ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Бакъо йоцуш хьонка баккхарна шеконаш йу Германихь нохчих


Нохчийчоь, гайтаман сурт
Нохчийчоь, гайтаман сурт

Немцойн Саксония лаьтта тIера полицино рейдаш йолийна Лейпциган йистошкара хьаннашкахь бакъо йоцуш хьонка боккху нах лоьхуш. Бакъоларйаран органийн белхахойн хаамашца, царех дукхахберш – Оьрсийчуьра бу, доккхачу декъанна, Нохчийчуьра. Къайлах боккхучу хьонкин барам 100 килане гергга бу.

Цунах лаьцна экологин Utopia.de гIирсе дийцина полицин пресс-секретаро Граупнер Криса. Оьрсийчуьра бахархой а, нохчий а хIун бахьана долуш бехкебо, цо билгал ца даьккхина. Полицино хаамбина, стохка бакъо йоцуш хьонка боккхуш виъ стаг лаьцна, амма церан а цIераш йаьхна йац. Лейпцигна гергарчу хьаннашкахь къайлах 800 килана тIера 1000 килана тIекхаччалц хьонка баьккхина.

Грапнеран дешнашца, хьонка баккха боьлхурш оцу меттигна тIебуьгу, цул тIаьхьа йаккхийчу машенашкахь хьонка бохка дIахьо. Белхан духар хьуьнхахь хуьйцу цара, цIенаниг къайлене охьадуьллу.

Германин низамаша дихкина ду хьуьнхахь хьонкин курс йаккха а, ткъа дуккхаъчу барамехь баьккхинехь административан низам дохор лору. ГIуда кхачадо цунна 2,5 эзаре гергга, ткъа къаьсттина чолхечу хьелашкахь – 10 эзар евроне кхаччалц.

Цхьана заманчохь хьуьнхо лаьттинчу Ройман Маркос хьостана йеллачу комментарихь кхетийра, бакъо йоцуш хьонка боккхучарна тIаьхьабийлар хьуьнхахь шортта кхуьу хьонка Iалашбарца доьзна хилла ца Iаш, цара хьунна дечу зенца а доьзна ду - нехаш йуьтуш, наггахь бен кхуьуш доцу Iалашдан деза ораматаш хьоьшуш, дийнаташ кхерош, къаьсттина уьш дехкина, цара шайн тIаьхье йузон сезон йолчу хенахь.

  • Хьонкех шуьйра пайдаоьцу Къилбаседа Кавказан къаьмнаша йуург лелош, иштта нохчашаа, бIаьстенан йуьххьехь баккха болабо хьонка Соьлжа-ГIалахь хьонкин фестиваль а цхьаьна хуьлу.
  • 2021-чу шарахь Нохчийчуьра вахархо сацийра 500 кила хинболу 20 гали хьонка хьош воьдучу хенахь Оьрсийчоьнан Украинаца доза хадочу хенахь. Францихь бехачу шайн гергарчарна хьуш хиллера цо и.
  • Регионехь лоруш ду хьонка сезонехь кхетачу цамгаршна дуьхьал къийсам латтон кеп йу. Коронавирс кхеттачу стагана а цо дарба до бохуш, бахархошлахь хабарш даьржинчу заманчохь 2020-чу шарахь хьалхара пандемин тулгIе йоьдуш Къилбаседа Кавказан базаршкахь хьонкин мах цIеххьана бестийра.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG