ГӀалгӀайчоьно 908 сов миллион сом (10 миллион гергга доллар) дайина Оьрсийчоьно Украинана дуьхьал дӀахьочу буьззина тӀамна гӀо дан. Мехкан куьйгалхочо Калиматов Махьмуд-Ӏалис дӀахьедина цунах лаьцна Халкъан гуламе бечу шен хаамехь.
ГӀалгӀайчоь Оьрсийчоьнан къечу регионех цхьаъ ю. Официалан статистикан буха тӀехь хӀоттийначу рейтингашкахь кест-кеста тӀаьхьара меттигаш дIалоьцу республико. Масала, дахначу шеран чаккхенехь бахархошна тIебогIучу пайдане хьаьжча тӀаьххьара йара иза, социалан-экономикан хьолаца уггар вончу кхаа регионна йукъахь а нисйеллера.
Цунна гергара позицеш дӀалоцуш ю Нохчийчоь а, амма кхузахь, меттигерчу Ӏедалша чIагIдарехь, хӀинцале а Украинера тӀамна дайина 32 миллиард сом сов ахча – иза 35-зза алсам ду ГӀалгӀайчохьчул.
И башхалла хила мега Кадыров Ахьмадан цӀарахчу нохчийн фондана финансаш латторца долу хьал цIена цахиларца, цуьнан ахчанаш леррина тӀеман операци олучу гӀуллакхна дойу. Хаамийн гӀирсаша дийцарехь, фонд йузуш йу тIаме баха цалуучара лучу кхаьънех, бехкзуламан гIуллакхашна йукъа ца озориг луш долчу ахчанех а.
- Карарчу хенахь "Кавказ.Реалии" сайта йиллинчу а, шен хьостанашкара а хууш ду Оьрсийчоьнан къилбаседан а, Къилбаседа Кавказан а регионашкара ялх эзар сов меттигера бахархой дӀакхалхарх лаьцна. Федералан Ӏедалша лечкъадо билггал долу терахьаш, цундела бакъболу эшамаш дуккха а алсам хила мегаш бу.
- Къаьсттина боккхачу барамехь бозбуунчаллаш лелийна аьлла, бехктакхаман гӀуллакхехь бехкевеш волу лаххара а кхо стаг лаьцна ГӀалгӀайчохь. Царех шеконаш йу кехаташ харцдеш, церан буха тӀехь бюджетера миллиард сов дотацеш йелла хилла бохуш.