ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"ФСБ-н гIожан система": гIалгIайн батIалхьажойн вежараллин гIуллакхехула керла нах лецарш


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къайлахчу сервисийн белхахоша лаьцна ГIалгIайчуьра Лакхарчу а, кIоштийн а хилла суьдхой, иштта батIалхьажойн динан вежараллин декъашхо а. Белхороев БатIал-Хьаьжин кланаца боьзна керла нах лецаран бахьана ду – ФСБ-на а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна Кадыров Рамзанна а дуьхьал латтар. Оцу йукъанна къайлах сервисаш лела "гIожан системин" гурашкахь, элира Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Билгалдаккхар: батIалхьажой – ГIалгIайчуьра динан тоба йу, цуьнан декъашхоша шаьш лору XIX–XX –чу бIешерашкахь ваьхначу суфийн шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхье. ГIалгIайчуьра уггар дош лелачу а, уггар къевлинчу а тобанех йу иза, батIалхьажойн вежараллина йукъахь 20 эзар гергга стаг ву. БатIалхьажо хила йиш йу дуьненчу воллучу хенахь, ткъа оцу тобана йукъара ваьлларг тоххара вуьйш Iедал дара. 2019-гIа шо кхаччалц регионехь дош лелара батIалхьажойн, дуьйцура хIетахь мехкан урхалхо хиллачу Евкуров Юнус-Бекаца церан уьйраш йу бохуш а, регионан социалан-политикан структури йукъа бахка уьш кийча а бу бохуш. Оцу йукъанна вежараллин декъашхой бехкебо даккхийчу зуламашна.


Зазадокху-беттан 28-чохь ФСБ-н белхахоша дIакхайкхийра ГIалгIайчуьра Лакхарчу кхелан суьдхо Бойчук Сергей а, Магасан кIоштан хилла кхелахо Аушев Мохьмад а лацарх. Талламан версица, батIалхьажочо Картоев Адама кхаъ белла хилла царна, цул тIаьхьа вежараллигахьа цхьа могIа царна оьшу сацамаш бина а хиллера.

Аушев лецира ГIалгIайчохь, Бойчук- Краснодарехь, Картоев – Оьрсийчоьно оккупаци йинчу украинхойн Луганскехь. Къайлахчу сервисийн хаамашца, тIаьххьарниг цигахь цхьатерра гIишлошйаран бизнес а, тIеман гIуллакх а лелон дагахь хилла.

Берш тхайнаш чубухкучу хенахь – уьш а чубоьхкира

"Коммерсанто" хаамбарехь, Картоевн ООО "Техстрой" фирмо кечйеш хилла ГIалгIайчохь парковкаш. Талламна хетарехь, 2021-чу шарахь 600 эзар сом доьху машенаш дIахIиттон меттиг совгIатна йелира Картоевс суьдхочунна Аушев Мохьмадна, цул тIаьхьа дехар динера, берийн порнографи кечйеш, и йухкуш хилла аьлла, таIзар дина шен вешин кIант "кIелхьарваккха" аьлла. Шена догIучунна Аушевс дехар динера Лакхарчу кхелан суьдхочуьнга Бойчуке, цо бира царна оьшшу сацам. Эххар а набахтехь хан токхуьйтучу меттана пачхьалкхана белхаш дар тIедожийра бизнесхочун гергарчунна.

БатIалхьажойн тобанан (БОБР) лаамхо вара Картоев Украинехь, цо дакъалоцу Украинаца болчу тIамехь "Ахмат" спецназа йукъахь, дуьйцу 2014-чу шарахь дуьйна Американ Цхьанатоьхначу Штаташкахь вехачу вежараллин цхьахволчу декъашхочо Белхароев Iабдуллас.

Къамелдечо бахарехь, 2017-2021-чу шерашкахь Картоевс йаккхий гIишлош йора ГIалгIайчохь, бакъо йоцуш лоьлхуьйтурш дIайехкина латтийна аьлла иза лаццалц. "Коммерсантан" информацица, кхелахоша ваьккхира иза а, цуьнан да а – лаххара хенаш тоьхна, дукха ца Iаш маьршаваьккхира и шиъ.

