ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ХIaнноверехь тасадаларе дирзина Саррацинаца хилла цхьаьнакхетар


Германи -- Саррацин Тило, 22Стиг2012
Германи -- Саррацин Тило, 22Стиг2012

Немцойн ХIанновер-гIалахь латарш хилла, бусулбачу нахаца гома волчу скандалечу политикан Саррацин Тилон киншка йийцаре еш хиллачу суьйренехь. Вовшахлеттарш бу цу политикан хьежамаш къобалбеш болу кегирхой, цуьнан дуьхьалончаший. Цхьаболчара гаррехь расист лоруш волу Сарацин кхечара „бакъдерг, хьул а ца деш, ма-дарра олуш верг“ лору.

ХIанноверехь вовшахтоьхна яра шен расистийн хьежамашца вевзаш волчу политико Саррацин Тилос а, ткъа иштта цуьнан дуьхьалонча йолчу Лахара Саксони лаьттахь интеграцин министро Озкан Айгюла а дакъалоцу суьйре.

Йийцаре еш хилларг Саррацинс ши шо хьалха язйина хилла йолу бусулбачаьрча а, кхечу мехкашкара Германе баха схьаоьхучу иммигранташца а гома йолу йиншка яра, „Германи шен куьйга ша хIаллакйеш ю“ боху цIе а йолуш.

Саррацина яздечунна а, цуо юкъараллехь даржочунна а дуьхьал болчара „Расизм – иза зулам ду“ боху йоза тIехь долу транспарант ирах яхийтар бахьана долуш царна тIелеттера суьйрене ладогIа баьхкина болу расистийн хьежамаш болу меттигера кегирхой. ТIаккха и ши тоба, буй-тIара а еш, чучча яхнера. Полици схьа а кхаьчна, цара уьш дIасакъастоллалца а, леташ хилларш цу кхерчара арабаххалца а дIа ца тийра и дов.

Саррацинс язйина хилла йолчу киншкано Германехь даккхий къийсадаларш кхоьллинера иза араяьллачу муьрехь, амма хIинца а дIабирзина бац цу тептар тIехь массо а бу аьлла болчу Iилманчаша а, аналисташа а кхардаме а, аьшпене а, амма уггаре хьалха шайн нацистийн хьожа бахьана долуш кхераме а лоруш йолчу тезисаша кхоьллина болу йилбаз-мохь.

Цуо чIагIдо, масала, иммигрантийн доккхах долу дакъа Германе и мохк баа Iалашонца догIуш ду, бусулбачийн доьзалшкара бераш хьекъална эшна хуьлуш ду, туркоша лерина дукха бераш до Германехь, Iедалера шортта ахча даккхархьама, ткъа жуьгтийн цIийца цхьа лерина мискъазараттала кегий хIумалгаш ю, уьш кхечу къаьмнех къастош, церан леламаш а, амалш Iалашъеш а, бохуш.

Хийла цуо яздеш дерш псевдоIилмана тIе а тевжаш, буьттуш аьшпаш бу, бохуш, тоьшаллаш дина цIе яхханчу Германерачу антрополин а, социалан а, политикан а Iилманчаша, амма нохчийн цхьана кицанахь олуш ма - хиллара, „харцлуьйчунна мер кIеллахь караво теш“.

Цундела муьлхачу а харц-шайхашна а, харц-Iилманчашна а тIаьхьа хIитта нах карош ма-хиллара, Саррацинан а бу Германехь шортта агIончаш, къаьстина, нацистийн хьежамаш болчу кегирхошна юккъехь.

ХIанноверехь дIаяхьанчу суьйренахь цкъа мацах Туркойн махкара Германе схьабаьхкинчу иммигрантийн доьзалера йолчу немцойн министро Озкан Айгюла а элира, Саррацин дуьйцуш дерг цIена бакъонца расистийн лозунгашкара схьаэцна хIумнаш ду, аьлла.

„Доллчу дуьнентIехь а Германин сий дожош ву хьо, - элира цуо Саррацине. - Хьуна дицделла хир ду, и ахь дуьйцуш долу хIумнаш кху махкахь дийцар бахьана долуш мас миллион адам хIаллакхилла“, - аьлла, наци заманчохь Германехь дина хилла долчу зуламшна нундохуш.

Ткъа ша Саррацин цу бехкашна шек а вац. Цуьнан бахьана а ду шек ца хила. И киншка араялар бахьана долуш Берлинерачу сенатехь шен депутатан мандатах ваьлла ца Iаш, иштта немцойн Къоман банкехь урхаллера а дIаваьккхинера иза ши шо хьалха. Амма хIетте а цунна зе ца хилира и бахьана долуш: киншках бестселлер хиларна цуо цу тIехь масех миллион евро са яьккхина.

Бакълуьйш хиллачух тера ду Саррацинас хIинца дуьйцуш дерш 70 шо хьалха дийцина нацистийн коьрта идеолог хилла волу Геббельс, „аьшпаш эхьдоцуш мел буьтту а, царех тешаш берш алсамох хуьлу“, аьлла волу. ТIетоху догIу: тешна а ца Iаш, цу аьшпех мах бала кийча берш а, аьлла.
XS
SM
MD
LG