ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Даймахкехьа бахбелла некъ


Кмузов Беслан

Шайн къомана депортаци йина Де дагалоцуш даймахка хьажахIотта веанера 60 месхета-турко

84 шо долчу Караев Вахитна – иза Самцхехь – Джавахетехь - вина ву – дика дагадогIу, Гуьржийчуьра шен нах бохийна де.

«Тхан юьртан цIе Крыман яра. Iай, машенаш чу а диттина, Зигило юьрта дигира тхо. Цигахь цIерпошта хийшийра, вагонаш чохь бархI-бархI доьзал бара. КIиранашкахь дIаихира Юккъерчу Азе», - дуьйцу Караевс.

КIадо еш деъначу Хрушев Iедалан заманахь Вахит а, дукхахболу месхета-туркой а Гуьржийчоьнна герга йолчу Азербайджане дехьабевлира баха. Моьттура царна шаьш даймахка дIакхалхор ду цкъа мацца а. Амма ца нисделира иза Советан Iедал долуш. Я цул тIаьхьа а ца нисделла.

БИЛГАЛДАККХАР:

Туркойн гара ду месхета-туркой. Гуьржийчуьрчу Месхете хевшира Iосмалойн пачхьалкхо гуьржийн мохк дIалаьцча.

Сталинан омрица 1944 шарахь Гуьржийчуьра бохийра уьш а, цаьрца цхьаьна эрмалой-хемшилаш а (бусалба къам), курдой а, кхаракалпакаш а. Хьовсийра Узбекистане, Казахстане, ГIиргIазойчу. Оццу хенахь бехира шайн мехкех нохчий, гIалгIай, кхарачой, балкхарой, гIирма-гIазалой, Идалца беха немцой, кхидолу къаьмнаш. Амма и массо а къаьмнаш цIадерзош, шаьш болччу битира месхета-туркой.

I989 шарахь Узбекистанехь талор дира оцу къоманна бухарчу бахархоша, иттаннаш эзарнаш царех охьаховшийра Iедало Краснодаран махка, Азербайджане, Украине. Ткъа Гуьржийчу юхабахка аьтто ца баьлла депортацин 50 шерачохь 2000 доьзалан бен.

2007 шарахь месхета-туркошна репатриаци еш низам арахийцира Гуьржийчоьно – бакъо яра церан 2010 шо тIекхачале даймахка юхадерза бакъо еха. Амма чуделлачу 15000 дехарх тIеэцнарг дац 5000 бен. Ша-кепара мехкан вахархо вен паспорт делла 400 туркочунна. Кхиболчийн аьтто ца баьлла гуьржаша доьху документаш гулдан.

Ах миллион месхета-турко веха дуьнентIехь: Казахстанехь, Оьрсийчохь, Туркойчохь, Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташкахь, Азербайджанехь.

Гуьржийчу ваха 60 шен къоман стаг кхайкхинарг ву Алиев Жавид, месхета-туркойн Оьрсийчуьрчу «Ватан» («Даймохк») юкъараллан лидер. Оцу пачхьалкхо шаьш чу ца дуьту боху эладита дижорхьама йинера шаьш шайн визит, боху цо.

«Гуьржийн парламенто 2007 шарахь тIеэцначу репатриацин низамах «цIа ца дохкуьйту омра» аьлла цIе тиллинера наха. Царна шаьш кхуза дуьтур а дац моьттура», - дийцира "Кавказ.Реалиига" Алиевс.

2010 шарахь кхачийна дуьйцучу низаман ницкъ. Цо вуно дукха документаш доьхура, цIийца уьш лаьхкинчу Узбекистанера а тIехь.

«Делахь а, бу аьтто луучунна Месхета юхаверза, амма оцу аьттонах пайдаоьцурш кIезиг бу. Гуьржийчоь чIогIа хийцаелла. Цхьаболучийн кхетам хьалхалерраниг бисинехь а, Европан кхетам берш алссам бу, месхета-туркой цIаберзарна тIера бу дукхахберш», - боху юкъаралхочо.

Махка хьажахIотта баьхкинчу туркошца къамелдеш мухIажирийн а, махкахь дехьа-сехьа баьхначу нехан а тергоечу министраллан векало Асатиани Русудана дуккха некъаш бу цIаберза луучу нехан, элира.

«Цхьаммо а ца доьхку цIа эца а, мехкан вахархо хилла, охьахаа а, массеран а йолу бакъо а йолуш ваха а», - аьлла хета Асатианина.

Даймахка хьошалгIа баьхкинчех цхьамма бохура, гуьржаша луш болу аьтто эрна бовш бу, ахча деза юхабахка луучу нахана хIусамаш нисъян а, баха ховша а, Азербайджанехь доьхкинчу цIийнах луш долу ахча тоьар дац Гуьржийчохь дIатарвала.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG