Германехь карарчу хенахь бехаш 4 миллион сов бусулбанаш бу, церан терахь дела денна аьлча санна алсам долуш а ду, кхечу мехкашкара тIебаьхкина бусулбаниш бахьана долуш хилла ца Iаш, иштта дуккхаъчу Германин бахархоша а им дуьллуш хиларна. Ткъа махкахь бехачу бусулбачарех 130 эзар герга стаг Кельн гIалахь вехаш ву.
Цигахь, Кельнехь, кесталгIа схьаделла дезаш ду Германехь хилла ца Iаш, йоллучу Европехь а уггаре а дакхийчех хир долу керла маьждиг. Цу хьаштана туркойн Iедалхоша а, амма коьртачу декъехь „Дитиб“ туркойн дикадаран юкъаралло а хьажийна 40 миллион доллар ахча дара.
Маьждиган 1200 бусулба стаг ламазна тIеэца йиш хир ю. Иза, ламазан цIа хиларал совнаха, дийна цхьа исламан кхерч хир ю, шена чохь иштта библиотека а, хьаналчу кхачанийн ресторан а, хьуьжаре а, кхин дIа йолу бусулбачийн хьашташна оьшуш йолу кхерчаш а йолуш. Ткъа цу маьждиган момсарш 30 метар лекха хир ю.
Уьш, и момсарш, бахьана долуш, масех шо хьалха маьждиган проект Кельн гIалин дайша юкъараллийна йовзийтича дуьйна схьа цхьаццаболчу меттигерачу бахархоша, шайна тIехьа лаьтташ немцойн ультранационалистийн „Про Германи“ цIе йолчу боламан жигархой а болуш, кест-кеста дуьхьалонан акцеш дIакхийхьийра, маьждиг дар Iедале дехкийта гIерташ.
Цу тIехь шайн аьтто ца баьлча, кхин ца долучу даьлча, меттигера, маьждиг дечу Эренфельд цIе йолчу Кельнин кIоштара бахархой цу хIуманна дуьхьала баха гIерташ а лийлира уьш.
ХIетте а, гIалин дай шаьш къобалйинчу проектана тIехь севцира. Ткъа маьждиг дечу „Дитиб“ юкъараллин жигархоша а, маьждиган проект кхоьлина йолчу тобано а Кельнехь дуккхаъ белхаш дIабаьхьира, меттигерачу бахархошна и Делан хьахоран кхерч цхьанна а кепара зене хир йоцийла дIахаийтархьама.
„Дитиб“ юкъараллин интеграцин хьокхехь волчу векало Албога Бакарс дийцарехь, муьлхачу а йоккхачу гIалахь цу кепара хаза а, исбаьхьа а маьждиг хилар меттигерачу бахархошна мелхо а санехь хIума ду, хIунда аьлча, ишттачу гIишлоно а, кхерчо а шортта туристаш тIеузу. Цул совнаха, бусулбачийн, меттигерачу керистийн вовшашна довзар а, вовшех кхетар а алсам даккха гIалашо а ю маьждиг дечеран.
ХIетте а кIезга бац Кельнехь цу маьждигна резабоцурш а. Къаьстина националисттйн хьежамаш болчу партин векалша дуьхьало йо маьждиг дарна. Аналисташна хетарехь, кхо бIе стаг бен декъашхо а воцуш йолчу цу партин куьйгаллин дика хаьа, террорхой а хьахош, бусулба дин Европехь сихонца даржар а хьахош, меттигерачу нахана юккъехь кхерамаш баржоро партина керла кхаьжнаш Iалашдан там буйла.
Цундела, масала, бусулба динна гомачу жигархойх цхьаъ волчу „Про Германи“ боламан декъашхочо Патберг Михела боху, ша тешна ву, и маьждиг дар – иза лерина цхьа политикан болам бу, Кельн гIалахь бусулбачийн нуьцкъалла гайтархьама дIахьош.
„Керистачеран хIуьттаренна деш хIума ду иза. Массарна а хууш ма ду, Кельнера Петар цIарах долу килс Германехь керистанийн уггаре а йоккхох символ юйла. Ткъа шайн маьждиг цул а доккхох а дина, керистанаш охьатаIон Iалашо ма ю церан“, - бохуш, чIагIдо цо.
Бакъду, иза дацаре до Кельн гIалин дайша а, бусулбачийн векалша а. Маьждиг дечу Эренфельд кIоштан бургомистр волу Виргес Йозеф тешна ву, даханчу шерашкахь политикаша а, юкъараллин жигархоша а дукхаъ гIалаташ дина хиларх, бусулбанаш хийра нах болуш санна, уьш цхьана кхечу дуьнентIера кхуза баха схьабаьхкина болуш санна, царех дIаэн а, уьш бухарчу немцошца схьаэйта а гIулчаш ца яхарна.
Ала догIу, Кельнехь вехаш волчу I30 эзар герга бусулба стага хIинцалца схьа а Далла Iамал ян йиш йолуш 30 маьждиг ду. Амма, националистийн хьежамаш болчу тобанийн лаам хьалха а баьккхина, керла маьждигаш дар доьхкуш дац Iедало.
Дукха хан йоцуш меттигера бахархой дуьхьал бу бохучу бахьанца Москох гIалин дайша бусулбачарна маьждиг дар дихкина хилар. Москохах, ала дашна, вехаш тайп-тайпанчу хьосташца 2 миллион герга бусулба стаг ву, ткъа оццул долчу халкъана дина 4 маьждиг бен дац.