Немцойн-оьрсийн юкъаметтигаш, кху муьрехь санна, шийла хилла яцара тIаьхьарчу шерашкахь. ХIинца Оьрсийчу яхначу немцойн канцлеро Меркель Ангелас, и шело мелла а яшон гIерташ, гIулчаш ехира. Бакъду, ца яьлла цо йина йолу лохха критика а шен дарвалар хьул ца деш, тIеийцира Оьрсийчоьнан президенто Путин Владимира.
Шен кепехь Путинан комплиментех Iалашлуш яра ша канцлер а. "Хьо тоьлла стаг ю немцошлахь", - эккхийтира цкъа оьрсийн президента. "Тоьлла немцо ванне а вац, вац дуьнентIехь я тоьлла оьрси а" - дара жоп. Бакъонашца хIора стаг а хила догIу, кхечунна бале а воцуш, цхьабосса мехала бохург дара канцлеран дешнийн бухехь
Шина пачхьалкхан хIинцалерачу куьйгалхойн цхьанакхетаре тергамхой ладоьгIуш болу дикка хан яра. ТIаьхьарчу цхьана баттахь дIатуьйш дацара Германехь, Меркель Москох яха кечлучу муьрехь, цо цигахь хьахон декхар долу а, дийцаре даха дезаш долу а хеттарш билгалдохуш, немцойн Бундестаго вовшахтоьхна йолчу резолюцина гонаха гIевттина дийцарш.
И резолюци немцойн депутаташа, цкъа хьалха, вуно ирачу критикаца хIоттийнера, карарчу хенахь Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешарца гIарадаьллачех цхьа а хIума юьстах ца дуьтуш. Амма немцойн арахьарчу гIуллакхийн министралла юккъе а гIоьртина, цу документа юкъара цхьаццадолу уггаре а ира дешнаш дIадахийтинера, шена критика йича ца мегаш хиларца гIараяьллачу Кремлан оьгIазло Германина тIе ца йозаялийта.
Канцлера дан догIучу а, ткъа цхьанакхетарехь дендолчу а къамелийн проекташ немцойн журналисташа гIараяхар бахьана долуш, мелла а шина пачхьалкхана юккъехь ша-тайпа дипломатийн гIовгIа а иккхира. ХIунда аьлча, Германехь Оьрсийчоьнан политика емалъечех уггаре а вевзаш волу аналист Шоккенхоф Андреас (Бундестагехь Iедалехь йолчу немцойн Кериста-демократийн партин вицеспикер) шаьш официалан тIегIанехь кхин тIеоьцур вац, я цуьнца официалан юкъаметтигаш а лелор яц, аьлла, Кремло дIатеттина хиларна а, цул тIаьхьа немцойн агIоно и хIума бахьанехь керлачу гонехь Оьрсийчоьнан куьйгаллина критика йина хиларна а.
И дерриге а тидаме эцча, хьалххе кхеташ дара, Оьрсийчу боьду некъ немцойн канцлерна аттачех хир боцийла. Массо а ладоьгIуш вара Путинан, Меркелан вовшашца долчу дистхиларшка а, ур-аттала уьш вовшашка муха хьожу а, церан журналистийн видеокамерашна хьалха протоколца догIуш-ца догIуш хIун дара, вовшашка куьйгаш далар муха дIадоьду а лардеш.
Делахь а, кхин хIара аьлла дарц ца хьаьвзаш дIадирзира Меркелан Москхох яхар, цхьаццаболчу немцойн тергамчашна хетарехь, дукха тIех кIеда а цо ша Путинна гайтарца иза мацахлерчу немцойн канцлерца Шредер Герхардца къовсаяла гIертий те, аьлла а хеталуш.
ХIетте а, дукхахболчу тергамчаша мукIарло до, Меркель мелла кIеда хиллехь а, оццул эвхьаза критика Путинна юхь-дуьхьала ян хIуттуш кху тIаьхьарчу шерашкахь Европерчу куьйгалхошлахь ваьлла а вац, бохуш. Цо, „Петарбухера диалог“ цIе йолчу форумехь гулбеллачарна хьалха ша Путинца цхьаьна йистхуьлуш, ца хьахош ца дитира, Оьрсийчохь адамийн бакъонаш хьешар Германино емал деш хилар.
Иштта канцлера билгалдаьккхира, килсанахь йиш лекхна аьлла набахте боьхкинчу Пусси Райот тобанерчу мехкаршна тоьхна хенаш шена а, ша куьйгалла дечу немцойн урхаллехь а тIех сов хеташ хилар а. Цо иштта элира, политикехь цхьа а цецвала оьшуш хIума дац, шина пачхьалкхо вовшашна критика яр, аьлла.
„Схьахетарехь, Меркель кеста Оьрсийчохь модернизаци хир ю бохучух ца теша. Германехь а, цуьнан дозанел арахь а Меркела тоххарехь дIа а хаийтина, шена Путин президенталле юхавар муха хета. „Партнералла - модернизацин дуьхьа“, „Стратегикаллин юкъаметтигаш“, иштта дIа кхин а долчу айдаран хьаьркечу дешнашна тIера дIа а яьлла, хIинца цуьнан таро ю керлачу политике ерза, оьшучохь дош а олуш, керла экономикан юкъаметтигаш кхолла“, - иштта яздо цу хьокъехь вевзаш волчу немцойн аналитика Мантойфель Ингос.
"Райнишер Пост" газетан редакцин артиклехь яздина ду, ур-аталла Меркель Ангелин а аьтто бер бац авторитаран куьйгалхочух Путинах „цIенчу хIух волу демократ“ ван, аьлла.
„Маршо, Путинна хетарехь – иза махкахь къепедацарш ца хилар ду, ткъа критикалле юкъаралла цунна ца оьшуш йолу новкъарлонаш санна го. Цо иза шен Меркелца хиллачу цхьанакхетарехь хIинца юха а схьа а гайтира. Ткъа Меркелс хIун дийр дара? Иза кIеда шен резаяцар а хьахийна, IадIийра, гаррехь Оьрсийчоьнан президенто Пусси Райот тобан хьокъехь харцдерг аьлча а, юкъа а ца гIуртуш. Цуьнан метта цу махкаца экономикан юкъаметтигаш тояр хьалха а теттина“. Иштта яздо немцойн "Райнишер Посто".
Амма иштта а дозанал арахьара шайна белшаш гIорторе Iемина а боцчу оьрсийн оппозицин боламийн куьйгалхошна немцойн канцлеро и гIийла критика яр а мехала хета. Оппозицин куьйгаллехь волчу Каспаров Гаррис, масала, хаамийн гIирсашкахула баркалла элира Меркельна, цо Путинан юьхьадуьхьал критика ярна.
„Суна-м иштта, ма-дарра хIуманийн цIе а йоккхуш, бистхила баьхьа пачхьалкхийн куьйгалхой белла, дIабевлла, моьттура“, - элира Каспаровс, цуьнца цхьана, канцлеран дешнаш, деккъа цхьа дешнаш а хилла, дисахь, иза Кремло шен куьйгаш кхин дIа а адамийн маршонаш ехкарна дIадаьстина хиларан тоьшалла санна тIеоьцур ду, аьлла, тIе а тухуш.