ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Хьенан ю наьртех йолу барта кхолларалла?


Къилбаседа Кавказехь къийса долийна, муьлхачу къоман бакъо ю наьрт-аьрстхойх долу дийцарш шайн лара бохург

Къовсам бегашена доцуш марсабаьлла Кхарачой-Чергазийчуьрчу Тотаркулов ГIеза-Махьмас арахецначу «Наьртийн даймохк – Кхарачай» цIе йолу кинжка арахецарца.

Чергазийн жигархоша боху: луларчу къаьмнаша лечкъайо шайн истори.

«Жайнеш даиманенна ду. 50 шо даьлча алал берашка, кинжкаша аьшпаш буьтту! Вай стенна ца деза, хаьий шуна? Вешан синбахам, вешан истори йохкарна. Хилларг вай къайладаьхьча, вайга ларам хир бу моьтту шуна? ХIан-хIа, хир бац, вайна луьйр бу. ХIунда аьлча, сонта ду, кIиллолла ю вешан исторех а, дайх а къахкар!» - яздина шен интернернетерчу журналехь ГIебарта-Балкхаройчуьрчу ненан гIебартойн меттан хьехархочо Багова Марема (Мейрам Багъэпщ), Татаркуловн кинжкин сурт а гойтуш.

Шен и пост дIасахьажийра цо 28 «доттагIчуьнга», ткъа тIахьо дIакхоьссира агIонтIера а. Иза ша стенна дира дийцира Баговас "Кавказ.Реалиига".

«Цигахь 500 сов комментарий яра. Амма дара деса къамелаш, девне а бевлира, - элира цо.

Тотаркуловс шен кинжка литературан къинхьегам бу, боху.

«Иза синбахамаллах, литературах, исбаьхьаллах лаьцна язйина кинжка ю, - чIагIдо филологин Iилманан кандидат волчу авторо. Иза цецвуьйлу шега цхьаболучара ша чергазийн истори «лачкъийна» аьлча. «Гарехь, оцу наха ша кинжка ешна а яц. Мужалт гина, цунах дуьйцуш а бу! Iилмано «наьртийн эпос» юкъара лору Къилбаседа Кавказерчу дуккхаъчу къаьмнийн», - элира филолого «Кавказ.Реалиига».

«Наьртех дийцарш Кавказан къаьмнийн шайн-шайн ду. Уьш шаьш хьахош шайн махкаца доза бакъо вайн массеран а ю. Олийла ду цундела, наьртийн даймохк бу Кхарачай, ГIебартачоь, ХIирийчоь, иштта дIа кхин а», - аьлла хета Iилманчина.

Наьртех дийцарш цхьа кхарачой-балкхаройн хилла ца Iа, ду иштта адыгийн, хIирийн, вайнехан, гIумкийн.

Тотаркуловс ша вехха Iийра боху шен киншканна цIе хоржуш, ткъа хаьржина цхьана байтера могIа.

Цунна гарехь, кхарачой-балкхаройн историографи, мотт таллар, литература мелла а тIаьхьайисина Сталина махках дахаза, децIахь даьхначу къаьмнийн синбахамца дуьстича. И кхачамбацар лахдархьама болх бо шаьш, «иза наьртех йолчу теманна а ду догIуш», - элира яздархочо.

"Кавказ.Реалии" зIене елира ГIебарта-Балкхаройчоьнан Iедалан цIарх талламаш бечу институтан а, мехкан Iилманийн академин а белхахочуьнца, адыгийн барта кхолларалла толлучу Iилманчица Гутов Адамца. Цо а элира, наьртех долу дийцарш шен дола дерзадойла дац ша схьаэцначу цхьана а къомо.

«Тотаркулов бакъ ву, наьртех дицарш долуш ду цо мел охьадагардинчу Кавказан къаьмнийн», - бохура цо а. Амма авторна критикан цхьамзанаш наха Iиттар, Гутовна хетарехь, цо шен киншкина мелла а ца йогIуш цIе тилларца дозу.

Къилбаседа Кавказан къаьмнийн цхьа генотип ю, тешна ву гIебартойн Iилманча Гутов. «Кавказхой меттанашка, лаьттанашка я кхечу кепехь бекъабалале, гарехь, кхоллаелла царалахь эпос», - аьлла хета цунна.

Цо бахарехь, эпос барта кхоллараллан уггаре консервативан дакъа ду, «цуьнан орам массарел а чIогIа бу».

«Генетикан бух юкъара боцчу къаьмнийн вовшех оццул тера эпос хуьлийла дац, эпос ца лела дехьа-сехьа. Масала, Дашо Орданган заманера дуьйна схьа вайна юкъахь бехачу ногIийн дац наьртех дийцарш. Уьш царна оьшуш а дац, церан шайн ю эпос. Вайн барта кхоллараллашкахь а ма яц церан эпос – иза вайна оьцуш йоцундела», - боху Гутов Адама.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG