ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГӀалгӀайчохь журналистана тӀелатар дарна гӀуллакх схьаделла реза ца хилира талламхой


"Кавказский узел" гIирсан журналист Садовская Алена
"Кавказский узел" гIирсан журналист Садовская Алена

Талламан комитет дуьхьал хилла ГӀалгӀайчохь "Кавказский узел" гIирсан журналистана Садовская Аленина динчу тIелатарца доьзна бехктакхаман гӀуллакх айдан. Доьзалехь ницкъ барх йеддачу Назранерчу Яндиева Маринин гергарчаьрца къамел дан гӀоьртинчул тӀаьхьа стохка гIадужу-баттахь хилла ду и.

"Общественный вердикт" фондан гӀоьнца журналистан интересаш ларъйеш йолчу цуьнан адвокато Бирюкова Иринас дуккха а дехарш дешшехь, исс баттахь жоп лоьхура Садовскаяс шена тӀелатар дарх чуделла дIахьедаран терго йаре хьоьжуш, йаздо бакъонашларъяран организацино. И бахьана долуш кхелехь латкъам бан дийзира талламо гӀуллакх ца дарна. ХӀинца Бирюковас ша латкъам бийр бу дуьхьало йарна.

"Дуккха а шерашкахь журналисташна, йа бакъонашларъярхошна дина цхьа а тӀелатар теллина дац гIалгIайн ницкъахоша, ишта сан гIуллакх а тесна дити. Делахь а, дегайовхо йу сан, и хила а цхьацца бух бу цунна, оха гIуллакх доладойтур ду, ГIалгIайчохь урамехула боьлхучучарна тIелетачу нахана таIзар дайта", - билгалдаьккхина Садовскаяс "Юкъараллин сацам" фондана йеллачу комментарехь

ГIадужу-беттан 25-чу дийнахь, йаздора "Юкъараллин сацамо", Садовскаяс а, цуьнан белхан накъосто Рубцова Лилиана а Яндиеван гергарчеран цӀахь домофоне зӀе тоьхнера, амма цхьаммо а ца йиллира царна неӀ. Уьш дӀабаха кечлуш, масех машено церан некъ дӀакъевлинер, охьавоьссиначу стагах цхьаммо Садовская Аленера телефон а, пресс-карта а схьадаьккхира. ТӀаккха ЯндиевгӀеран цӀера араяьллачу цхьана зудчо, Рубцова коьрта тIера а лоцуш, аьллера цуьнан батт лаьтахь хIоьттинчу уьшала "чу Iуьттар йу", ша и дича, шена кIад а дийр дац цхьаммо а. Журналистийн аьтто ца баьллераа полисхой тӀекхаьчначул тӀаьхьа бен дӀабаха.

"Кавказский узел" гIирсан хаамашца, тӀелатар динарш ницкъаллин структурийн белхахой бу, тIелеттачул тIаьхьа журналисташ Наьсарара чоьхьарчу гIуллакхийн урхалле балийнера.

  • Шен цIера йеддачу 28 шо долчу Яндиева Маринин гергарнаш республикехь дош лелаш, лаккхарчу даржашкахь нах бу. ЙоӀа дӀахьедира, ша дуккха а шерашкахь доьзалехь ницкъ беш латтийна хиларрх лаьцна. 2016-чу шарахь дуьххьара кӀелхьарайала гӀоьртира иза, амма аьтто ца хилира.
  • • 2023-чу шеран гIадужу-беттан 5-чу дийнахь Яндиеван ка йелира "SK SOS" кризисан тобанера бакъонашларъярхоша гӀо а деш, кӀелхьара йала. Иза дIайигинера бакъонашларъярхойн "Ӏазапна дуьхьал тоба" цӀе йолчу юкъараллин Къилбаседа Кавказерчу декъан адвокато Аламов Мохьмада. Яндиеван гергарчара, меттигерчу ницкъхошца цхьаьна, кхерамаш туьйсура Аламовна а, цуьнан доьзална а, нагахь йоӀ цӀа ца йерзахь, шаьш уьш бойур бу бохуш. Мангал-баттахь гучуделира Оьрсийчуьра арайала Яндиеван аьтто баларх.
  • • Кавказ.Реалии сайтана ейллачу интервьюхь Яндиева Маринас дийцира денцIах набахте муха хуьлу а, консервативан доьзалера йада гIортарх а, шен дахаран Iалашонех а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG