ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

"Гамонна йагорг": къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а лоьхуш йу "мостагIчун лараш"


Къилбера а, Къилбаседа Кавказера а ницкъахоша дIакхийкхадо Украинаца боьзна нах лоьцу шаьш бохуш. Оьрсийчоьнан Iедалхоша а, пропагандитсийн зорбанаша а лоьху "мостагIчун лараш", йукъаралла цхьаьнатоха, хIунда аьлча, кхин вовшахтуху бахьанаш диссина а дац, билгалдоккху Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташа.

Оханан-баттахь Ставрополан вахархо гIоьртира тIеман комендатурах цIетаса, эккха коьчал чохь долу шиша оцу урхаллина чу а тосуш. Губернаторо Владимиров Владимира чIагIдо, Украинан кхерамзаллин серивсийн белхахойн тIедилларшца лелаш вара иза бохуш. Мича тIехь ду и дIахьедарш, Владимировс билгал ца даьккхира, оцу версин цхьана а кепара тоьшаллаш цо ца далийра.

Оханан-баттахь хIара хIинцале а пхоьалгIа оцу кепара хаам бу регионехь: бутт йуккъе баьллачу заманчох дийца даьккхира, Анапехь меттигера вахархо лацарх. ФСБ-но бехке вира иза Украинан тIеман министраллин коьртачу урхаллица уьйраш хилла ву аьлла.

Официалан версица а догIуш, Краснодарера Оьрсийчоьнан тIеман ницкъаша а, "кхинйолчу ницкъаллин структураша" а лелочух лаьцна хаамаш ша дIакхачор бу царна аьлла хиллера цо боху. Бехктакхаман гIуллакх долийра арахьарчу пачхьалкхаца йукъарлонаш лелор аьллачу артиклехула. Кхин а хьалха, зазадокху-баттахь, оццу Iедалан къепехула жоьпе озийра Майкопера йахархо.

Иштта оханан-баттахь Къилбаседа ХIирийчохь лецира Алтайн кIоштара вахархо, Украинан тIеман ницкъехь дIакхета лерина хилла иза бохура. Иштта хIеттахь хаамаш бора изза бехк а биллина, Волгоградан кIоштан вахархо а лацарх. Оханан-беттан 10-чохь йаздира Ростовн кIоштахь студент лацарх, ВСУ-на лерина хаамаш гулбеш хилла бохура иза а.

"Конфиденциалехь йукъаралла"

2022-чу шеран товбеца-баттахь Оьрсийчоьнан Бехкзуламан кодекса йукъа йахийтира арахьарчу пачхьалкхан векалца конфиденциалехь йукъарло лелорах артикл. Цуьнца а догIуш, оцу бехкаца лаьцначунна бархI шаре гергга чохь йаккха хан кхачайо, цхьа миллион сом гIуда а хьарчадо. Бакъоларйаран "Первый отдел" проектан зерашца, 2023-чу шарахь Оьрсийчоьнан кхелашка кхаьчна мел кIезиг а оцу кепара ворхI гIуллакх.

И артикл – адам Iадон деш хIума ду, Iелална бакъо ло цо милла а лаца

И артикл – адам Iадон деш хIума ду, Iелална бакъо ло цо милла а лаца, билгалдаьккхира Оьрсийчоьнан адвокато, шен цIе къайлайахьа лиира цунна, Оьрсийчохь лелаш репрессин низам хиларна. Оцу йукъанна цхьа а кхерам ца хила а тарло, тIетуьйхира цо: "Оцу артиклах пайдаэца тарло иштта оппозицина, йа Iедалхойн критикашна дискредитаци йеш а. Цо кхерам латтабо, хIун хир ду ца хууш, цо чIагIйо Iедалхойн нахана тIехь латтон контроль".

ХIара Оьрсийчоьнан низамаш дохучара лелон "говза" параграф йу, цу буха милла а вахийта йиш йу, кхетийра адамийн бакъонаш Iалашйечу "Мемориал" Центран кхеташонан декъашхочо Черкасов Александра. Iедална "товш боцчара" лелон хIуъа а кхетон йиш йу, "дуьненан буржуазина вохкавелла" иза аьлла.

ХIара практика Советан заманара схьа дуьйна йу, карладоккху бакъоларйархочо: "Советан Iедал долчу хенахь муьлхха а Iедалца ойла цайар кхетадора Малхбузенан талхаме Iаткъамбар ду олий, цуьнца къийсам латтабора КГБ-хь. Цкъацкъа беламе хуьлура и, цкъацкъа – кхераме, амма хIетахьлерачу чекистийн коьрта йижина чIапа ойла йу и. Хетарехь, хIетахь дуьйна дика Iалашъйеш схьайогIу и Путинан а, цуьнан гонерчу дуккхаъчийн а коьрташ чохь, эххар а цунах низам ди".

"МостагIийн лараш лехар"

"МостагIчун лараш" лехар Оьрсийчоьнан Iедалхошна керланиг дац. Масала, цара леррина лоьхура Подмосковьера "Крокус Сити Холлехь" "украинхойн лар" – хIетахь тIелатарх жоьпалла шайна тIелецира экстремистийн "Исламан пачхьалкх" тобано.

