Масех бутт хьалха Венерчу парламентан кхо депутат Нохчийчу вахаро йоккха гIовгIа эккхийтира Австрехь. Цкъа делахь, делагацин декъашхой берраш а Австрехь шен бусулбачаьрца йолчу гамонца а, кхечу къаьмнийн векалш цабезарца а, доцца аьлча, националистийн хьежамашца евзаш йолчу ФПОь - Маршонан партин векалш бара.
ШолгIа делахь, уьш шаьш Нохчийчу боьлхучу хенахь, низамца догIуш ма-хилара, меттигерчу арахьарчу гIуллакхийн министраллехь шайн некъан Iалашонаш дIайовзийтина а ца баханера, мелхо а, цкъа хьалха шаьш Нохчийчуьра юхабирзинчул тIаьхьа бен шаьш лелийнарг юкъараллина довза а ца довзуьйтуш, баханера. Ткъа цу доллучунна тIе меттигерчу хаамийн гIирсашкахь зорбане девлира Австрерчу депутаташа Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнгара Кадыров Рамзанера цхьа нисделла долу, совгIаташ чудохкий, луш дерг санна долу тIоьрмигаш схьаоьцуш даьхна суьрташ.
Цу доллучо хаамийн гIирсашкахь ира критика гулъйина ца Iаш, меттигерчу парламентехь а, къайлаха санна Нохчийчу бахначу депутаташкара жоьпаш дийхира. Масала, депутаташна Нохчийчохь деллачу тIоьрмигаш чохь хIун яра, я баххане а хIун Iалашо эцна баханера меттигера политикаш, Австрерчу ясакхьялархойн рицкъа а дойъуш, боху хеттарш дара парламентхоша шайн коллегашка динарш.
ХIинца Нохчийчуьрчу парламентан декъашхоша дуьхьал визит йина шайн Австрерчу хьешашна. Социалан политикан комитетан декъашхо Шамсуев Русланний, бюджетан а, банкийн а, ясакхийн а комитетан декъашхо Бердукаев Сайпий вара кху деношкахь Вене нохчийн парламентан цIарх веънарг. Цара цхьамогIа цхьаьнакхетарш дIадаьхьира Венерачу парламентан ФПОь-партин депутаташца.
Масала, мацах Нохчийчу вахана хиллачу Хубнер Йоханнесца а, Карлсберг Андерсца а, Гуденус Йоханца а къамелаш хилира Нохчийчуьрчу депутатийн. Официалан хаамашца, цара тидаме ийцира Альпашкарчу республикан харжамийн система а, цу махкахь низамаш кхолларан а, тIеэцаран а башхаллаш а. Иштта бIешерашкара истори а, Iадаташ а долчу Венерчу парламентан гIишлонна чухула экскурси а йира Къилбаседа Кавказерчу хьешашна, бохуш, дозаллийца хаам бо нохчийн парламентан пресс-службано.
Австрехь хиллачу депутатата Шамсуев Руслана дийцарехь, меттигерчу Iедало билгалдаьккхинера, вайнехан диаспора уггаре а бертахь а, низамаш ца дохош а, дика дешарца а, къахьегарца а коьртах яьллачарех ю, бохург. „Цара тоьшалла дира тхуна, Австрехь бехаш болу нохчийн кегийрхой ишколашкахь а, кхечу дешаран тушпхьанашкахь а вуно дика доьшуш хиларан“, - элира Шамсуевс шайн визитан жамIаш деш.
И хIума тамашена хетало цу цхьанакхетарийн декъахь хилла волчу Гуденуса Йохана, масала, цкъа а шен нохчашца йолу гамо лачкъош ца хилар тидаме эцча а, цо шен цхьана интервьюхь, хIора а пхийттара ваьллачу нохчочун кисинахь лачкъийна доккха урс ду лелош, аьлла хилар дагадеъча а.