Оккупаци йинчу Луганскехь лаьцна Картоев Адам (хьалха лаьттачех аьтта агIор) на переднем плане справа). Фото: скриншот с аккаунта БОБР
Оккупаци йинчу Луганскехь лаьцна Картоев Адам (хьалха лаьттачех аьтта агIор) на переднем плане справа). Фото: скриншот с аккаунта БОБР

Картоев а, кхинболу батIалхьажой а лийцира ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало латточу Центран (ЦПЭ) куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верца доьзна нах лоьцучу заманчохь, чIагIдо Белхароевс: "Берш тхайнаш чубухкучу хенахь – уьш а чубоьхкира. Дукха хьолахь ницкъахоша тхайчарна гранаташ туьйсу, и бехк тIелацахь кIезиг хан тухур йу олий. Оцу кепара хьалха а арабохура уьш, ткъа тIаьхьа, ЦПЭ-ца йоьзначу пабликаша, дуьйцура, суьдхочо Аушевс уьш дIахецна бохуш. ХIинца Аушев а лаьцна-кх".

БатIалхьажойн вендетта

2018-чу шарахь вийра батIалхьажойн цхьахволу хьалханча Белхароев ИбрахIим. Цул тIаьхьа кIира даьлча тIелатар дира ЦПЭ-н куьйгалхочунна Эльджаркиев ИбрахIимна. ХIетахь лакхара полисхо дийна виссира, делахь а 2021-чу шарахь цунна а, цуьнан вешина а герзаш диттира Москвахь. Талламан коьрта верси йара батIалхьажоша бекхам бина хила тарло аьлла, уьш байъина аьлла шеконашка эцначу коьртачех Картоев Къурейша бакъдира и бахьана.

ГIалгIайн "Э" Центран хьаькаман меттиг дIалецира цуьнан вукху вашас – Эльджариев Ахьмада, ткъа дош лелаш хиллачу батIалхьажошлахь – баккхийчу бизнесхошлахь а, политикашлахь а талламаш болийра. 2023-чу шеран охан-баттахь ФСБ-но террорхойн организацийн тептаре йаьккхира "БатаIалхьажойн тIеман тIам" тоба. Шаьш хIаллакбар аттачу даккха дина хIума ду и элира батIалхьажоша.

БатIалхьажой лоьцуш, церан хIусамех хьуьйсуш, уьш леца болийначул тIаьхьа Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана церан агIо лоцуш видеокхайкхам бира. Цул тIаьхьа дукха ца Iаш оцу кланан декъашхоша дIахьедира, Украинехь тIемаш бечу "Ахмат" спецназа йукъахь шайн БОБР аьлла тоба вовшахтоха лаам бу шайн аьлла.

"Тхоьгахьа гIо доккхуш Кадыров вистхиллачул тIаьхьа лецарш а, талламаш бар а дикка лахделира", - элира вежараллин декъашхочо Белхароев Iабдуллас.

Керла лецарш?

Чиллан-беттан 16-чохь БОБР декъо видео йаржийра, Украинера дIалаьцначу Луганскан кIоштахь дIайазйина. Цу тIехь гуш ву "Ахмат" спецназан эскархошна йукъахь Картоев Адам. Оцу ролика тIехь цхьаммо боху, Картоев оцу "декъехь волу дукха хан цу". Цо бахарехь, Адама а, цуьнан вашас Исмаила а "Ахматна" совгIатна итт УАЗ машен йелла.

Цул тIаьхьа цхьа бутт ахбутт баьлча лецира Картоев. ХIетахь дуьйцура кхин а цхьа батIалхьажо лацарх – 43 шо долу Олигов Мовла. Иза бехке хета меттигера вахархо Падиев Башир верна: 2020-чу шарахь цуьнан машенна тIе герз диттинера ГIалгIайчуьрра Яндаре эвлана гергахь.

