Аншлаг. Иштта ю лаьцначу шина шпионан фамили, нохчийн матте даьккхича „тIелатар“ санна гочдан мегар ду и дош. Шена тIе тидам бохуьйтуш дерг ду, и церан фамили бакъйерг а йоцуш, шаьш Оьрсийчоьнна айкхалла дан сацам бича, цара шайна керла тIеэцна цIе иза хилар. Андреасий, Хайдруний АншлаггIар боккъал а хила а хилла шаьш дехачу пачхьалкхенна, Германина, тIелатарш деш, герзаца ца дахь а, амма айкхаллин ямартлонаца.
Цкъа хьалха, Советийн заманахь, КГБ-на болх беш хилла долу и мар-зудий, Советан пачхьалкх йоьхначул тIаьхьа Оьрсийчоьнан арахьарчу талламийн сервисе дехьа даьлла хилла. Малхбузенан къайленаш, уггаре а хьалха НАТО тIеман альянсаца доьзна долу хаарш, Европин политикан а, экономикан а къайленаш а, Малхбузено Оьрсийчоьнца юкъаметтигаш лелоран стратеги а хилла цара толлуш ерш.
Уьш хила а ца Iа. Иштта, масала, немцойн хаамийн гIирсаша бинчу хаамашца, АншлаггIара тIаьхьарчу шерашкахь жигара талламаш беш хилла, Австрехь а, Германехь а, Голландехь а тховкIело лоьхучу нохчийн а, кхечу Къилбаседа Кавказерачу а, йоллучу Оьрсийчурчу а мухIажаршна тIехь. Цу балхана тIехь царна гIо деш хилла масех бутт хьалха Голландехь лаьцна волу кхин цхьа а оьрсийн айкханча.
Цо, масала, шен Голландин арахьарчу а, чоьхьарчу а министраллашкахь йолчу зIенех пайда а оьцуш, АншлаггIарна оьшуш йолу кхайлаха инфорамаци латтош хилла. Ткъа шаьш АншлаггIара немцойн ХIессен лаьттахь а, Баден-Вюртенберг лаьттахь а, гочдархой санна, мухIажаршца зIене а буьйлуш, царех долу хаарш гулдеш а, уьш цул тIаьхьа Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисашка дIакхачош хилла.
Ала догIу, Оьрсийчоьнна болх беш болчу айкханчаша, АншлаггIара санна, гочдархойн тутмIаьжигашца мухIажарийн гуонашка а бовлий, уьш шайх теша а бой, цаьргара хаарш гулдар Германехь дуьххьара нислуш дац. Берлинехь цхьа ши шо хьалха масех оьрсийн зуда нахала елира, нохчийн мухIажаршца, шаьш эшахь мехаза а талмажалла дийр ду, бохуш, зIене а буьйлуш, цу тайпана шпионалла лелош хиларехь гучу а аьлла.
Дукха бу Германехь а, Австрехь а иштта талмажалла дан оьхучу оьрсийн айкханчаша мотт а тоьхна, Оьсрийчоьно терроризмана я бандиталла лелорна бехке а беш, дIабоьхуш болу нохчийн мухIажарш. Царех цхьаъ вара немцойн Кельн гIалахь вехаш хила волу шовзткъа шаре ваьлла волу цхьа стаг.
Германе ша схьавеана дукха хан ялале, шен нохчийн доьзал бита а битина, талмажалла дан еанчохь шена евзина йолчу цхьана оьрсийчунца ваха хиънера иза. Ша тIемаш бина хиларх а, Ичкерин заманчохь шегахь инарлин дарж хилла хиларх а, ткъа иштта Кавказ-Имаратан агIонча, цуьнан Европера векал а ша волуш санна дозаллаш деш волчу цо оцу метишкане а им диллийтинера.
Цхьаъ шо хьалха Оьрсийчоьно террорхо ву аьлла, дIа а вехна, Германера араваьккхира иза. Ткъа цо ша им диллийтина бохуш, вуно доккха йовлакх а коьртах доьллина лелийна йолу метишка хиллера цунна мотт тоьхнарг а.
Нохчийн диаспорийн гуонашкахь шуьйра бийцаре бина хилла болу и хилам цу могIарера цхьаъ бен боцург бацахь а, амма уггаре а масалалле берг лара мегар ду. Дукхахьолехь, шаьш къемата а ца лелийна долчу тIеман турпалаллашца дозаллаш а деш, и дозаллаш массаьрга а дIа а кхайкхош лелаш хуьлчу цхьаццаболчу шаьш шайна даржа деллачу „инарлийн“ догцIеналла царех шайх яхна а ца Iаш, царна гуонахьарчарех а йоьду, цхьанна а къайле а йоцуш, „аншлаггIарех“ яьккхина Европа хилар цара дицдича.
Бакъду, цу айкханчех мел кIезга а шиъ, Хайдруний, Андреасий АншлаггIар кхин Оьрсийчоьннна болх бахь тамаша бу. Кху деношкахь Германехь хоттуш ду церан дов. Хетарехь, шарахь 100 эзар евро алапа а оьцуш, Оьрсийчоьнна болх бинчу шина зуламхочун дуккхаъ шераш набахтехь дакха дезар ду.