ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европера а, Туркойчуьра а нохчийн диаспоро Ичкерин маршонан де билгалдаьккхина


Венера диаспоран векалийн акци
Венера диаспоран векалийн акци

Германира а, Бельгера а, Австрера а, Туркойчуьра а, кхин йолчу пачхьалкхашкара а нохчийн диаспораийн векалша Нохчийн Ичкерия республикан суверенитет кхайкхийна 33 шо кхачарна лерина барамаш дIабаьхьна.

Ичкерин арахьарчу Iедалан векалийн цхьанакхетар хилира Берлинехь, Нохчийчохь хилачу шина тIеман декъашхойн а, кегийрхойн а. Цара дийцаредира шайн йукъара хилларг а, диаспорехь болх бан Iалашонех а, ишта Украинера тIамца доьзна а, цигахь нохчийн лаамхойн вовшахтохараллаша дакъалацарх а. Оцу кепара цхьанакхетар хилира Туркойчохь а.

Венехь диаспоран векалш кхайкхинера Австрин парламенте, цул тIаьхьа гIишлона хьалха барам хIоттийнера, хаамбира тхан редакцига пачхьалкхера Нохчийн Ичкерия республикин векало Дунаева Розас.

Цо дийцрехь, жигархой цхьанакхетар хилира ишта NEOS партин векалшца, цара чIагIо йина Нохчийчоьнна оккупаци йина хиларх хаттар праламентан кхеташонехь айдийр шаьш ду аьлла.

Ичкерин суверенитетан рогIера шо кхачар диаспоран векалша даздарх лаьцна Кавказ.Реалиино йаздира 2020, 2021, 2022 а, 2023 шерашкахь.

  • 1991-чу шеран товбеца-баттахь дIайаьхьначу Халкъашна йукъарчу нохчийн къоман конгрессан шолгIачу съездехь дIакхайкхийра, Нохчийн Республика Нохчий-Чоь СССР-на а, РСФСР-на йукъа йогIуш йац аьлла. Iедалан цхьатерра ши структура гучуйелира, Москвано гIортор йина Ханна хIоттийна Нохч-ГIалгIайн республикин Лаккхара кхеташо а, дIакъаста лууш хиллачу Къаьмнашна йукъара конгресс а. 1991-чу шеран гIадужу-беттан 27-чохь Нохчийчоьнан президентан харжамашкахь толам баьккхира инарла волчу Дудаев Джохара, 90 процент кхаьжнаш а кхочуш. Дудаевн дуьхьалончаша дIахьедира харжамашкахь харцонаш лелийна аьлла.
  • Нохчийн Ичкерия Республика цхьана а ООН-н пачхьалкхаша-декъашхоша къобал ца йира. ХIетте а, 1977-чу шарахь Оьрсийчоьнан президенто Ельцин Бориса куьг йаздира ЧРИ-н президентаца Масхадов Асланца "Машарх а, Оьрсийчоьнан Федерацин, Нохчийн Ичкерия Рспубликин йукъаметтигийн принципех Бертана". Цхьаболчу эксперташа и барт хилар дуьйзира де-факто Ичкери къобалйарца.
  • 2022-чу шеран гIадужу-беттан 18-чохь Украинан Лакхарчу Радехь сацам бира Нохчийчоь ханна Орсийчоьно дIалаьцна доза ду аьлла. Марсхьокху-бутт бовш Лакхарчу радехь дIахьедира ханна комисси кхуллуш хиларх, чIагIдарехь, цо гIо дийр ду кегийчу къаьмнашна "Оьрсийчоьнан Iазапера бовла" а, Орсийчоьнан Федерацаци йохош а.
  • Украинан агIор тIемаш беш масех лаамхойн тоба йу Ичкерин агIончех вовшахтоьхна. Царех цхьадолу дакъош официалехь Украинан ТIеман ницкъашна йукъадогIуш ду.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG