ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ФСБ-н агентан агIонча хила тарло Forbes тептарера декъашхочун хIусамда-нохчо - зорбанаш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Оьрсийчоьнан уггар а хьал долчу бизнесхойх хIоттийначу тептаран декъашхочун Белявцева Ольгин цIийнда Мизаев Виса бехкевина Германин федералан прокуратуро немцойн талламхойн белхахочунна вербовка йарна, дIахьедина Свобода Радионо Der Spiegel журналана тIетевжина.

Германин федералан талламхойн урхаллин белхахочун Линке Карстенан хила тарлучу агIончех, Оьрсийчоьнехьа шпионажалла лелорна шеконаш кхоллайеллачух лаьцна шуьйра информаци зорбане йаьккхина журнало. ГIирсана хетарехь, ву бохучу Оьрсийчоьнан агентаца контакт хилла Мизаевн. Хаамаш гучубаьхна Линкен ву бохучу агIончан мукIарлонна тIехь – Оьрсийчуьра орамаш долу Германин бизнесхо Эллер Артур ву иза. Шеко йолчийн юьззина цIераш гучу ца йоху Der Spiegel-о, делахь а, хьалхо кхечу зорбанан гIирсашкахь йовзийтира церан фамилеш.

Der Spiegel журналан материалаш юкъарчу йозанашца, Эллера талламчашна ма-дарра дийцина Мизаевца шен хиллачу цхьаьнакхетарех. 2020-чу шеран гIадужу-беттан 24-чохь вевзинера и шиъ Москварчу ЦIечу майдана уллорчу Ritz-Carlton хьешан цIийнехь. Малхбузен къайлахчу сервисийн хаамашца, Мизаевс доттагIаллин уьйраш латтайо ФСБ-н лаккхарчу цхьахволчу дарждхочуьнца. ФРГ-н йахархо йалийнера цо хьалхо, Германин ВНЖ а йара цуьнан. Талламчашна къаьстина Мюнхенна гена йоццучу Эрдингехь цо регистраци йина меттиг а. Ресурсан хаамашца, Карибан хIорда тIерачу Британин хиллачу колонийн цхьахйолчу меттинехь вахархо а ву иза.

2022-чу шеран марсхьокху-баттахь Линке цхьаьнакхеттера Мизаевца Баварин Вайльхайм гIаларчу Pöltner Hof отелехь. Оцу цхьаьнакхетарехь вара иштта Эллер а, ФРГ-н армин хилла салти, "Альтернатива доля Германии" радикалан-аьтту партин функционер а.

Мизаев тешна вара, Линкен гIоьнца Эллера гуттаренна а Германихь ваха ВНЖ шена йоккхур ю аьлла. ЧIагIдарехь, Африкерчу шен бизнесехь дакъалоцуьйтур ду Эллере аьлла, мах хIоттийнера Мизаевс и гIуллакх дийриг. Цуьнан дехарца Эллерна иштта кхечира Линкера, Евробертан санкцешна бухахь нисбеллачу Оьрсийчоьнан бахархойн тептарш а.

Кхо кIира даьллачул тIаьхьа, чIагIдарехь, Эллер дIакхайкхинера цо Берлинерчу ресторане, цигахь вовзийтира шен коллега Филлип. Немцойн иччархойн белхан телефон а, белхан псевдоним а йелира Эллерна. Къамел кхин дIа дIадаьхьира цара казинохь, цул тIаьхьа Берлинерчу "Артемис" борделехь.

2022-чу шеран гезгамашин-беттан 12-чохь Эллер, Линке, Мизаев вовшахкхийтира Баварин Штарнбергер-Зе Iома йистерчу ресторанехь. Хетарехь, оцу хеначохь йина вербовка немцойн иччархойн белхахочунна, йаздо Der Spiegel журнало.

Ши кIира даьлча Эллерца зIене велира Линке. Баварин Пуллахе гIаларчу Германин иччархойн урхаллин спортан майданахь хиллачу цхьаьнакхетарехь бизнесхочунна таблицаш тIехь конверт делира цо. Spiegel журналан хаамашца, юьйцург ю "ЧВК Вагнеран" Африкехь а. Украинехь а болчу йолахойх лаьцна къайлах информаци.

2022-чу шеран гезгамашин-беттан 23-чохь Истамбулехула Москва веара Эллер кеманца. Цигахь ФСБ-н агенташца цхьаьнакхетарш а хилира. ШолгIа уьш вовшахкхеттачу заманчохь хеттаршца кехат делира цара кхуьнга, иза цо Линке дIакхачийра къайлайаьккхинчу мессенджерехула. Американ залпан HIMARS системаш йолчу меттигех а, немцойн ПВО "Ирис-Т" комплекс Украине муха дIакхачор ю а информаци хаа гIиртинера Москва агентехула. Информацин цхьа дакъа бен кхочур дацара вукхуьнга, цул тIаьхьа, чIагIдарехь, масех бIе эзар евро чохь долуш конверт кхечира цуьнга.

2022-чу шеран гIуран-баттахь Эллер лецира Германи чуван гIертачу хенахь аэропортехь. Мизаев маьрша ву. Der Spiegel журналан хаамашца, Шишкин Олеган цIарах кехаташ ду цо лелош. Цуьнан хIусамненан бахам, оьрсийн Forbes журналан лараршца, 600 миллион долларш ду. Материал зорбане йоккхучу хенахь Мизаевн хIусамнанас хаамах лаьцна комментарий йина йац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG