера дIабахна юкъараллин гIуллакхдархой, политикаш, бакъонашларйархой, шайлахь Ичкерин арахьарчу Iедалан премьер-министр Закаев Ахьмад а – цо йовзийтира жамIан деклараци.

Гуламан чулацам "Империн Оьрсийчоь" аьлла билгалбаьккхира: мехкаш дIалецар, колонизаци, геноцид. Деимпериализацин а, деколонизацин а перспективаш.

Польшин а, Латвин а цIарах Европарламентан депутаташа дакъалецира форумехь, Украинан Лакхарчу Радин депутата Дунда Олега а, Оьрсийчоьнан парламентан экс-депутато Пономарев Ильяс а, Британин а, Американ а Австрин а, кхечу пачхьалкхийн а эксперташа а. Ичкерин векалш боцурш, барамехь хилира Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан векалш а, Чергазийчоьнан а, гIалгIайн а маршонан агIончаш а, иштта кхин а къаьмнийн боламаш а.

"Кхиаме динамика го вайна, хаъал прогресс ю дийцарш дарехь а, дуьйцурш дукха хиларца а. Форум бен-берса йаьлла – иза а нийса ду, иштта болх бо демократино. Дуккха а интересе политикан цхьанакхетарш хилла сан, Оьрсийчоьнан дезинтеграцих хеттаршкахула вовшашна хетарг дийцина, оцу дозана тIехь тахана дехачу къаьмнийн вовшатохареллех политикан субъекташ йарх а", - дIахьедина Кавказ.Реалии сайтана йеллачу комментарехь, Европарламентехь къамел динчу Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессан декъашхочо Доржин Даавра.

Форуман кхин а цхьана декъашхочо – нохчийн юкъараллин гIуллакхдархочо Албаков Шемала дIахьедира, "бараман коьрта тема йара Украина а, Нохчийн Ичкерия республика а аьлла, дуккхаъ а болу спикерша шайн къамелехь тIетовжура царна, "турпал къам" ду элира нохчашна Европарламентан депутато Фотуга Аннас.

"Чергазойн мотт бовш хиларна гIерта шаьш мохк бозуш боцуш хилийта аьллачу чергазойн векалан йистхилар тайра суна. Диаспорехь болу чергазой дIаийна меттигерчу къаьмнашца, церан компетенцеш а, корматалла а хьажийна кхин пачхьалкхаш кхион, шайн даймахкахь пайден хир ма бара уьш", - масал далийра Албаковс.

Федерацин субъекташ дIакъасторах къамелдарна бехузаламан жоьпалла тIедожадо Оьрсийчохь.

  • Суверенитет йаккха гIерта Европера нохчийн диаспора, дIахьедира "Цхьааллин ницъ" боламан куьйгалхочо Сулейманов Джамбулата дечкен-беттан 26-чохь Европан Кхеташонан Парламентан ассамблейхь вистхуьлуш. Украинан ПАСЕ-н делагацин гIоьнца нисделлера цуьнан вистхилар.
  • Товбеца-беттан 20-чохь Лакхарчу Радехь кхоьллира "Маьршачу Кавказехьа" депутатийн тоба. Юьхьанца цуьнан декъехь вара итт оппозицин а, урхаллин а партера депутат. Тобанан куьйгаллехь вара депутат Гончаренко Алексей. Хьалхо, стигалкъекъа-баттахь Гончаренкос хьийхира чергазийн геноцид а, Ичкерин суверенитет а къобалйар.
  • ГIадужу-беттан 18-чохь Нохчийчоьнан Ичкерия республика Оьрсийчоьно ханна оккупаци йина территори лоруш, "нохчийн къомана дина геноцид" емалдеш, сацам тIеийцира Украинан Лакхарчу Радехь. Оцу сацамехьа кхаьжнаш тесира цигахь хиллачу 287 депутато. Сацаман цхьахволу автор вара Гончаренко.
  • ГIадужу-бутт бовш Iойрат-гIалмакхойн халкъан Конгрессо тIеийцира "Кхарачойн Республикан пачхьалкхан суверенитетах" деклараци. ХIара дуьххьара бина кхайкхам бац Украинехь тIом болабелчхьана Оьрсийчоьнан Федерацин къаьмнийн субъекташка шайн харжам байта кхойкху: Варшавехь, Прагехь, Гданьскехь дIайаьхьира Оьрсийчуьра маьршачу къаьмнийн Форумаш, ткъа Киевехь гулбеллера "Кремлан рожо хьийзон" къаьмнийн векалш.
  • Европера нохчийн диаспорийн векалша, Ичкери маьрша хила луучу агIончаша къаьстина ши съезд дIаяьхьира. Лахьан-беттан 25-чохь а, 26-чохь Францихь хIоттийначу гуламна хьалха вара "Толам" боламан хьалханча Сулейманов Джамбулат. Де даьлча Бельгехь хилира къобалйазчу Ичкерин арахьарчу Iедалан куьйгалхочо Закаев Ахьмада вовшахтоьхна конференци. Диаспорийн шина лидеран политикан къовсам санна хилира и ши съезд: цхьаболчу бараман декъашхоша лечкъа а ца деш дIахьедира Ичкерин агIончаш шина декъе бекъабаларх.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG