Школана тIелатар динчул тIаьхьа Францино пачхьалкхера арабаха тарло радикалан хьежамашца бу аьлла, шайн тептаршкахь хилла нах. Бу царлахь нохчий а, кавказхой а. Цунах лаьцна BMF TV каналан эфирехь дIахьедина чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда.
Францхойн МВД-н тIедиллина президента Макрон Эммануэль радикалан ислам лелош хилла "S тептарехь" волу кхузткъа гергга стаг махкара араваккха аьлла, билгалдаьккхина министро. Цо бахарехь, Iедалхоша кест-кеста депортаци йо "къаьсттина кхераме" хила тарлучу нахана.
ГIадужу-беттан 13-чохь Аррас гIалахь дина тIелатар: вийра хьехархо, чевнаш йира кхин а кхаа стагана. Шеконашкахь ву - ГIалгIайчуьра Могушков Мохьаммад (хьалхо Iедалхоша хаамбира иза Нохчийчохь вина во аьлла).
Францихь полисхойн тергонехь хиллера иза, "S тертаре" йазвинера радикалан ислам лелош ву аьлла, чIагIдо Le Figaro гIирсан хьасташа. BFM TV канало хаамбо, бехкехетарг – оцу школехь дешна ву бохуш. ТIелатале хьалха мохь бетташ хиллера цо "АллахIу Акбар" бохуш.
2003-чу шарахь баьхкина МогушковгIар Франци. Ши шо даьллачул тIаьхьа Iедалхой дагахь хиллера царна депортаци йан, амма мухIажаршна гIо ден организацеш бахьана долуш, "тIаьххьарчу минотехь Iадбитира" уьш, йаздо канало.
20 шо долу Могушков кхоьлина хуьлура даим а, гуттар а дас ницкъбеш хиллера цунна доьзалехь. 2018-чу шарахь Францира араваьккхира церан да, билгалдоккху Le Figaro гIирсо. Цуьнан воккхаха волу ваша лецира 2017-чу шарахь, цунна чохь даккха пхи шо туьйхира, террорхойн йукъараллехь дакъалацарна. "Исламан пачхьалкх" олучу тобанна пропаганда йеш хилера цо.
Школана дина тIелатар бахьана долуш мел лахара а лаьцна полицихь латтош ву 10 стаг: ша Могушков а, цуьнан ши ваша, нана, йиша, деваша а, иштта, хетарехь Беларусера волу кхин а ши стаг. ТIелеттачун зIе хилла боху цаьрца.
- Францин чоьхьарчу кхерамзаллин Коьртачу урхаллин тергонехь хиллера Могушков. Еарин дийнахь, тIелатар дале хьалха, цунах таллам бина а хиллера, амма полицин шеко ца тусайелира.
- Францин чоьхьарчу гIуллакхийн министро Дарманен Жеральда дIахьедина, "Гергарчу Малхбалера хиламашна а, Аррас гIалара школана тIелатар дарна а йукъахь зIе" йу аьлла.
- 2020-чу шеран гIадужу-беттан 16-чохь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Ша веле хьалха дешархошца дешан маршонах дуьйцучу цо, Charlie Hebdo журнало Мохьаммад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтинера. Ша къамел доладалале хьалха цо аьлла хиллера, классера бусулба бераш арадовла мегар ду, нагахь санна, и карикатураш шайна товш йацахь аьлла. Нохчийчуьра вахархочунна Анзоров IабдуллахIана Пати вевзаш ца хиллера, амма цунна гинера цунна луьйш дIайазйина видео. Хьехархочо болх бечу колледжна улло а веана, иза аравала ларвина, цунна лечу метте урс тоьхнера цо. Анзоровна герз туьйхира францхойн полисхоша, иза лоцучу заманчохь. Нохчийчохь дIавоьллина ву иза.