ТIекхочийла долу линкаш

 
Германехь нохчо лацар, политикан тутмакхна Мусаева Заремина тоьхна хан йахъйар. КIиранан жамIаш
ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германехь нохчо лацар, политикан тутмакхна Мусаева Заремина тоьхна хан йахъйар. КIиранан жамIаш


Мусаева Зарема
Мусаева Зарема

Германехь Нохчийчуьра стаг лацар а, “Ахматанэскархоша Белгородехь хIусам эккхийтар а, нохчийн оппозиционерийн нанна Мусаева Заремин тоьхна хан йахъйар а – цунах а, и доцчух а дуьйцур ду шуна Маршо Радионо хIора кIиранах арахьоцучу 100-чу подкастехь.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Германехь Нохчийчуьра орамаш долу стаг лацар

Оьрсийчоьнан вахархо Зелимхан Д. лаьцна Германехь "Исламан пачхьалкх" террорхойн тобана ахча латторна шеконца, хаам бо Маршо Радионо, Германин Федералан прокуратуран хаамна тIе а тоьвжаш. Berliner Zeitung зорбано билгалдоккху "цхьаболчу хаамашца, лаьцнарг Нохчийн орамаш долуш ву".

Лацаран ордерехь йаздина ду, Зелимхан Д. 2022-чу шеран марсхьокху-баттахь зуламаш дечу вовшахтохараллех дӀакхетта аьлла. Церан Ӏалашо хилла Германехь а, кхечу Европерчу пачхьалкхашкахь а "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанна ахча гулдан.

Талламан версица Зелимхан Д. Берлинан кӀоштахь сагӀанаш а гулдеш, фондан куьйгалла деш хилла. Цуьнан гӀоьнца гулдан аьтто баьлла ачха -60 эзар сов евро.

Ахматхойн эскархоша эккхийтар дина Белгородехь

Нохчийн "Ахмат" декъан эскархоша цхьана цIа чохь эккхийтар дина Белгородехь: эскархойх цхьаъ велла, веанна чевнаш йина. Стенна латтош хилла цигахь тIеман гIирс, хууш дац, и бахьана долуш йаьлла цIе, йздо Astra телеграм-канало.

Орцаллин министралло кIелхьара баьхна луларчу гIишлошчуьра нах, урамаш дIакъевлинера. Iедалхоша тIечIагIдина эккхийтар хилар а, цIейалар а. Амма ца дуьйцу, мича бахьанашца хилла а, мел зенаш дина а.

Нохчийчоьнан куьйгалхочо, "Ахматан" урхалло а санна, хиллачех комментарий йина йац. Кадыровхой йукъахь болуш "девнаш" Белгородан кIоштахь хьалха а дуьйлура украинхойн мухIажарашна гIо деш хилла волонтер лачкъийра Нохчийчуьра эскархоша. ТIаьхьо иза велла карийра СИЗО-н камери чохь.

Ишта бахархой эргIад бахийтира Валуйки гIали йуккъехь Нохчийчуьра эскархоша хелхарш деш видео йаьржича а. 2023-чу шарахь кадыровхой Белгородан кIоштаца долу доза лардан хьовсийра. 2024-чу шеран аьхка Z-блогера Романов Владимира хаам бира, нохчийн дакъош салташна тIехьа лаьтташ ду аьлла.

ТIаьхьо цуьнга къурд алийтира, ша аьллачунна дохко а воккхуш.

"Пепел-Белгород" телеграм-каналан автор Парменов Никита: "Ас эр дацара уьш кадыровхой бу, хӀунда аьлча, хӀара полк “Ахмат-Запад” йу, "Ахмат" спецназан йукъа йог1уш йолу, цига йерриге а Оьрсийчуьра йолахой бу дIаоьцуш. Ткъа уьш массо а нохчийн къомах бац. Амма, дукха хьолахь, дозанехь болу цхьаболчу Оьрсийчоьнан эскархошна йукъахь, шайн леларца къаьсташ бу, цундела олу царех массара а "кадыровхой". Цхьацца хаамийн гӀирсашкахь, "Ахмад-Запад" эскархоша тIамехь шайн жигаралла гайтархьама тайп-тайпана шеконе видеош йохура, Кадыров Рамзана уьш шен инстаграман а, телеграм-каналан а агIонашка а хIиттош."

Нохчийн политикан тутмакхна Мусаева Заремина тоьхна хан йахъйина

Соьлж-ГӀаларчу кхело чиллан-беттан 24-гӀа де тӀекхаччалц набахтехь йоккху хан йахйина политикан тутмакхан Мусаева Заремина. Бакъонашларъйархоша хаддаза дIакхийкхош ду Зарема вуно хала цамгарш токхуш йу, могушалла де дийне эшна йогIуш йу цуьнан бохуш.

"Iазапашна дуьхьало латточу Командо" бинчу хаамца, кхелан сацамна далийна бахьана дара – цо набахтин белхахошна тӀелатар дан кхерам бу аьлла.

Мусаева Заремина дуьхьал керла гIуллакх долийна хилар хиира лахьан-беттан 11-чохь. Талламхоша дийцарехь, цо ФСИН-ан белхахочунна тӀелатар динера, цуьнан белша тӀера погон схьа а йоккхуш. Мусаевас бехк тӀе ца лецира.

Бакъонашларъйархоша билгалдоккху, Оьрсийчоьнан дозанал арахьа болчу цуьнан кӀентийн - ЯнгулбаевгӀеран оппозицин белхаш бахьана долуш закъалтхо йина Мусаевах аьлла. Цунна дуьхьал шолгӀа бехктакхаман гӀуллакх айдира, ЯнгулбаевгIарах цхьаммо Кадыров Рамзанах лаьцна луьра дӀахьедар дина ши де даьлча.

Австрин Iедалхоша Оьрсийчу дIавелла нохчийн мухIажар

Мангал-беттан 23-чохь Австрехь итт шарахь сов шен бизнес йолуш вехаш хилла Нохчийчура мухӀажар дIавелла Оьрсийчоьне. Цунах лаьцна Маршо Радиога хаам бира Австрехь дозанал арахьа йолчу Нохчийчоьнан Ичкерин Республикан векало Дунаева Розас.

Цо дийцарехь, депортан бахьана хилла тарло, дуккха а шераш хьалха, Шема тIом бан ваханчу мухӀажарца цхьаьна даьккхина сурт. Нохчийчохь бехачу цуьнан гергарчийн дехарца редакцино цуьнан цIе йоккхуш йац.

"Оьрсийчу дIавелла жима стаг, цкъа а йа Шемахь хилла а вац, йа радикалан хьежамаш болуш а вацара. Вуно дика Европерчу йукъараллехь интеграци йина а вара,"- билгалдоккху Дунаевас.

Цо тӀетуьйхира, депортацин сацамаш дукха хьолахь формалан критерийн буха тӀехь тӀеоьцуш хилар, хӀора мухӀажаран хьелаш а, цуьнан амалш а тидаме а ца оьцуш.

2024-чу шеран дечкен-баттахь бакъонашларъйаран Amnesty International организацино кхайкхам бира Евробертан пачхьалкхашка, Къилбаседа Кавказера мухӀажарш Оьрсийчу дӀа ма ло аьлла, хӀунда аьлча, царна тIехь гӀело хьегийта тарло, йа бертаза Украинерчу тӀаме хьийсон кхерам бу аьлла.

Шайна атта доллучохь ладогIа подкасте:

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG