ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Европехь жигаралла гойтуш ю исламан банкаш


Дубаи--Исламан банкаш могIарера гIуллакх ду Iаьрбийн махкашкахь, ткъа хIинца уьш яьржаш ю Европехь а.
Дубаи--Исламан банкаш могIарера гIуллакх ду Iаьрбийн махкашкахь, ткъа хIинца уьш яьржаш ю Европехь а.

ТIаьхьарчу шерашкахь Европехь банкийн системах тешам байна нехан. Цу хьелашкахь меттигерачу ахчанийн институташца болчу къйисамехь жигара дакъа лоцуш ю бусулбачу банкийн система. ХIора денна ала мегар долуш, алсам долуш ду Германехь а, Австрехь а шарIан бух тIехь кхоьллинчу банкашца юкъаметтигаш лелочу нехан терахь.


ДавлетмирзаевгIеран доьзал Германехь бехаш болу 12 шо ду. Доьзалан да, Овхьад, цIахь, Нохчийчохь, инженеран дешар Iамийна хилла волу, Европе схьавеанчул тIаьхьа дечиган пхьоралла а Iамийна, Германерачу Хiессен-лаьтта тIехь цхьана аннаш дечу фирмехь болх беш ву.

Цуьнан хIусамнана Лайлаъ бусулбачарна леринчу берийн бешахь кхетам-кхиорхо ю. Диъ шо хьалха, Германин пачхьалкхан олалла тIеэцарца, меттигерчу бахархойн йоллу бакъонаш а, аьттонаш а кхаьчна цу доьзале. Цундела немцойн паспорташ шаьш цхьаэцна дуккха хан ялале шайн долахь цIа эца ойла кхоллаелира церан.

Бакъду, цIа эца тоъала ахча вовшахкхетта ца хиларна, кредит эцар тIедуьйжира. Ка ма доллу, бусулба динан баххаш лардан гIерташ къахоьгуш болчу царна, могIарерчу меттигерчу банкера юхалург ахча эца ца лиира. ХIунда аьлча, бусулба динехь магийна дац ахчанах проценташ яхар а, ялар а.

Цундела цкъа хьалха мелла а йиш йоьхна хьаьвзира Нохчийчурчу мухIажарийн доьзал. Амма дукха хан ялале шеца берийн бераш болх бечу цхьаьна туркойн махкарчу зудчо бусулба банк лаха шайна аьлла хьехар дира шена бохуш, дуьйцу Лайлаъа. Интернет-машанехула лехамаш дIаболийча, дукха къахьега ца дийзира цуьнан, Германехь шарIан бух тIе а тевжина, кхоьллина йолу масех банк карош.

Дуьххьара Германехь шарIаца йогIуш йолу банк ши эзар итталгIачу шарахь Манхайм-гIалахь схьайиллина. Кувейт Тюрк Банк цIе йолу бусулба финансийн институт яра и гIулч яьккхинарг. Цара шайн клиенташца бечу балхахь коьртаниг а, уггаре а шуьйра баьржийнарг а тешам болуш ахча дIадилларца боьзна бу.

Ислам-дино доьхку бусулбачарна шайн рицкъ хьарам гIуллакхашца уьйр йолчу хIуманех хьакхадалийтар а, дино дихкина долу сурсаташна тIехь са яккхарехь иза декъа дахийтар а. И бохург ду, бусулбачеран бакъо яц корта бахон маларшца, я тонкица, я хьакхин жижгаца йохка-эцар лелорехь декъахила.

Ткъа могIарерчу банке охьадиллина долу шен ахча и йохка-эцар лелорах хьакхалур дац аьлла, тоьшийла дац цхьана а стеган. ХIунда аьлча, банкаша кредиташ лучу совдегаршна юкъахь, шеко а йоцуш, нисло и тайпа бизнес лелош берш а.

ШозлагIниг, бусулба динехь вуно дера дихкина ду ахчанна тIера, иза юхалург а делла, проценташ яхар. ШарIахь риба олуш долу и къа дакхийчарах лоруш ду исламехь. Цундела, бусулбачу банкашка шайн ахча охьадуьллучу нехан бакъо яц цуьнах проценташ эца.

Бакъду, и бохург дац бусулбачарна цхьана а тайпана шаьш банке диллинчу ахчанах пайда ца хуьлу бохург. Дукхах йолчу шарIаца кхоьллинчу банкаша шайн клиенташна кест-кеста совгIаташ до, ахчанца я сурсаташца.

Хаттар кхолладала там бу иштта, банкашна хIун пайда хуьлу цу кепарчу балхах аьлла, мацах Молла Несарто бина мах ца хуьлу цара беш берг, риба, аьлча а, проценташ яха йиш ца хилча? Амма банкаш а ца юьсу шайна цхьа а пайда боцуш. Иштта, масала, нагахь цхьа клиент машен эца лууш валахь, банко цунна иза лаха а лохий, цхьаьна мехах схьаоьцу. ТIаккха клиентера са а йоккхуш, цунна иза дIаюхку, цунна машен эца кредит даларан метта.

Цу машенан мах клиенто, хIора баттахь цхьацца дакъа а луш, дIатокху, могIарерчу банкашкахь санна, механа тIехула кхин а проценташ яла а ца дезаш. Йохк-эцар бусулбан динехь магийна хиларна, и хIума шина а агIонна санехь хуьлу. Изза хьал ду цIенош а, гIишлош а эцарца а.

Бакъду, цIеношца дерг билггала Германехь цкъачунна дIанисделла дац. ХIунда аьлча, немцойн низамийн башхаллаш бахьана долуш, банкийн цкъа хьалха цIа оьцуш, юха цул тIахьа иза клиентана дIадухкуш а, шозза пачхьалкхана лаьттах йолу ял яла деза.

И бахьана долуш цIенош дохка-эцарца дерг цкъачунна дукха даьржина дац Германерчу бусулба банкинг лелочарна юккъехь. Изза бахьана ду ДовлетмурзаевгIеран доьзал а цкъачунна цIа эцарца сихо ца еш сецна хиларан а. ХIунда аьлча, и низам хийцарх долу хаттар немцойн юкъараллехь а, банкийн инстуташкахь а тоххарехь айдина ду.

Бусулба банкинг махкахь яржарца иза хуьйцург хиларх шеко а яц. ХIунда аьлча, беккъа цхьа бусулбанаш хилла ца Iаш шарIан бух тIехь йолчу банкийн балхах пайда оьцуш берш. ТIаьхьарчу шерашкахь, финансийн кризисаш лелхар бахьана долуш, меттигерчу банкийн системех бIаьрг бедда могIарерчу бахархойн.

Шайн ахча лардайта охьадиллина йолчу ахчанийн институташа иза шеконечу спекуляцешкахь ловза а дина, эххар а дайина хилар бахьана долуш, боллучу а бахамех боьхнарш кIезиг бац Европерчу пачхьалкхашкахь. Цундела дела денна алсам долуш ду меттигерчу бахархошна юккъехь бусулба банкингаца бала кхачар а.
XS
SM
MD
LG