ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Белгехь а, Францехь а лецна Оьрсийчоьнан бахамаш


 Франци -- Кхелийн сацаман сурт.
Франци -- Кхелийн сацаман сурт.

2014-чу шеран товбеца баттахь ХIаагерчу экономикан къийсамаш толлучу кхело 9 шарахь дахделлачу „ЮКОС - Оьрсийчоьнна дуьхьал“ цIе йолчу девна кIела тIадам хIоттийра.

Кремло ЮКОС мехкадаьттан кампани хIаллак а йина, цуьнан долахойн активаш схьа а яьхна, кхечарна дIасаекъна хилар дара цу девнехь къастош, эххар а даханчу шарахь ХIаагерчу кхело Оьрсийчоь ЮКОСАна 50 миллиард доллар компенсаци ялар тIедожорца дирзина долчу.

Кхета хала дацара, Оьрсийчоьнан Iедало и инзаре дукха ахча такха долор доцийла бохучух, кеста заманчохь-м муххале а. Цундела Малхбузерчу ЮКОСан адвокаташ керла некъ хаьржина, шайн Iалашоне кхача. Цара Европерчу пачхьалкхашкахь Кремлан долахь болу бахамаш лацийта а, уьш аукционашкахь дIа а бухкуш, схьаэцна долу ахча шайн мандантана дIатакхийта дагахь бу. Шайн Белгерчу арбитражан кхеле бинчу латкъамехь ЮКОСан векалша яздинера, шайн „кхерам хила бахьана ду, шаьшна кхелаца схьадала сацийта долу ахча схьалур ца хиларх, Оьрсийчоьнан Федерацино шена дуьхьал бина болу кхелан сацамаш кхочуш бан ца тикарна а, цуьнан цу кхелан сацаме болу хьежам бевзаш хиларна а“, аьлла.

Кхелан сацамца шайн карара Оьрсийчоьнан Федерацин бахамаш а, Оьрсийчоьнан хьалха шайн декхарш а Белгерчу Iедале ши кIира далале дIахаийта декхарийлахь йина массо а цу пачхьалкхара оьрсийн банк, массо а фирманийн я кампанийн филиалаш а, Белгера оьрсийн ортодоксан килсий, цу килсан архиепискапаллий, Евроконтрол цIе й олу кампани а, масех хаамийн гIирс а, доцца аьлча, дипломатийн иммунитетаца ларйеш йолу векалташ дIаяхчахьана массо а Оьрсийчуьра орамаш мел долу кегийра а, яккхийра а бизнес-структураш.

Изза хьал ду Францехь а. Цигарчу кхелан приставаш иштта кхаари дийнахь долийна, Оьрсийчоьнан долара бахамаш шайн махкахь багарбар. Цхьа могIа оьрсийн яккхийчу кампанийн банкашкара чоташ гIорийна кхелан сацамца.

Сахьт дац Францин, Белгин кхелийн масалашца иштта кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а, ЮКОСан латкъамашца Оьрсийчоьнан бахамаш лийца болон. Уьш, и бахамаш, Европехь комаьрша болуш а хилча, яккхийчу гIаланийн угагге а механа езачу а, Iер-вахарана сийдолчу а кIошташкахь офисаш а йолуш. Иштта, масала, Берлинера уггаре а квадратан метр еза юхкучу Фридрихштрассехь лаьтта инзаре йоккха кIайн тIулгах йоьттина гIишло, „Оьрсийн кхерч“ аьлла цIе а йолуш.

Дийна цхьа квартал дIалаьцна лаьтта и гIишло Оьрсийчоьнна шийла тIом болучу хенахь, Германи шине декъе екъна хиллачу заманера йисина ю. Иштта массо а аьлча санна йоккхачу оьрсийн кампанийн а, банкийн а филиалаш а ю цигахь. Даханчу шарахь ХIаагерчу кхело шен сацам тIеэцча дуьйна кест-кеста ойъуш ду Германерчу хаамийн гIирсаша, немцойн махкара оьрсийн бахамаш лаца маца долор ду боху хаттар а.

Девзаш долчу Шпигел журнало яздира, и бахамаш лийцар еккъа цхьа гIишлош я банкийн чоташ лацарца доьрзуш дац, лаца йиш ю иштта Аэробус кеманийн парти, уьш оьрсийн пачхьалкхан Аэрофлот авиакампанино оьцуш делахь. Я Мерседесийн парти лаца а йиш ю, нагахь санна уьш оьцуш ерш оьрсийн пачхьалкхан структураш елахь, бохуш.

Шайн рогIехь, Оьрсийчоьнан официала векалша шаьш Белгерчу а, Францерчу а кхелийн сацамашна дуьхьал апелляци йийр ю аьлла дIахьедарш дина. Экономика кхиоран министр волчу Улюкаев Алексейс РБК телеканале элира, ша цу кепарчу Малхбузерчу кхелийн гIулчех цецваьлла вац, иза хила там буйла шайна хууш дара, аьлла. Оьрсийчоьно цу сацамна дуьхьал латкъам бийр бу элира цуо.

Дерахо вистхилира Оьрсийчоьнан ЦIерпоштанекъаш концернан куьйгалхо Якунин

Владимир. Оццу телеканало шега Европехь Оьрсийчоьнан бахамаш лийцарх хаьттича, „идиотех лаьцна ала сан хIуммаъ дац“, элира цуо.

XS
SM
MD
LG