Ткъа шайх, Австрехь бехачу вайнехан мухIажирех аьлча, цу махкахь вехаш, тайп-тайпанчу хьостанашца, ткъе иттанера шовзткъа эзарне кхоччуш стаг ву Нохчийчуьра ведда, цигахь тховкIело карийна. Уьш тайп-тайпанатполитикан хьежамаш болуш хилар гойту, масала, Австрехь Нохчийчуьрчу Iедалшна дуьхьал хилла Исраилов Iумар Нохчийчуьрчу Iедалшна муьтIахь болчу зуламхоша Эдилов Рамазаний, Ешаркаев Турпал-Iелассий, Дадаев Муслимий вийна хиларо а.
Иза гойту иштта дуккхаъ шерашкахь Австрехь вехаш хилла, ша Имарат Кавказан векал ву а бохуш, Бараев Мовсаран да,Бухари, карарчу хенахь Нохчийчу юха а вирзина, ша Iедалан муьтIахь хилар телевизионехула дIа а кхайкхийна, Iаш хиларо а. Изза гойту иштта масех шарахь Австрехь ваьхна хилла Нохчийн Республикан Ичкерин муфти а лаьттина, шозлагIа тIом болучу муьрехь Ичкерехь гIазот дIакхайкхина хилла волу Тевсиев Бай-Iела а, цIа а вахана, телевизионехула ша лелийнарг емалдеш, ша шена тIекхайкхинчул тIаьхьа, Соьлжа-гIаларчу коьрта маьждигехь имам хIоьттина хиларо а.
Иштта карарчу хенахь Австрехь бехаш болу мухIажираш а бу яьржина ойланаш йолуш. Цхьаберш цIабаха лууш, цIехьа хьоьжуш, амма кхоьруш, ладоьгIуш Iа. Ишттачарна шаьш цIаберза а, цIахь дIатарбала а некъаш Iалашбийр бу, аьлла, тоьшаллаш дина нохчийн парламентан депутаташа.
Бакъду, меттигерчу нохчийн мухIажирийн доккхахдолу дакъа, мелхо а, шаьш ницкъаха цIахьажорах кхоьруш, шайн ма-хуьллу, шаьш Австрехь дуьту некъаш лоьхуш лела. Иштачарех дела денна Iитталуш ву вевзаш волу адамийн бакъонашларъярхо Геннер Михаэл. Цо куьйгалла дечу „Азюл ин Нот“ юкъараллин неIара бертехь хIора Iуьйранна гуллуш бу иттанаш Австрехь тховкIело лоьху нохчийн мухIажираш. Цо иштта дуьйцу Нохчийчу мухIахажирш цIехьаберзарца долчу хьелах лаьцна.
Геннер Михаэл: „МухIажарийн тулгIе хьалха хIинцачул йоккха хиллехь а, амма, масала, кхуза хьалха схьабаьхкинчеран гергарнаш, йиша-ваша, хIинца а алсам схьаоьхуш ду. Цул совнаха, политикан хьежамаш бахьана долуш нах хьийзор Нохчийчохь хIинца а долуш ду. Иза иштта дац бахар – иза пропагандин аьшпаш бу, аьтто хьежамаш болчу Маршонан Партин (ФПОь партин) декъашхоша баржош болу, цхьа шайн делегаци цига а яхийтина, цигахь чIогIа хаза а, маьрша а ду, бохуш, чIагIдеш йолчу. Изза аьтто парти ма ю и дуьйцург, Кхаддафи санна болчу диктаторшца гергарло лелийна йолу. Цара дуьйцучух теша мегар дац“.
Юккъера оцу ФПОь партица, иза бусулбачаьрца сел гома йоллушехь, Нохчийчуьрчу Iедалхойн цхьабарт хилар а, цаьрца царна юкъара мотт карор а тамашена хета. ХIунда аьлча, нохчийн Iедалан бусулба дин къизаллин а, акхаллин а дин ду, бохуш, чIагIдеш болчу нахаца хIун гергарло ду теша боху хаттар кхоллало. Политикехь доттагIий ца хуьлу, интересаш йоцург бохург бакъ долчух тера ду. Ткъа интерес Австрерчу националистийн ФПОь партин а, Нохчийчуьрчу Iедалийн а цхьаъ ю, гарехь - нохчийн мухIажираш сихонца цIехьаберзор.