Йеххачу заманчохь лечкъаш лийлира Олигов, делахь а ницкъахошна схьакарийра иза оцу кепара кхин а стаг вийча 2023-чу шеран гIуран-баттахь, билгалдоккху "Известия" газето. Кавказ.Реалиин редакцин хьасташа бахарехь, вуьйцург ву Арапиев Адам – цуьнан машенна герзаш диттинера Сурхахи эвлана уллохь. БатIалхьажойн вежараллина йукъахь вара иза, амма пхи шо хьалха цу йукъара араваьллера иза. "Сапа Кавказ" телеграм-канало билгалдаккхарца, шайн хиллачу накъостана бекхам бан сацам бинера батIалхьажоша, автомат йиттинера цунна.

Белхароев Iабдуллас тIечIагIдо Арапиев – йахначу заманчохь батIалхьажо хилар, амма тIе ца дуьту, иза верна бехке шен вежараллин декъашхой бу бохург. Оцу йукъанна, цо дийцарехь, Олигов а ву БОБР-н декъехь хилла.

Полисхо верна геч ца дина

Кадыровс батIалхьажойн агIо лаьцнашехь, Арапиев вийначул тIаьхьа итт сов вежараллин декъашхо лецира, дуьйцу Белхароевс. Цуьнан дешнашца, керла нах леца болор къайлахчу сервисашна а, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна а дуьхьал довлар ду. Кадыровхошна совгIатна машенаш йеллачул тIаьхьа къайлахчу сервисаша тидам бира Картоевн, аьлла хета Белхароевна.

ГIалгIашна дуьхьало латтош Iар гIолехь ду Нохчийчоьнан урхалхочунна, шен къомана мобилизаци йан бахьана и долуш санна, аьлла хета бакъоларйарна "Мемориал" центран кхеташонан декъашхочунна Черкасов Александрна. Оцу маьIнехь батIалхьажойн проблемаш цунна – совгIат ду, тешна ву къамелдийриг: "ФСБ-но пайдаоьцу вежараллех "гIожан чоьт" йеш, амма тамаш бу-кх, уьш цунна дуьхьал бовлахь. Цуьнан логикаца и догIуш дацахь а, пачхьалкхехь коьртаниг – тIом бу".

ФСБ-но пайдаоьцу вежараллех "гIожан чоьт" йеш, амма тамаш бу-кх, уьш цунна дуьхьал бовлахь

"Ахмат" спецназан буха тIехь БОБР дакъа кхоллар Кадыровна а, батIалхьажошна а пайден дара, аьлла хета гIалгIайн йукъараллин гIуллакхдархочунна, шен цIе йаккхийта дуьхьал хилира иза Оьрсийчохь репрессеш лелош хиларна. Цуьнан хьесапашца, и тоаме дац, царна лаккхара полисхо верна а, ГIалгIайчоьнан дозанаш тIехь зуламаш дарна а гечдан.

"БОБР йукъара масех иттаннашкахь нах тIамтIе бахар, - иза йеккъа цIена пиар-акци йу. ФСБ-хь а ма йу изза бюрократи, йоллу пачхьалкхехь а санна, нагахь санна "фас" аьлла, царна омра динехь, иштта атта тIаьхьара бевр бац уьш. Политикан лаам а, лаккхара дина чIагIо йолу омра а оьшу цунна. Тидамера даккха мегар дац, батIалхьажошлахь билггал низамна хьалха бехкеберш а хилар. Цундела нах кхин дIа а лоьцур болуш бу", - дерзийра къамелдечо.

  • Стохка чиллан-баттахь кхелан сацамца къайлахчу сервисаша террорхойн организацийн тептаре йаьккхира "БатIалхьажойн тIеман тIам" тоба.
  • Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнца Кадыров Рамзанца уьйраш хиларца а бевзаш бу батIалхьажойн векалш.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG