Шмайхель Франка билгалдаьккхира, ша болх беш йолу кампани Къилбаседа Кавказан регионан имидж тоярехь къахьоьгуш ю, аьлла. "Оьрсийчохь а, цул арахь а Нохчийчоьнан васт эрчадаьккхина гойтуш ду. Амма суна сайн бIаьргашца кхузахь гинарг вуно исбаьхьа сурт ду. Сан Iалашо ю – и сурт доллучу дуьненна а дIагайта", - элира Германерачу хьешо.
Цу цхьанакхетаран жамIехь шина агIоно барт бина, кеста Берлинехь немцойн-нохчийн уьйраш чIагIъяран кхерч кхолла.
ТIаьхьарчу массийта шарахь юх-юха а хезаш ду и къамелаш, Нохчийчоьнан урхалла шен векалт Берлинехь схьаелла дагахь ю бохуш долу, амма хабаршна тIера кхин хIума хийца делла дац, дуьйцу Немцойн-Кавказхойн доттагIаллин юкъараллан куьйгалхоч Маас Эккехарда.
Маас: "Дера тхо цу хIуманна гIайгIа йолуш а ма ду, цу тIехь терго еш а ма ду. Амма цкъачунна билгалдаьлла цхьа а хIума дац. Суна хаьа, и тайпа хаамаш кест-кеста баьржаш буйла. Иштта амал ю цигарчу Iедалийн, шаьш хIарий-важий деш ду, бохуш, цхьацца хIума даздой дуьйцуш, ткъа жамIехь кхин хIума а ца хуьлу. Кхузахь векалташ а, кхерчаш а схьайоьлуш ю боху хабар дуьйцу ю дукха хан, дина даьккхина хIума дацахь а".
Амма и тайпа кхерч кхоллахь а, иза тамашийна хир дац, хIунда аьлча, тIаьхьарчу хенахь Германехь бехачу нохчашлахь алсам бовлуш бу ДегIастанарчу Iедалхошка критикалле хьежар доцу нах, бохуш дуьйцу Маас Эккехарда.
Маас: "Цхьаццаболу нохчий бу кхузахь, Оьрсийчоьнца башха гома боцуш. Уьш оьрсийн векалто а, оьрсийн культуран кхерчо а еш йолчу суьйренашка а, даздаршка а боьлху.
Хьалхо "Вайнах" цIе йолу хелхаран тоба яра кхузахь, Оьрсийчуьрчу дуккхаъчу кхечу тобанашца еана. Йоккха гала-шоу а йина, даздарш дара Оьрсийн культуран кхерчо кечдина, цигахь 5 минотехь хелхабевлира уьш. Со-м цига ваха а ца вахара. Со нохчи ца хиларе терра, сан-м цига ваха бакъо а дера яра. Амма кхузара цхьаболу нохчий-м боьлху цига. Ас-м олу цаьрга, эхь ду шуна ишттачу метте дахар, олий".
Цхьана агIор, Соьлжа-гIалахь ечу гIишлойх бакхийбер а, цигара зовкхаш хестор а даьржаш делахь а, амма, вукху агIор, Германе цIера бевдда схьаоьхучу нехан терахь а лахлуш дац, бохуш дуьйцу немцойн-кавказхойн доттагIаллин юкъаралан куьйгалхочо.
Маас: "Цу хIуманан бIостанера болам а бу иштта-м. Генара дIа анализ йича, уггаре а хьалха кхуза схьаихинарш тIамах бевдда мухIажирш бара. Цул тIаьхьа схьабогIуш хилларш политикан мухIажирш бара, - и бохург ду, цхьанна а тайпана Нохчийчоьнан маршонехь къийсина я цу къийсамца зIенехь хилла, юха и бахьана долуш Iедало хьийзош берш.
Ткъа хIинца вуно дукха цомгуш нах оьху кхуза схьа. Дукха бу, инзаре хала цамгарш токхуш долу бераш а далош, схьаоьху наной. Кхузахь шайна дарба дийр дацара те, бохуш, сатуьйсу нах бу уьш, Оьрсийчохь царна дарба дайта дIадала ахча а, таро а йоцуш болу. Вуно дукха бу хIинца схьабаьхкинчарна юкъахь туберкулез йолуш а, гепатит С йолуш а лазархой".
Маас Эккехарда юьйцу пехийн цамгарш а, доIахан цамгарш а, царел сов, Нохчийчуьрчу бахархоша ловш долу уьне цамгарш, заьIапаллаш, - уьш дерраш а аьлча санна, оьрсийн пачхьалкхо Нохчийчохь шерашкахь бинчу къизачу тIемийн а, цара цигахь даржийна хиллачу дIаьвшечу герза-молханийн а тIаьхьалонаш ю, коьрта тIе хаддаза эгачу бомбанийн терахь лах ма деллий, айпе могашаллехь схьагучу юьйлуш йолу.
Бакъду, цу хIуманна къера а хилла, нахана дан догIучу дарбанна жоьпалла шена тIеэца сих ца ло Оьрсийчоьнан урхалла. Нагахь санна, тIамо хIаллакйина нехан могашалла юхаметтахIотторан гIулчаш цо йохуш елахь, мел кIезиг а, и Маас Эккехарда буьйцуш болу могашаллин дуьхьа Европе схьагIерташ болу нах цIахь совцур бара.
Амма хьенан бу цаьрца бала?
И нах юхацIехьа берзон Iалашонца, векалташ, уьйраш чIагIъяран кхерчаш схьаеллар санехь долчух тера ду.