Футболхойн автобус а оьккхуьйтуш, цхьана футболхочунна а, цхьана полисхочунна а чевнаш а еш масех де хьалха немцойн Дортмунд гIалахь хиллачу тIелатарехь керла-керла лараш гучуйуьйлуш ю Iедалхошна. Доккхачу декъехь и лараш анонимечу талорхоша полисхошна карон долчу метте кхуьйсуш долчу кехаташкара ю. Цкъа хьалха эккхийтар хиллачу меттехь цхьа кехат карийнера Iедалхошна. Цу тIехь яздинарг ма-дарра зорбане ца даьккхинехь а, амма Дортмундерчу прокуратурин векалша хаийтира юкъараллина, цу кехата тIехь гIалаташца буьйцучу немцойн маттахь кхерамаш бу тийсина, нагахь санна Германин куьйгалло немцойн Рамштайн олучу гIалара Iамеркахойн тIеман база дIа ца къовлахь, Боруссия Дортмунд футболан тобин ловзархой берриш а байъа а кечбинчу закъалтийн могIаршка язбийр болуш бу, бохуш. Цул совнаха, европахой „жIарашдахьархой“ санна аьшнаш беш бу кехата тIехь, ткъа нагахь санна Германино Шемахь а, Иракъехь а ДаIишан дуьхьалчу коалицино лелош йолу Торнадо ракеташ араяххалца шаьш шайн тIелатарш совцор дац аьлла дIахьедар а ду.
Юккъера Боруссия клубан футболхой шаьш шайн тIелатарна хIунда хаьржина бохург талорхоша кхетош дац, амма, хетарехь, Германехь Мюнхенерчу „Бавари“ клубаца цхьаьна уггаре а нуьцкъала а, футболйезархошна юккъехь сий долуш а и клуб хиларца доьзна хила мега и бахьана. Мухха делахь а, автобус эккхийтина йолу фугас дIайоьллинчу меттигна гена йоцуш талламхошна карийнера цхьатерра йозанаш тIехь долу шиъ даредаран кехат.
Цу лорах талламаш бечу Iедалхоша кеста лехамаш дIабаьхьира Дортмундехь а, цу гIалина гонахьа а Iохкучу меттигашкахь шайна шеконе хетачу радикалечу исламхойн петаршкахь. 26 шо долу Иракъера орамаш долу мухIажар а лецира, иза ша шех Исламан пачхьалкх олучу ДаIиш тобан декъа хиларна шеконца. Бакъду, хье ца луш и кIант Iедало мукъаваьккхира, цунна духьал тоаъал тоьшаллаш а ца карийна.
Ала догIу, талламхойн дехарца талорхойн даредаран кехаташна экспертиза еш хиллачу говзанчаша хьалхехь дуьйна шеконаш йовзийтинера, и тIелатар динарш боккъал а радикале исламхой я ДаIишан агIончаш бу бохучух. Цара хIоттийначу рапортехь билгалдаьккхина ду, хетарехь, и йозанаш яздинарш Iедална иза исламхоша яздина моттийта гIерташ хиллачух тера ду, хIунда аьлча, цу кехат тIера дуккхаъ хIумнаша ДаIишан йозанах тера дац. Масала, террорхоша шайн бехкамаш хIиттор, аш хIара а, хIара а ца дахь, охьа хIара а, хIара а дийр ду, бохуш. „И санна махбийцар ДаIишерчу террорхоша цкъа а лелош дац. Я цара шаьш тIелатар динчу меттехь цкъа а мукIарлодаран кехат а ца дуьту“, - аьлла яздина ду Германерчу тоьллачу ислам динах болчу аналисташа хIоттийначу рапортехь.
Цу юкъана хIинца кхоолгIа кехат кхоьссина Дортмундерчу футболхошна тIелатар динчара я шаьш иза дина моттийта луучара. Цу Берлинерчу Тагесшпигель газетин редакце кхоьччинчу тIаьхьарчу кехатехь зулам шайна тIеэцна аьтто-радикале националистийн хьежамаш болчу анонимечу наха. Цара критике йо немцойн канцлеро Меркел Ангелас дIахьош йолу мигрантийн политика, ткъа иштта кхерамаш туьйсу кхин дIа а тIелатарш дан, масала, охан-беттан 22 -чохь цIий Iано.