ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Геленджикера "Путинан шахьар" чуьра гойтуш видео йаржийна Навальныйн агIончаша


Путинан "шахьара"
Путинан "шахьара"

Оьрсийчоьнан колонихь веллачу оппозиционеран Навальный Алексейн коррупцица къийсам латточу Фондера бIанакъосташа Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран инаугураци герга кхочуш видеош а, суьрташ а зорбане даьхна, чIагIдарехь, Геленджикера цуьнан шахьар чохь йаьхна. Оцу шахьарх лаьцна йара 2021-чу шарахь ФБК-н уггар а гIарабаьллачух таллам.

Навальныйн бIанакъосташа чIагIдарехь, шахьар йинарг Путин ша ву. 2021-чу шарахь зорбане баьккхинчу талламах лаьцна Оьрсийчоьнан президентан доттагIчо, бизнесхочо Ротенберг Аркадийс дIахьедира, гIишло шен йу аьлла, йуха кечйинчул тIаьхьа цигахь апарт-отель схьайоьллур йолуш йу а элира цо. Делахь а, ФБК-с къасторехь, цхьа а апарт-отель Идокопасан буьххьехь ца йира, цигара белхаш бирзинехь а. "ШагатIулган лаьтте къагийна, мебель дIахIоттийна йу, исбаьхьа декор, чуьра белхаш бирзина. Бакъду, Путинан шахьара ма-хиллара, иштта йисса а йиссина и хIинца а, аьлла ду Навальныйн сайтехь а, ютьюбехь а зорбане баьккхинчу талламехь а.

2021-чу шарахь бинчу талламехь зорбане йаьхнера рендерш, аьлча а, шахьара муха хир йу гойту суьрташ. ХIинца, Фондо чIагIдарехь, таллам бечийн аьтто хилла интерьер ма йарра ган. Къайлахчу камерица дIайазйина йу видео бохуш, дуьйцу цара, амма мила ву дIайазйинарг – хоуьйтуш дац.

Доккхачу декъана видео тIехь гуш йу аквадискотека, и хиларо терго тIеоьзнера дуьххьарчу талламана, бассейн, уьйтIара аллей йу ширачу тIулгийн суьрташца кечйина, джакузи, массажан чоь, тIеман-патриотикан тематикехь дуккха а суьрташ, йеза мебель чуьра, люстраш. Ловзаршна йинчу чохь а, казинохь а килс йина, цу чохь иконаш йу Богородицан, Иисус Христан, везачу Владимиран а. Цигахь дIахIоттийна трон а ду.

ФБК-но зорбане йаьккхина хIора гIат тIера хIусамийн планаш, хьалхо "Проектан" кара а кхаьчнера уьш. Оцу планашца ду мебель дIахIоттор. Съемка йечу хенахь йоллу мебель дIанисйина ца хилла.

Кхаьчначу суьртийн, гIаттийн планийн, "Проектаца" къамел динчийн чIагIдарийн а, ФБК-н долахь хиллачу документийн а буха тIехь авторша хьесапаш дина, йуьйцург отель ца хиларх, йуьйцург Оьрсийчоьнан президентана лерина долара шахьара хиларх. И чIагIдора иштта 2021-чу шарахь йаьккхинчу фильмехь а. ХIара хаам зорбане боккхучу заманчохь Кремлан реакци хилла йац.

  • Геленджикана гергахь йолчу исбаьхьчу шахьарах хаамаш зорбане бехира 2021-чу шеран дечкен-баттахь Навальный Алексейн командо бинчу талламехь. Талламхоша чIагIдарехь, Идокопасан буьххьехь йина и шахьара Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна лерина йу. "Шахьарах" лаьцна йаздора кхул хьалха а бозуш боцчу хаамийн гIирсаша, ткъа ФБК-н белхахойн аьтто хилира документацина а, рендерашна а тIекхача.
  • "Дворец Путина" олу ФБК-н фильм-таллам Навальный дIалаьцна ши де даьлча арахийцира, 2021-чу шеран дечкен-беттан 19-хь. Цул тIаьхьа леца болийра Iедалхоша Навальныйн агIончаш, церан структураш экстремистийн а лерина, йихкира. Карарчу хенахь ФБК –но шен болх дозанал арахьа беш бу. Чиллан-беттан 16-чохь Оьрсийчоьнан колонихь велира Навальный. Цуьнан бIанакъосташ тешна бу, иза вийна хиларх.
  • 2021-чу шарахь фильм гIарайаьллачул тIаьхьа Путин Владимира ша дечкен-беттан 25-чохь динчу къамелехь аьттехьа а ца дитира "шахьар" шен хилар. Билггал Путин цу гIишло чохь Iийна, йа хилла аьлла тоьшаллаш дац, амма документаш тIехь гуш ду, президентан гонерчу стеган цуьнца бала хилар. Оцу шахьаран да ша ву элира Путинан доттагIчо, бизнесхочо Ротенберг Аркадийс. 2021-чу шарал тIаьхьа йа цо а, йа Путина а шахьарах а, цуьнан кхолламах а лаьцна дош ца хазийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG