"Цхьааллин Оьрсийчоь" партин цIарах Дагестанан Халкъан гуламан куьйгалхочун Аскендеров Зауран йоIа – 20 шо долчу Дженнета - Европера йезачу курорташкахь аьхке йаьккхина шен доттагIашца цхьаьна. Цуьнан да тIетайна Украинерчу тIамна, цо йемалйо Малхбузе.
Шен доттагIашца ша цигахь хиларх Аскендеровас дийцина инстаграмехь. Цхьахйолчо хIоттийна иштта депутатан йоI тIехь видео а. Монакохь даьккхинчу зудаберийн суьрта бухахь йаздина ду "даго ма-бохху довдар". Кхечу суьрта тIехь йоьIарий садоIаш бу "Jimmy’z Monte-Carlo" VIP-клубехь.
"Акценты" гIирсан хаамашца, цара йина дуьххьара Аскендерован публикацийн терго, клубехь цхьа стол дIалоцург мах бу 3 эзар евро – йуккъерчу барамехь аьлча, оццул алапа оьцу бархI баттахь болх бича Дагестанан бахархоша. Клубан сайтехь йаздарца, "къаьсттина" шоу-бизнесера нехан а, "супер VIP-персонийн" а меттиг бу и.
Масийттазза Малхбузена критика йеш, Украинера тIом бакъбеш къамелаш дора спикеро Аскендеровс. Цуьнан инициативаца тIемаш бечу меттиге некъаш доцчохь а хехка йиш йолу йиъ машен йахийтина.
53 шо долу Аскендеров 2021-чу шеран гезгамашин-баттера схьа дуьйна – Дагестанан Халкъан гуламан куьйгалхо ву, цул а хьалха Пачхьалкхан Думин депутат лаьттира иза.
- Оьрсийн лаккхарчу даржашкахь болчу хьаькамийн, ницкъахойн, депутатийн бераш, церан дайшна-наношна Украинера тIом бахьанехь дуьхьал йаьхна санкцеш йоллушехь, жигара садоIуш хуьлу дозанал арахьа, иштта Евробертан мехкашкахь а цхьана, хаамбира, церан машанаш теллинчул тIаьхьа The Insider гIирсо.