Теракт йина диъ де даьллачу хенахь президенто Путин Владимира дIахьедира, тIелатар Украинаца доьзна дара аьлла, бакъду, оцу версина цхьа а тоьшалла ца далийра цо. Американ Цхьаьнатоьхначу Штаташа теракташ хила тарло бохуш, Кремле бина хаамех комментарий йан дуьхьал хилира "къайлахчу сервисийн компетенци" йу и аьлла.

Нохчийчохь тIемаш боьлхучу хенахь а Оьрсийчоьнан Iедалхой хуьлура "нохчийн лар" лоьхуш. 1999-чу шарахь Москвахь, Буйнакскехь, Волгодонскехь цIенош лелхийтича, Кремло мехкан урхаллина тIехь дитира и. Бакъду, дуккхаъчу аналитикашна хетарехь, доккхачу декъана "Путинизм" сайтан редакторна Круглов Артемана а, ФСБ-н хиллачу белхахошна Литвиненко Александрна а, Трепашкин Михаилна а, талламхочунна, итсорикна Фельштинский Юрийна а, кхинболчарна а хетарехь, ФСБ-но дина лелхийтарш дара уьш. Цу кампанин Iалашо йара, Путинан рейтинг айбар а, Нохчийчохь шолгIа тIом болорна бехказадийлар а.

Керайора "нохчийн лар" 1996-чу шарера схьа 2017-чу шаре кхаччалц "Тульская", "Нагатинская", "Пушкинская", "Автозаводская", иштта кхечу социйлашкахь а йинчу теракташкахь а. Талламо луьстура Москвара метро чохь динчу терактийн йоллу версеш, Къилбаседа Кавказехь лелаш болу тIемалой гунахь хила тардалар а лоруш, дIахьедира 2010-чу шеран зазадокху-баттахь кхерамзаллин Кхеташонан секретаро Патрушев Николайс. Цо тIетуьйхира, лелхийтарш толлучу заманчохь "гуьржийн лар" а гучуйала тарлора аьлла.

Оцу йукъанна Ичкерин арахьарчу Iедалан векало Закаев Ахьмада тIе ца дитира Масхадов а, цуьнан куьйгакIелара тIемалой а теракташна гунахь хилар. Официалан Тбилисино а бакъ ца дира Москвара теракташна ша йцкъара хилар.

"План" кхочушъйеш бу

Оьрсийчоьнан Iедалхошна хетарехь, кхин дIа а тIом бархьама йукъаралла шина декъе йеккъа йезара, аьлла хета украинхойн политолг волчу Савва Михаилна. ТIеман конфликт "йахъйеллера, чолхе йара", тIетуху цо, и бохург ду, гамонна йагорг тIейуттуш хила деза, бала а, тIом бан а кхин керла нах карабайта.

"Украинхойн, нохчийн, кхечийн а ларашна йукъахь цхьатерра дерг хIун ду аьлча –шен адамашна цхьана а кепара церан цхьа барт беш идейш ца кхоьллинчу Оьрсийчоьнан политикан рожан мотиваци", - билгалдаьккхира цо.

Гамонна йагорг тIейуттуш хила деза, бала а, тIом бан а кхин керла нах карабайта

Оьрсийчуьра йукъаралла тайп-тайпана йу, йаьржина а йу: экономикан критерийца, динан билгалонца, къоман, географин бахьанашца а, охьадагардира Саввас: "Нагахь санна, йа нохчий, йа украинхой, йа цхьа кхин къам, мостагIий кхайкхабой, бухабиссинарш берш царна дуьхьал бовлу. Дукхазза хилла хIума ду и, кест-кеста лелош хIума а ду, бухабиссина нах кхета безара хIинца мукъана а, шаьш Iехош хиларх".

"Категорешкахь" репрессш лелор чIогIа эвсара ду, хIунда аьлча, билггал волу мостагI леха ца везарна. "Арахьара Iаткъамбарх" низамаш кхетадойла йу дуккха а шуьйра, дерзадо къамелдечо: "Къаьсттина эвсара ду и низамаш, харцонца гIуллакхаш дуьхьал а дохуш, план кхочушъйечу ницкъаллин структурашна а, къайлахчу сервисашна а.

  • Полицин а, къайлахчу сервисийн а белхахоша къилбехь а, Къилбаседа Кавказехь а дIахьедо теракташ кечъйеш хилла нах шаьш лецарх. Уьш лоьцу украинхойн йукъараллашца уьйрашкахь бу бохуш – оцу гIуллакхашна бехкебечех лаьцна информаци къайлахьо. Кавказ.Реалиин редакцино эксперташца цхьаьна листира, терроризмаца бечу къийсамах украинхой диверсанташ лехар хIунда хилла.
  • Хьалхо эксперташа дийцира Кавказ.Реалиин редакцига, "украинхойн агенташ" лоьхуш къайлахчу сервисаша болх жигара баьккхинехь а, Украинаца зIенаш хиларна экстремизмаца а, пачхьалкхан йамартваларца а доьзна билггал долу гIуллакхаш мел ду цхьа ши шо даьллачул тIаьхьа бен хуур дац.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG