ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Геленджикерчу "Путинан шахьарна" уллера ЦIен книги тIера дитташ хедор ду


Краснодаран махкарчу Геледжикера "Путинан шахьар" олу гIишло. 2021 шо
Краснодаран махкарчу Геледжикера "Путинан шахьар" олу гIишло. 2021 шо

"Россети Кубань" компанино тендер хIоттийна, Геленджикана гергахь ЦIен книги тIера дитташ "дIаэцийта" пурба кечдеш. Оьрсийчоьнан президентан Путин Владимиран Прасковеевка эвлара шахьар йу боху меттиг йу йуьйцург, ФСБ-н дозанхоша хадеш ду цигахь.

11,5 млн соьманна йолу тендер масех де хьалха хIоттийра. Регионерчу Iаламан министраллин пурба оьшу цигахь хедийначу дитташна метта кхинаш дIаден. Амма цунах лаьцна хаамаш хьулйина коммерцин информации лорур йу.

ЦIен книгера дитташ хедор кечдеш йолчу меттигех цхьаъ йу "Оьрсийчоьнан ФСБ-н дозанан сервисан лерринчу объектийн арахьара ток латторан Геленджик-Прасковеевка" олург. И меттиг ФСБ-но ларйеш хиларна, официалехь хIаваэхула хIумма а лела йиш йац цигахь, иштта аьтто бац цигарчу Iаьржачу хIордан йистешка кхача а. Амма Кубанерчу экологаша а, оппозицин политикан Навальный Алексейн Курхаллина дуьхьало латторан фондо а дийцина ма-хиллара, кхузахь "Путинан шахьар" йу.

"Экологин зуламаш лелорна дуьхьал йолу бахархойн контроль" цхьакхетаран куьйгалхочо Шевченко Дмитрийс Кавказ.Реалиин корреспоентаца дийцина ма-хиллара, "гIалин" гергарчу хьаннашкахь ЦIенчу книги тIера пицундскан, гIирмхойн баганаш (сосна), иштта жIоламан (можжевельник) цхьайолу тайпанаш йу бохура. Тендеран техническан тIедилларехь, хетарехь, дуьйцурш уьш ду. И дитташ хедош волчо даккхийра компенсацеш такха деза Краснодаран мехкан Iаламан министраллина хьалха.

  • "Путинан шахьаран" истори 2010-чу шарахь йолайелира, Санкт-Петербургерчу бизнесмена Колесников Сергейс цунах лаьцна хIетахь Оьрсийчоьнан президент хилла волчу Медведев Дмитрийга диллина кехат дахьийтиначул тIаьхьа. Зорбанашкахь резонанс иккхича, гIишлонан долахочо, Путинан уллера стаг лоруш волчу Шамалов Николайс и шахьар кхечу бизнесхочунна дIайоьхкира – Пономаренко Александрана, цигахь хьеший тIелоцу комплекс хир йу элира цо.
  • 2011-чу шеран чиллан-баттахь "Къилбаседа Кавказехула йолчу экологин вахтан" жигархой журналисташца цхьаьна хилира хьалайуттуш йолчу резиденцин кертахь, ур-атталла гIишло чохь а. Цул тIаьхьа инпекцехь дакъа лаьцна хилла волчу Газарян Суренна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх даьккхира – ша дIалаьцначу хадархошна кхерамаш тийсина цо, бохура. Оьрсийчура дIаваха дийзира Газарянан.
  • "Дворец Путина" олу ФБК-н фильм-таллам Навальный дIалаьцна ши де даьлча арахийцира, 2021-чу шеран дечкен-беттан 19-хь. Цигахь дуьйцу, оцу проектана ахча латторан агIонех а, иштта гойту компьютерца хIоттийна долу чуьра хьал а. И фильм оьрсийн YouTube гIирсехь уггар дукха нах хьежнарг хилира 2021-чу шарахь.
  • Навальный Алексейн талламехь йуьйцуш йолу шахьар Путинан долахь йац, элира президентан пресс-секретара Песков Дмитрийс. "Коммерсантъ" зорбано бахарехь, Песковс оцу видеох "лохотрон" а, "харц таллам" а аьллера.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG