ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь ша Iалашвар доьхучу мехкан вахархочун Нохчийчуьра гергарнаш болчу баьхкина ницкъахой


Батаев Iела
Батаев Iела

Республикан вахархочун Батаев Iелин гергарнаш болчу баьхкина хилла полисхой – 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь дуьйна Швейцарера депортацин центрехь латтош ву иза Оьрсийчу дIаваллалц. Хьалхо дуьненайукъара барамашца ша Iалашвар дехнера Батаевс, иза тешна ву, нагахь ша даймахка дIахьажавахь, Кадыров Рамзанан рожана лерна вен тарло ша аьлла.

Кхин дIа къийса а ца луш, депортацина иза реза хилийта хьийза ницкъахой гергарчарна Iаткъам бина, хаамбина бакъоларйаран "Европера машаран ЦIийнан" куьйгалхочо Гашаева Зайнапа.

"Цкъачунна хууш дац, цуьнан гергара нах дIабигина йа ца бигина, амма цаьрца къамел дина, Батаевца муха йукъарлонаш ду а хиттина", - тIетуьйхира бакъоларйархочо.

40 шо долу Батаев Iела дуккха а шерашкахь Украинехь ваьхна, шайн пачхьалкхехь ваха бакъо а йеллера цунна. Амма Украинехь тIом болийча Европе дехьавала дийзира цуьнан. 2022-чу шеран гезгамашин-баттахь Швейцарин Iедалхоша лецира иза, хIетахь дуьйна депортацин центрехь ву. Товбеца-бутт йуккъе баьллачу хенахь мацалла кхайкхийра цо 30 денна.

Лоцучу заманчохь Батаев кхачам боллуш бакъонехь Iалашвар ца нисделира: гочдархо ца велира цунна, ткъа цунна веллера паччхьалкхан адвокат, билгалдаьккхира Нохчийн Ичкерия республикин Швейцарерчу векало Мамишов Лачина.

  • Оханан-баттахь Европерчу адамийн бакъонийн кхело (ЕСПЧ) Францин Iедале дехар дира, нохчо Т. Бувайсар Оьрсийчоьне дIавалар хенаца дIататта аьлла. Даймахкахь ши адам дерна бехке лоруш ву иза. Амма цуьнан адвокато и бехке хиларехь дерриге дийцина ца даьлла, тоьшаллаш оьшу боху. Иза дIалахь, оьрсийн Iедалан белхалоша цунна гIело йарна кхерам бу а аьлла.
  • Польшин Iедалхоша дIахьедира, тховкIело йоьхучу ФСБ-н хиллачу белхахочо Наврузбеков Эмрана шех лаьцна дийцинчух "тоьшийла дац". 2017-чу шарахь Наврузбеков ведира пачхьалкхера, цо дийцира урхалло шена дуьхьал "террорхойн гIуллакхаш" дахарх, хIетте а мангал-беттан 6-чохь Оьрсийчоьне дIавелира иза.
  • Финляндихь мухIажаран статус йеллачу Нохчийчуьра вахархочо Абубакаров Джабраила 2022-чу шеран гIадужу-баттахь дийцира Кавказ.Реалиин сайтана, Соьлжа-ГIалара шен гергара нах кадыровхоша лачкъийна бигарх, нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-каналаца шен уьйраш хиларна.
  • Нохчийчуьра мухIажаршна тIаьхьабевлла леларна дуьхьал митинг хIоттийнера кху беттан 15-чохь Венехь. Йукъараллин вовшахтохараллийн векалша дIахьедира шаьш реза цахилар Австрин набахтешкахь нохчашна ницкъбарна а, царна Оьрсийчу депортаци йарна а. Акци вовшахтоьхначара бахарехь, 100 сов стаг вара цигахь дакъалоцуш.
  • Товбеца-беттан 21-чохь Швейцарехь а, Австрихь а, Германихь а митингаш хIиттийра Батаев Iела Оьрсийчоьне дIаваларна дуьхьал. Акци вовшахтоьхнера Нохчийн Ичкерия республикин арахьарчу Iедалан векалалло.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG