Шинарийдийнахь 9 шо кхаьчна Оьрсийчоь тIамца Гуьржийчу яхна. Оцу дийнан ша сийдойла гайта санна вахана президент Путин, ша и тIом лаьттинчу Къилба ХIирийчу ца ваханехь а, гуьржийн пачхьалкхах Кремлан гIоьнца, иштта тIамца дIакъаьстинчу вукху махка - Абхазе.
Ша къамелдеш цигара лидер Хаджимба Раул Путина тешийра Оьрсийчоь Абхазин шаялар Iалашдеш лаьттийла а, лаьттар юйла а, оцу Iалашонца ша цигахь эскар кхобуш хиларх а.
Протесташ, дипломатин дIахьедарш шаьш шайна, Путинан визиташ шаьш шайна
Тбилиси, кхеташ ду, реза яц. Амма иштта реза яц Вашингтон а. «Хила торуш доцчух» ду аьлла цо Оьрсийчоьно оккупацехь кхобучу Гуьржийчоьнан махка Путин официалан визитца вахар.
Дагадаийтина КIайчу ЦIийно иза Женевехь пачхьалкхаша бина барт бохош дуйла а, Абхази а, Къилба ХIирийчоь а Кремло пачхьалкхийн могIара хIиттор дуьненаюкъарчу низамца ца догIийла а, Оьрсийчоьнна церан пачхьалкхалла чIагIъеш ша бина сацам юхаэцча бIегIийла дуйла а.
Оццу маьIнехь ду 29 пачхьалкхан тIеман ницкъех лаьттачу Атлантикан альянсо дина дIахьедар а.
Абхазица а, цунна гонах а Оьрсийчоьно ша дIакхехьа йолийна политика, гарехь, кеста юхаоьцур яц дуьне мел резадацарх а. Цигара Кремлан Iалашонаш пачхьалкхан стратегин баххашца тоххара дуьйна а йозаелла схьайогIуш хиларе терра.
Советан Iедал дохале Абхазехь дика тIеман тохар дан Iаьмна авиацин дакъа дара – Гудаутара «Бамбоура». Лахарчу Эшерехь яра тIеман-сейсмологин лаборатори а.
Гуьржийчоьнах Абхази ша дIахадийча хIоттийра Кремло оцу махка массех эзар эскархочух, маситта меттехь дакъош лаьтта «Оьрсийчоьнан ТIеман ницкъийн 7-гIа цхьаьнатоьхна тIеман база». Оцу базин буьйранчаш Сухумехь куп тоьхна беха.
ТIехула хьажча, кхераме дац аьлла гахь а, Абхазина Кремль оьгIазъяххал хьал ду кху аьхка цигарчу бахархоша шайн махка садаIа оьхучу оьрсашна массех меттехь тIелатар, талор дар. Иза а хьахаделира Путинан Хаджимбаца. Йиш яц, церан кхетамехь, абхазошний, борахчу мехаша церан махка кхуьйлучу оьрсашний цхьацца хIуманаш ца тара аьлла, Кремлан геополитика мекхайолийта.
Путина къаьсттина тергонехь латтайо ГIирма
Изза протест айира Путина шена дуьхьал цхьа бутт ах бутт хьалха а – ша цоьстучу Украинах кхо шо хьалха Оьрсийчоьнан долаерзийначу, амма дуьнено а йинарг харцо лоручу ГIирма а вахана.
Цига Путин берийн дуьненаюкъара «Артек» лагер кху аьхкенна схьаелла воллу аьлла вахара.
ГIирмехь Кремлан куьйгалхо лаххара а хилла 6-зза. Цо цига, дуьненан протесташка ла ца доьгIуш, Оьрсийчоьнан кхерамзаллин кхеташо а гулйира, тIеман ницкъаш гойтучу парадашкахь дакъа а лецира, Iаьржачу хIордатIехь латточу тIеман ницкъашца цхьаьна а веттавелира. Хьанна а, муха а хетахь а, тешна ваьлла Путин ГIирма Украине юхайоьрзур яц бохучух.
Ткъа Абхазица а, Къилба ХIирийчоьнца а дерг, шен хан еъача, уьш, ГIирма а санна, Оьрсийчоьнан долахь хирг дерриг а до Кремло.
Бахначу баттахь Цхинвале вахначу Путинан гIоьнчас Сурков Владислава лечкъа ца деш дийцира Кремло Къилба ХIирийчоьнна кечйинчу перспективах лаьцна, Оьрсийчоьнанний, кхузарчуй Iедалшца юзуш, «интеграци» термин юх-юха а ялош шен къамеле. «Вай цхьа тоба ю, кхача леринчу Iалашонах цхьабосса жоп а ло вай», - бохура Сурковс.
Санкцех озаелла ца го Москох
Оьрсийчоьно цхьана эшшара дIакхоьхьу ша шераш хьалха болийна некъ: юхьанца нехан пачхьалкхашкахь хьал а талхадой, адам Кремлехьа а дерзадой, и пачхьалкхаш дакъошка яхар, цул тIаьххье уьш долаерзор.
Европано а, Iамерко а Оьрсийчоьнна дуьхьал кхайкхийна а, юх-юха карлайохуш а лелачу санцийн эвсаралла, цхьа вац тахана, шен метте, Малхбузено хIоттийначу Iалашоне кхаьчна, я кхочуш ю ала.
Амма Оьрсийчоь-м кхаьчна, харц делахь а, нийса делахь а, ша къастийначу геополитикан къилбанашка. Оцу новкъахь дац ала хIинцца шен визитца Путина вайга хьехайойту Абхази тIаьххьараниг ю а.