Францерчу Ницца гIалахь бехачу ЭскаевгIеран доьзалера пхи бер Iедало гIадужу бутт бовш дIадаьккхина ду. Амма юкъараллехь, уггаре а хьалха, Малхбузехь бехачу нохчашлахь цунах лаьцна коста кху деношкахь бен ца даьржина, хетарехь, кIира хьалха Норвегехь цхьана кхечу нохчийн доьзалера 4 бер Iедало дIадаккхарца доьзна IалагIож яржарца доьзна.
Ала догIу, доьзалера Iедало бераш дIадахар муьлхачу а бахьанца иза хиллехь а, дена-нанна а, уггаре а хьалха цу дIадаьхначу берашна шаьшна а вуно боккха бохам а, къахьо а елахь а, амма ЭскаевгIеран бераш хьукматхоша дIадигар хьастагIа ИбрахIим а, Раиса а цIе йолчу дегара-ненера Норвегехь бераш дIадахарх дикка къаьсташ ду.
Нагахь санна Норвегехь Iедалхойн дас шен берашна етта боху шеко кхоллаеллехь, Францерчу хьукматхоша ЭскаевгIаьргара пхи бер дIадаккхар уьш цу махкахь Iен-баха бакъо луш йолу кехаташ а доцуш, тIехула тIе билеташ а доцуш, цIерпоштица Ниццера Париже баха новкъабевллачехь Iедалхошна гучбовлар ду.
И гIуллакх шен тидамехь латтош волчу Ниццерчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо а, цигарчу маьждиган имам а волчу Магамадов Рамзана Маршо радионе дийцарехь, Iедалхой шайгара доьзал дIабаккха гIертий кхетанчул тIаьхьа церан дас Эскаев Iимрана дуьхьало ян гIоьртина, шен бераш лардан дагахь. ТIаккха цигара полисхоша куьйгех гIоьмаш а тоьхна, лаьцна дIавигна иза. Магамадов Рамзана иштта дуьйцу хиллачух лаьцна.
Магамадов: „Ниццепа Париже баха новкъабаьлла хилла ЭскаевгIера доьзал. ВорхI стаг ву уьш. Кехаташ доцуш, ахчанца аьттонаш боцучу цара билеташ эцна ца хилла. ТIаккха цу тIе ваьллачу билеташ толлучуна гина цаьргахь кехаташ доцийла, цо тIаккха Iедале хаам бина. ЦIеропшта Каннаш гIала кхаьчча цига царна полисхойн дуьхьал бевлла тIаккха.
Iедалан белхалоша и бераш дIадаха гIертийла хиича, да оьгIазвахана хиллачух тера ду, мелла а и бераш дIасаийзош хьал а хилла цигахь, шен дена тIедедда долчу цхьана беран багар церг а яьккхина цигахь. ТIаккха полисхоша и да лаьцна дIавигина. ШозалгIчу дийнахь набахте цунна тIаьхьа яханчу хIусамнене цунна дуьхьал дIахьедар язде аьлла хилла. Цо ша яздийр дац, ша шу кхеле лур ду аьлча иза а лаьцна, чуйоьллина. Ткъа бераш къайладаьхна.“
Францерчу нохчийн къанойн кхеташонан куьйгалхо Гулаев Заурбек а, Ниццера туркх Талхигов Сайд-Мохьмад а, Францерчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо Магомадов Рамзан а волу кху деношкахь цхьаьнакхетар дIадаьхьира хиллачун хьокъехь Ниццехь. Цара цигахь тIеэцна цхьа могIа сацамаш бу, доьзалах къастийначу Эскаев Iимранна гIо-накъосталла муха дан йиш ю бохучух лаьцна.
Уггаре а коьрта сацам вовшахкхеттачара тIеэцнарг – меттигерачу диаспорин ницкъаца ЭскаевгIеран доьзална адвокат лацар ду. Цул совнаха, Францехь а, Европехь адамийн бакъонаш ларйаран цхьаьнакхетараллашка а, берийн бакъонашларйечу хьукматашка а кхайкхамаш бан лерина а бу меттигера жигархой, цаьрга ЭскаевгIара дегара-ненера бераш дIадаха бахьана ца хилар а хоуьйтуш, уьш юхадерзорехь гIо-накъосталла даре а доьхуш. Магамадов Рамзана дуьйцу кхин дIа а.
Магамадов: „Тховса адвокаташца а, адамийн бакъонашларйархошца а цхьаьнакхеташ ду тхо, цу доьзална муха гIо дийр дар бохург дийцаре дан. Уггаре а коьрта Iалашо сихонца и берашца дена-нанна юхадерзор ю тхан. Ткъа цул тIаьхьа цу хIуманна бехке Iедалхой доьпалле озор ю“.
ХIинцалца схьа дайшкара-наношкара бераш Iедало дIадахарехь къаьхьа гIарйаьлла Норвегий, Австрий, Германий яра Малхбузехь бехачу нохчашлахь. Ниццерчу юкъараллин жигархочо, цу гIаларчу нохчийн, гIалгIайн ассоциацин куьйгалхо волчу Магамадов Рамзана дуьйцу, хIинца ЭскаевгIеран доьзалца и бохам Iоттабеллачул тIаьхьа вуно дукха вайнах зIене бевлла шеца, шайгар-шайгар бераш дIадаха кхерамаш тийсина хьукматхоша бохуш.
Магамадов: „Кху Францехь хIинцалца схьа кхечу мехкашкахь санна иштта дукха даьржина дацара и хIума. Амма хIинца ЭскаевгIаьрца и бохам баьлча дуьйна схьа тхоьца зIене буьйлучу дукхачу наха дийцина тхоьга, Iедало шайгара бераш дIадохур ду бохуш, кхерамаш тийсарх лаьцна. Массо а зIене мел волург вуно сингаттамехь ву и бахьана долуш“
Цу юкъана, хьастагIа Норвегехь 4 бер дIадаьккхинчу ИбрахIиман, Раисин хьолах кхин къаьстина цкъачунна хIуммаъ дац. Шинари дийнахь хила езаш йолу кхел чекхйаьлча мелла а хийцаяла там бу церан ситуаци. Маршо радионо шен тергонехь латтор ду хьал.
“Маршо Радион” доттагIий, шун аьтто бу тхан Facebook-ерчу аккаунтах пайда а оьцуш, тхан дискуссехь дакъалаца. Шун комменташна модераци ян эшарна, уьш сайтехь жимма тIаьхьо гучуевр ю. Нагахь санна тхоьга яийта шайн видео а, аудио а материалаш елахь, шун аьтто бу иза кху телефонца WhatsApp-e я Viber-e схьаяийта: 420 724 019832