Маршо Радионо комментаторца Фуллер Элизабетица дийцаре до кху кΙиранах Къилбаседа Кавказехь тергаллуш хилла керланаш.
Хьакъ доллуш министр ца хили Тамаевх
Я лакхара дешар деша а, я дахар ма-дарра Ιовша а кхиина воцу 23 шо долу Тамаев Ιаьрби министр хΙоттош, Кадыров Рамзана аьлларг дара, «ас инстаграмхой вовшахтоха аьлча, жигара гΙаьттинарг Тамаев Ιаьрби вара, хΙинца цо и шен жигаралла халкъаний, Ιедалний юкъахь зΙенаш латточу министран дарежехь гойтур ю».
Инстаграм – интернетехь сурташ даржаде гобаьлла маша бу, цу чу шен кхетамца а, шен гΙиллакхашца а догΙуш, доьзалан а, доттагΙийн а, шен дахаран а тоьшаллаш тардо Кадыров Рамзана. Оцу сурташна гонаха Кадыровна товш болу мах хадош, дΙагулло дуккха а нохчийн кегийрхой. Царех хаьржира цо, керла министралла а кхуллуш, жимха Тамаев Ιаьрби а.
Амма Тамаевс шегара цкъачунна Ιаламаташ ца дилийтина, гарехь. Оршотдийнахь Тамаевца а, цуьнан гΙовсаца Вахидов Ιилманца а къамел деш, "юхьанца Ιаьрбис гайтина эвсаралла йоьжна, со реза вац шун балханна, бутт хан ло ас, хьал то ца лахь, даржера дохор ду, шун метта хьакъ дерраш а хΙиттош," -бохура Кадыровс.
Юхьанца дуьйна кхеташ дара, аьлла хета комментаторна Фуллер Элизабетина, бахархошца зΙенаш латтаен министралла хьашт йоцийла. Цо бахарехь, махкахь низам латтор тергонехь кхобучу Оьрсийчоьнан президентан векалан а, парламентерчу юкъараллин палатан а болх шегахьа берзабо Тамаевга еллачу министралло.
Фуллер Элизабетина хетарехь, кхин бахьана хила а тарло Тамаевна Кадыров резавацарца.
Фуллер: «Проблема Тамаевна кхоьллина керла министралла наха ахча-бохчанца, хΙусамаш яларца гΙо доьхуш дахкийтинчу кехаташа лаьцна хила а мега. Тамаевс дийцира Кадыров Рамзанна, шен министралло 15 000 кехат дешна, теллина, аьлла. 500 кехат дийнахь нисло, нагахь санна и министралла кΙиранах 5 дийнахь болх беш елахь».
Дозанийн къовсамо ...хан яхйо Умаров Доккин
Шина мехкан дайша, Кадыров Рамзана а, Евкуров Юнус-Бека а, цара мехкийн дозанаш къуьйсу ах шо сов делахь а, хΙинццалц ала доггΙу дош а аьлла, сацийна вац Кремло. Цундела нохчаша а, гΙалгΙаша а олу, Путинна пайде хуьлучух тера ду царна юкъа довдолар.
ХΙинца, таьххьара а, тидаме эцна лакхарчу Ιедалша и конфликт. Иза тидаме дуьллу комментатора Фуллер Элизабетас.
Фуллер: «Эххар а тΙаьхьа дозанаш къуьйсучу Нохчийчоьний, ГΙалгΙайчоьний юкъайоьлла конфликт тидаме эцна федералан Ιедалша. Амма оцу кепехь ечу тергоно тамаша бу хΙумма а хийцахь. Оршот дийнахь пачхьалкхан чоьхьарчу гΙуллакхийн министралло ша толлур ду аьлла дахначу кΙиранах Эрштахь гΙалгΙайн полицина Делимханов Адам коьртехь а волуш 300 нохчийн ницкъахо духьалвалар».
«Ден долу жамΙаш хьоле хьажжина луьра хир ду», аьлла конфликтан хьокъехь шегара комисси кхоьллинчу Къилба федералан гонан дас Хлопонин Александра а. Амма цкъачунна бехк-такхаман гΙуллакх айдаза долучух тера ду, гΙалгΙайн кхерамзаллин кхеташонан хьалханчас Котиев Ахьмада прессехь хаам барехь.
Нохчийчоьнан агΙоно чΙагΙдо, ша мехкан низамхой хьовсийнера Эрштана гонахарчу хьаннашка Умаров Докка лаца, ткъа гΙалгΙайн полисхоша дуьхьал а бевлла, шайн и операци юкъахъяьккхира, бохуш.
И дов дΙадахдеш, ГΙажарехь (Нестеровская) рогΙерчу деношкахь шина мехкан полисхой чуьччабахначохь лазийна 6 гΙалгΙа, чΙагΙдо Магасо. Кадыровс иза бакъ ца до. Цо вуно резавоцуш къамел дира Нохчийчоьнан хаамийн хьостанашкахула, Евкуровн агΙоно новкъарло йо Умаров Докка лаца, аьлла. ГιалгΙайн куьйгалхоша, шайна кхерамзалла оьцуш, луш долчух тера а ду тΙемалошна даккхий ахчанаш, аьлла, лелаш долу эладитанаш дага а дохкуьйтуш.
ХΙоьттинчу хьоло Евкуров декхаре вира сихха мехкан гулам вовшахтоха а, цигахь нахе дозанашца йолу Кадыровн позици емалъяйта а, шена рогΙерчу ханна президенталлехь виса могуьйтуш хила а тарло сацам нахе вовшахтохийта а. ГΙалгΙашна хьашт бац маьрша харжамаш – Кремло шегахь юьтийла и бакъо, боху гуламан сацамо.
Царнаев Тамерлана мел хан яьккхира Дагестанехь ца хаьа хьакамашна
Уггаре Ιаткъаме а, нохчаша а, дагестанхоша а тергонехь кхобу тема ю: дина ЦарнаевгΙара – Тамерлана а, ЖовхΙара а Бостонехь лелхийтарш, я цхьана спецурхаллашна эшна царех террорхой бан.
Дагестано а, Нохчийчоьно а официалехь дΙахьедарш дина, ши кΙант кхетош-кхиийнарг Ιамеркан Цхьанатоьхна Штаташ а ю, цу пачхьалкхо ша царах жоп дала а деза, аьлла.
Бакъду, Оьрсийчуьрчу хΙора а хьакаман ЦарнаевгΙарех лаьцна шен-шен ю информаци. ФСБ-но ши шо гергга хьалха Штатийн ФБРе дехна хилла Царанев Тамерлан экстремист-террорхо хила тарло, иза зехьара аьлла.
Ткъа Дагестанан цхьана урхаллаша Царнаев Тамерлан кхаа дийнахь хилла стохка Дагестане веъна, боху. Кхечара чΙагΙо, цо цигахь ахшо даьккхира бохуш.
Хьаькамашкара информаци галморзаъюьйлуш хиларо лахбо, боху комментатора Фуллер Элизабетас, цара дуьйцучун мах – генадоккху бакъдерг хиламех.
Фуллер: «Оцу дацаре дарша ши шеко кхоллайолуьйту. Ιедална хаьа, хьан боху керла кегийрхой тΙемалойн могΙаршка, амма ца лоьцу и нах. Я цунна ца хаьа кегийрхой хьан ийзабо хьаннашкарчу нехан могΙаршка. Шина а версино аьтто ло вайна ала: тарло Царнаев Дагестанехь гΙаттамхойх веттавелла хила а».