ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

Герз латтийна аьлла харцтардарх а, шена тIехь гIело латторах а дIахьедина Дагестанан вахархочо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Дагестанан вахархочо Сардаров Гаджи-Муслима дIахьедина шена полицихь ницкъбарх а, гIуллакхна фальсификаци йарх а: кхелехь цо дийцина, шена герз тасарх а, ишта шайна оьшу кехаташна цара куьйгаш йаздайтарх а. ХIетте а, кхело бехке лерина иза талламхойн топ йухайарна а, патармаш лардарна а. Дагестанан Лакхарчу кхело цуьнан гIуллакх йухалиста хьажийна.

Ницкъахойн версица, мехкан вахархочо шегахь ларйеш хилла ВОГ-25 оьккхуьйтург, ворхI шо хьалха хьуьнхахь талламхойн ИЖ-58 тоьпаца карийнера шена и аьлла.

Сардаровн адвокаташа къастийна, протоколехь билгалбаьхначу тешаша таллам беш дакъалаьцна дац аьлла, ткха ницкъахоша цу чохь бехаш берш а цхьаьна чу битина ца хилла. Оьккхуьйтург хIаллакйина, адвокаташа цу тIехь йиссина хьенан ларраш талла баьхнашшехь.

Кхелехь Сардаровс дийцина, ницкъахоша шена герз теснера. Иза лаьцначул тIаьхьа полисхоша йиттина цунна, талламхочо хьалххе кечдина хиллера цуьнан метта кийтарлонаш тIейаздина кехаташ, цунна тIехь ницкъбина полисхой чохь а болуш кехаташна куьйгаш йаздайтина.

Дагестанан Лакхара кхел тIетевжина процессуалехь низамаш дохорна, делахь а хьалхарчу инстанцин кхело дина хьесапаш йуха ца теттина. Охан-баттахь гIуллакхан материалаш йуха талла хьажийна Магарамкентан кIоштан кхеле.

  • Оьккхуьйтург йухкуш лелла аьлла бехкевинчу Кхарачой-Чергазийчонан вахархочо Коцеба Николайс дIахьедира, ша бехке цахиларх а меттигерчу ФСБ-н оперативникаша шен гIуллакхца харцонаш лелорах а.
  • Ставропрль-махкара Петровский кхело таIзар ца деш витина меттигера вахархо бакъо йоцуш герз лелийнашшехь, цо Украинерчу тIамана гIо латторна. Оьрсийчоьнан онлайн-аукционехь Емелин Евгенийс йоьхна Мосинан топ эцнера, ткъа кхин а цхьа шо даьлча Шпагинан тапча-пулемет. Кхелехь Емелина дIахьедира дохковаларх, цо дехар дира шен хьокъехь долийна бехктакхаман гIуллакх сацадар, хIунда аьлча, тIамехь дакъалоцучарна ша тепловизорх Iалашвен тIекхуллург а, 20 эзар сом а ахча делла аьлла. Меттигерчу администрацира деанчу кехаташца тIечIагIдира цо ша аьлларг. Кхело цуьнан дехар кхочушдира.
  • Астраханан кIоштара боккхачу доьзалан да Гусейнов Эльвин Табриз оглына йалх шо хан туьйхира йукъарчу рожан хьелашкахь йолчу колонихь даккха, иштта 80 эзар сом гIуда а хьарчийра цунах гаьргийн Ф-1 граната цIахь латторна а. Цо дIахьедира, ФСБ-н белхахоша теснера шена граната аьлла.
  • Адвокаташа а, бакъоларъярхоша а дечу тоьшаллашца, тIемалой хиларна бехкебеш жоьпе ийзиначу наха дукха хьолехь кхелашкахь хаам бо, шайга ницкъаша дареш дайтина, олий.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG