ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Канцлеран даржехь кхозлагIа а тIечIагIйина Меркель Ангела


Германи -- Канцлеран даржехь кхозлагIа а тIечIагIйина Меркель Ангела, ГIур17, 2013
Германи -- Канцлеран даржехь кхозлагIа а тIечIагIйина Меркель Ангела, ГIур17, 2013

Немцойн Бундестаган 63I депутато 462 озаца шинари дийнахь тIечIагIйира Меркел Ангела юха а шен канцлеран даржехь. Шина баттахь сов дIадаьхьанчу Германин министрийн кабинет кхолларах долу дагадовларш масех де хьалха дIадирзинчул тIаьхьа хилира иза. ШозлагIа дуьненан тIом дIабаьлчахьана цкъа а хилла дацара цу кепара деха дагадовларш Германехь харжамаш хиллачул тIаьхьа.

Иза стенца доьзна дара аьлча, харжамашкахь толам баьккхинчу Меркелан Кериста-демократийн партин, цуьнца декъа йолчу Кериста-социалистийн кхеташонний кхаьжнаш ца тоьара, шайн ницкъашца урхаллин кабинет кхолла. Цундела царна тIедоьжнера, меттигерачу низамашца, харжамашкахь шозлаха я кхозлаха меттиг яьккхинчу партица, министрий кабинетехь гIенташ доькъуш, коалици кхоллар.

Шина баттахь цкъа шозлаха меттиг яьккхинчу Социал-демократийн партица къайлаха дагаюьйлуш, тIаккха кхозлаха меттиг яьккхинчу Баьццарчу партин векалшца берта йоьдуш, сацам бина ца йолуш, юкъаралла а, политикан гуонаш а ладоьгIуш латтийра Меркела. Эххара а сацам бовзийтира – социалисташца цхьаьна ша урхалла дан реза хилар.

И бохург ду, немцойн министрийн кабинетехь ворхI министралла социал-демократашна кхочу бохург. Царна юккъехь коьртачех дарж ду – Германин арахьарчу гIуллакхий министран дерг. Иза масех шо хьалха цкъа оццу даржехь хилла волчу вевзаш волчу немцойн политикана Штаймаер Франк-Вальтерна кхаьчна.

Оьрсийчоьнан а, Нохчийчоьнан а бахархошна иза вевза, цкъа мацах Шредер Герхард немцойн канцлер волчу хенахь, ткъа Нохчийчохь юкъебаьлла боьдуш къиза тIом хиллачу хенахь немцойн арахьарчу гIуллакхийн министр а, Шредеран гергара доттагIа а хилла хиларца, цуо кест-кеста шен Оьрсийчоьнан куьйгаллица хиллачу цхьаьнакхетаршкахь „Нохчийчуьра хьал – иза Оьрсийчоьнан чоьхьара гIуллакх ду“ бохург чIагIдеш хилла хиларца а. ХIинца а иза цу дарже юхавирзича, Оьрсийчоьнца тIаьхьарчу хенахь гIеххьачул сов шелйелла йолу Германин юкъаметтигаш толур ю аьлла хеташ бу тергамхой.

Иштта социалистийн партин куьйгалхо волчу Габриэл Зигфридна коьртачех министралла кхаьчна – экономикан дерг. Белхан министралла а, доьзалийн министралла а, Iаламлардаран дерг а, юстицин дерг а социалисташкахь ду.

Хьахон догIу иштта, шен лерина министралла ца кхаьчнехь а, амма немцойн министрийн кабинетан декъашхо хила дуьххьара туркойн къомах йолу зуда Озогуз Айдан. Иза канцлеран администрацехь миграцин а, мухIажарийн а, интеграцин а пачхьалкхан секретаран даржехь хир ю.

Иштта хьахон догIу, дуьххьара немцойн исторехь тIеман министраллин коьртехь зуда хIоттийна хилар. ВорхI беран нана а йолуш, шен хенахь доьзаллийн министр, тIаккха белхан, ткъа цул тIаьхьа социалан министр хилла йолу фон дер Ляен Урсула ю хIинца Бундесверан куьйгаллехь.

Мацах цкъа ша доьзалийн а, интеграцин а министр йолчу хенахь вуно чIогIа мигрантийн доьзалийн интеграци ярна тIе тидам бохуьйтуш яра фон дер Ляен, цуо Берлинехь а, кхечу гIаланашкахь берийн берашкахь а, ишколашкахь доьшучу кхечу кхаьмнийн орамаш долчу берашца цхьаьнакхетарш дIахьора кест-кеста, ша йолчу балха а кхойкхура дешарехь тоьлла долу мигрантийн бераш. Ишттачу цхьана цхьаьнакхетаре немцойн мотт дика хаарна кхайкхина Берлинерчу цхьаьна берийн бешара 5 шо долу нохчийн йоI а яра.

Юкъарчу хьесапехь аьлча, керлачу урхаллера мигранташна а, хийрачу мехкашкара хьалха а , тIаьхьа схьаихначу нахана башха да воккха вечу агIор хийцамаш хир бу аьлла ца хета тергамхошна. Консервативе керистаний хьежамаш болу Меркела куьйгалла деш йолу парти цкъа а яцара мигранташна башха тIера, ткъа тIаьхьарчу шерашкахь экономикан кризис кIарга мел ло а, хийрачаьрца йолу гамо немцойн юкъараллехь алсам йолуш лаьтта.

Iедало амма шен агIор и хьежамаш лахбан я банне а дIабаха йохуш башха гIулчаш а яц. И дерриге а гуш болчу мигранташа, шайна юкъехь Нохчийчуьра берш а болуш, харжамашкахь дакъа лаца шайн бакъо ерш Меркелан Кериста-демократашна а ца тоссуш, Баьццарчу партина а, социалисташна тессира кхаьжнаш. Немцойн МайнтIерачу Франкфуртехь вехаш волчу Ахмадов Сайхана санна.

Ахмадов Сайхан: „Кхаж хьанна тоссура вайнаха аьлча, дукхахболчара суна бевзачара социал-демократашна а, баьццарчу партина а тоссура. Церан политика мелла а тхаьшна гергар хеташ ду тхо. Ткъа Меркелна вайчара кхаж ца тассаран бахьана, суна хетарехь, кху тIаьхьарчу хенахь кхузарчу юкъараллехь долу хьал мелла а вуочу агIор хийцаделла аьлла хеташ ду тхо.

Мацах цкъа яханчу хенахь кху махкахь хиллачу кепара цхьацца радикалан хьежамаш юха карлабуьйлуш санна хета тхуна, кхечанхьара тIебаьхкинчаьрца а, хийрачаьрца а йолу юкъаметтигаш а гамлуш санна хета. Ткъа и хIума иштта хиларна бехке Iедалан куьйгалла ю. Цара иза магош дацахь, иза иштта даьржаш хир дацара юкъараллехь“.

Амма Германин харжамийн жамIашна тIеIаткъам балла дукха бац цигахь нохчийн мухIажарш. Церан аьзнаш хIурдалахь хин тIадам санна кIеззиг ду цкъачунна. Ахмадов Сайхана ма-дийцара, хIора шарахь харжамашкахь дакъалаца бакъо йолу вайнах алсам бовлуш белахь а.
XS
SM
MD
LG