ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Германихь Нохчийчуьра вахархо лаьцна махкахо верна шеконашца


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Нохчийчуьра вахархо лаьцна Германихь, цо шен махкахо вийна аьлла бехке лерина. Кавказ.Реалии сайтан хаамашца, тIелеттачо урс диттина цунна цуьнан доьзална хьалхха.

Рейхенбах-им-Фогтланд гIалахь хиллачух дахначу кIиранах йаздира меттигерчу Sächsische.de ресурсо. Полицин белхахой баьхкинера, хи чу йоьжначу машенна тIехула кхайкхина. Оцу хийистехь диъ адам хиллера, цу машенахь доьдуш хилла: 25 шо долу стаг, 22 шо долу зуда, жима ши бер а.

ШолгIачу дийнахь полицино дIахьедарца, оцу заманчохь лахарчу мехах хIуманаш йухкучу гена йоццучу туьканахь кхин а цхьа стаг хиллера 36 шо хир долуш, ворхI що долу кIант шеца а волуш. Масех чов йара цу стагана йина – чолхе чевнаш хиллера уьш, оцу меттигехь иза кхалха а кхелхаш. Бакъоларйаран органашна хетарехь некъан бохамехь оцу тайпа чевнаш цунна хуьлийла дацара.

Цуьнан дакъа экспертиза йайта хьажийра талламо, иштта криминалисташ тешна бу, хи бухара хьалайаьккхина машен теллинчул тIаьхьа жамIаш дойла хир йу шайн аьлла.

Шеконаш йу машен хи чу йахначу бердйистехь хиллачу стагах. Иза лаьцна, тIахьо кхелан сацамца чувоьллина.

Велларг а, бехкехетарг а – Нохчийчуьра ву. Оцу инцидентан бисина декъашхой дарбан цIийне бигира кега-мерса чевнашца, ворхI шо долу кIант цуьнан могушалла зийначул тIаьхьа социалан берийн доладечу хIусаме велла.

Кавказ.Реалии сайтан хьасто дийцира, урс диттина вийначун цIе ИбрахIим йу. Официалехь цуьнан кхалхаран бахьанех хаам беш бац, амма Sächsische.de гIирсо хьахийна уьрсан чевнаш хиларх тIачIагIйаза информаци.

  • Де хьалха Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара Воскресеновская эвлара 54 шо долу вахархо вийра шен жимахволчу кIантана хьалха – тIелеттачо масийттаза урс диттира цунна. Ша иза вуьйш дIайазйина видео нахалайаьккхира тIелеттачо ша. Оршотан дийнахь лецира бекхенинг. ТIечIагIбазчу хаамашца, иза вийна боху цо чIир йоькхуш.
  • ГIуран-баттахь немцойн Мюнстерера кхело йухаийцира 21 шо долчу нохчочунна А.Нурадина депортаци ца йан бина хилла сацам, 2022-чу шарахь гей-парадехь цхьана стагана йиттинера цо. Оцу зуламна кхел йира Нурадина пхи шо набахтехь даккха а тухуш, иштта цунна тIедожийра къаьркъа молуш, наркотикаш лелош хиларна клиникехь реабилитацихула чекхвалар. Нурадин адвокато чIагIдо, ша Iалашвийриг гомосексуале ву бохуш, цуьнан ориентаци бахьана долуш кхечу нохчаша кхерамаш тийсинера цуьнан доьзална.
  • Марсхьокху-баттахь Францихь стаг вийна аьлла шеконашца лецира 23 шо долу Нохчийчуьра Мохьмад цIе йолу стаг. Байонна гIалара вахархочунна тIелеттера кхо стаг, цо шайгара бехкбаьккхинчул тIаьхьа – цуьнан хIусам чу воьддучохь хьаткъа диттинера цара. ШолгIачу дийнахь Мохьмад дIахийцира, цунах йолу шекоанш дIа а йохуш – шен алиби хилар тIечIагIдинера цо.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG