ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францхойн Перпиньянехь герзаш деттарна тIехула ши нохчо лаьцна


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Стохка марсхьокху-баттахь Францин къилбера Перпиньян гIалахь герзаш диттина хилла аьлла, шеконашца лаьцна ши нохчо – хIетахь 17 шо долу кхиазхо вийра, шолгIаниг маьждигехь лачкъа гIоьртинера, амма чевнаш йинера цунна а.

Цхьахйолчу версица, тIелатар нисделлера наркотикаш йухкучу тобанашна йукъахь даьллачу девна тIехула, хаамбира регионалан L'Indépendant хьосто. Къаьстина, кегийрхойн тоба гулйеллачу кафена хьалха масех машен йеара, цхьахйолу машенара охьавоьссинчу цхьаммо герз диттинера. Цул тIаьхьа къайлаваьллера иза шен накъосташца, зулам динчу меттехь, тоьпаца а, тапчаца а кхуьсу 22-чу калибран патармаш дуьтуш.

Верриг а оцу гIуллакхна тIехула лецира ворхI стаг. Хууш дац, царех мила ву герз кхийсинарг. 35-41 шераш долчу лаьцначу шина нохчочух хаам бина, и шиъ Перпиньянан вахархо хилар. Карарчу заманчохь цу шиннах шеконаш йу, тIелатар кечдеш дакъа а лаьцна, зулам дечу меттигехь а хилла ву бохуш.

  • Нохчийчуьра Диресов Асламбек вийра Бельгин Льеж гIалахь 2021-чу шеран оханан баттахь масех иттаннашкахь нах тIе а летта. Талламчийн хаамашца, бейсболан гIожмашца а, мел кIезиг а, цхьана автоматца а тIелеттарш курдаш хиллера. Оцу инцидентал а хьалха дов иккхина хиллера нохчочунна а, курдана а йукъахь, хIетахь чевнаш йинера бензин дуттучу станцин долахочунна а, АЗС-н клиентана а. Хеттарш дан валийнера кхо курдо, уьш бевзинера автосерсиехь хIоттийначу видеокамераша дIайаздинчуьнца. Иштта лецира хеттарш дан 28 нохчо а. Диресов дIавоьллира Нохчийчохь.
  • 2021-чу шеран зазадоккху-баттахь Францехь 1500 сов стаг аравелира нохчийн диаспораца нийсо лелор доьхуш. Акци хIоттаран бахьана дара Рен гIалахь зазадоккху-беттан 17-чохь Нохчийчуьра схьаваьлла 23 шо долу Лабазанов Хьамзат вер. "Наркотикаш юхкучийн къестамаш" бу хиламна бухехь, бохура полицино, ткъа вийначун гергарчара бохам буьйзира Лабазанов ша вехачу цIа чохь наркотикаш ца йохкийта хьовзарна дилерша бинчу бекхамца.
  • 2020-чу шеран гезгамашин-баттахь, Парижана 96 километар гена йолчу францхойн Эвре гIалахь дов даьллера Нохчийчоьнан а, Африкин а бахархошна йукъахь, ГIалгIайчуьра Евлоев Ахьмад вийра оцу инцидентехь.
  • 2020-чу шеран аьхка Францерчу Дижонехь масех дийнахь девнаш лаьттира Нохчийчуьра а, Къилбаседа Афикера а бахархошна йукъахь. Бахьана дара мангал-беттан 10-чох 16 шо долчу нохчийн кхиазхочунна дина тIелатар. Дижонера хиламаш бирзича Нохчийчуьра шина вахархочунна бехкаш дехкира, вовшашца барт а бина, чолхе тIаьхье йуьтуш, ницкъабрна. Францихь бехачу Нохчийчуьра бахархоша дуккха а аьрзнаш дира Ниццан мэрна, шаьш меттигерчу наркобизнесца дузуш цо къамел дарна. Оцу бахьаница тIаьхьо полице кхайкхийра мэр.
  • 2018-чу шарахь Парижан кхело 20 шо кхайкхийра набхтехь даккха Нохчийчуьра вахархочунна Берсанов Русланна. Иза бехкевира, 2011-чу шарахь францхойн Вильпентехь оьрсийн бизнесхо Ланин Михаил верна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG