ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Францихь итт гергга нохчо лаьцна, хаамбина меттигерчу зорбанаша


Парижера полисхой, гайтаман сурт
Парижера полисхой, гайтаман сурт

Радикализацина бехкевина нохчийн диаспорин 10 гергга векал лаьцна Францихь стигалкъекъа-беттан 28-чохь, хаамбина меттигерчу France 3 телеканало. Цуьнан хаамашца, ницкъахоша йоккха операци дIайаьхьна масех гIаланашкахь, иштта Реймсехь, Страсбургехь, Тулузехь.

Лецначийн цIераш хууш йац. Царех цхьаъ, France 3 телехьожийло чIагIдарехь, воьзна ву хьехархо Пати Самюэль верца. Кхечу хаамашца, хIара информаци тIаьхьа тIе ца чIагIйира, ткъа талламбар доьзна хила тарло бакъо йоцуш белхаш барца а, адамаш а, герз а дохкарца.

Официалехь Францин полицино рейдаш хиларх хаамна комментарий ца йина.

Францихь вехачу Ичкерин векало Албаков Шемала йемалбира нохчий лецарх зорбанаша баржийна хаам.

"ХIоразза а, нохчех схьабевлла нах лоьцуш, йоллу йукъаралла бехкейо радикализацина. ХIокху дуккха а шерашкахь и харцо йу оха тхайна тIехь ловш, нийсо а йоцуш, массо а бехке веш, дозанаш доцуш дийцарна", - дIахьедира Албаковс.

  • 2020-чу шарахь Парижана гена йоццучу меттигехь вийра историн хьехархо Самюэль Пати. Зулам динера 18 шо долчу нохчочо Анзоров IабдуллахIа, лоцучу хенахь вийра иза. ТIаьхьо жимчу стеган дакъа Нохчийчу дIакхачийра, цигахь вазвина Iадаташца лаьтте кхводийра иза. Йуьхьанца дуьйцура, литературин урокехь Мохьмад Пайхамарна йехкина карикатураш гайтарна Пати вийна бохуш. Делахь а тIаьхьо къаьстира, цунах лаьцна хаамбинчу йоIа харцдерг дийцина хиллий.
  • ГIадужу-беттан 13-чохь Аррасера школехь уьрсаца кхин а цхьаъ тIелатар дира. 57 шо долу францхойн меттан а, литературин а хьехархо Бернар Доминик вийра, кхин а кхаа стагана чевнаш йира. ТIелеттарг лецира – ГIалгIайчуьра вахархо Могушков Мохьаммад.
  • Нохчийчуьра бахархошна арахь такха хенаш йиттира кху шеран зазадокху-баттахь нускал далош богIучу хенахь кхераме машенаш хехкарна. Париж а, Бордо а цхьаьнатуху пачхьалкхера уггар а боккха некъ дIалаьцна хилла цара.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG