Соьлжа-ГIалара Москва веана 28 шо долу Нохчийчуьра Арсамиков Идрис Домодедово аэропортехь лаьцна полисхоша, цул тIаьхьа нохчийн ницкъахошка дIавелира иза. Лацаран бахьана хилира цхьана "ориентировкех", Арсамиков шо гергга цул хьалха махкахь Iийннашехь: мухIажаран статус йолуш Нидерландашкахь вехаш хилла иза цIа веанера шен ден тезета. ХIара дуьххьара дац кадыровхоша Нохчийчуьра бахархой пачхьалкхан кхечу регионашкахь а цхьана лоьцу.
"Лаьцначуьнца шегга къамел ца дайтира адвокате – цаца болчу неIарехула, полисхо уллохь волуш бен. Нохчийн коллегашкара ориентировка кхаьчна шайга бохура Москварчу полисхоша, адвокато дуьхьало йира цунна – и стаг лехамашкахь вацахь, иза лацар низамашкахь дац аьлла. ХIетте а Идрис нохчийн ницкъахошка дIавелира. Нохчийчуьра Шелковскан кIоштара ОМВД дIакхачон тарло иза", - дийцина Кавказ.Реалиин редакцига СК SOS кризисан тобанан векало Мирошникова Александра.
Цо хаамбира, ориентировка йоьзна ю, 2021-ра шо довш курхаллаш лелорах чуделла дIахьедар полисхошка кхачарца – оцу заманчохь Арсамиков пачхьалкхал арахьа ву. Лоцучу хенахь кхеравелла воьхнера Идрис шена тIехь къизаллаш лелор юй хууш – лоьраш кхайкхира цунна тIе. Иштта хууш ду, цунна тIаьхьа веанчу оперативан белхахочо цхьана а кепара кехаташ ца гайтиний а.
Ориентирвкана куьгйаздинчу Шелковскан кIоштан полицин куьйгалхочо хьалхо Нохчийчохь лаьцначу хенахь ток йеттийтина Арсамиковна, гей ву алий, мукIарло де бохуш, дийцира СК SOS тобано.
Шайга телефон тоьхна, комментарий йоьхург Кавказ.Реалии сайтан журналист вуй хиъча, Шелковскан кIоштан ОМВД-хь телефон охьайиллира. Кризисан тобаненехь тIечIагIдира, шайн адвокат Нохчийчу воьдуш ву аьлла
Схьадаьхна кехаташ
Хьалхо бакъоларйархоша гIо дира Арсамиковна Нохчийчуьра водуш, цигахь шен ориентаци бахьана долуш тIехь Iазапаш хьегийтинера цунна.
Мирошниковас дийцира, шена ницкъбинчул тIаьхьа республикера вада цуьнан аьтто баларх а, Нидерландашка дIавахарх а, 2019-чу шарахь цунна кехаташ даларх а. Масех шо даьлча, 2022-чу шарахь, Арсамиковн цIа ван дийзира ден тезета. Оцу гIуллакхна леррина бакъо йеллера цунна цIа ван – шега бала хьегийтинчу пачхьалкхе юхаваха бакъо йац низамашкахь статус йеллачу мухIажаран.
Шена кхерам лаьттачу махкара дIаваха сацамбира цо эххар а
"Нохчийчохь цуьнгара дIадехира Оьрсийчу ван а, Нидерландашка юха ваха а бакъо йолу документаш. Цундела ка ца йелира цуьнан тезет йирзинчул тIаьхьа Европе дIаваха, тхо тешаш дацара цул тIаьхьа иза дозанал дехьаваккха тхайн аьтто хир бу аьлла. Шена кхерам лаьттачу махкара дIаваха сацамбира цо эххар а. Амма Москвахь нохчийн ницкъахошна хаавелира иза", - кхетийра Мирошниковас.
Дуьххьара лаьцна Арсамиков 2017-чу шеран аьхка, балхара ваьлла Старогладовская станице вогIуш. ТIаьхьо цо дийцарехь, номерш йоцу Iаьржа Toyota Camry кхечира цунна тIе, цу чохь камуфляжан духарца кхо стаг вара. Шайца машен чу а хаий, корта охьабахийта аьллера цуьнга, стенга вуьгу ца хаийта, цхьаъ хатта дагахь хIара вистхуьллушехь, "хабар ма дийца" олий мохь тухий, юкъахвоккхура".
Куьйгех гIоьмаш тоьхна МВД-н Шелковскан кIоштара декъе валийначу кхуьнга хиттинера вевзачу цхьана кIантах лаьцна, иза а гомосексуал ву аьлла, лачкъийна хиллера.
"Хьо а ву изза, элира цара. Бакъдерг дийца, гучувала", -далийра цуьнан дешнаш СК SOS тобанехь.
"Хьо а ву изза, элира цара. Бакъдерг дийца, гучувала"
Цуьнан куьйгаш хьийзийнера, вуьйр ву бохуш, кхерамаш тийсинера, мукIарло дайта гIерташ, амма Арсамиковс бакъ ца дора. Цул тIаьхьа коридор чу а ваьккхина, голаш тIехь латтийнера цхьана сахьтехь эхасахьтехь, цунна тIехь шаьш терго латтор ю, махкара дIаваха а мегар дац бохуш.
Iаткъам бинчух тера дара цунна Нидерландашкара Нохчийчу веанчул тIаьхьа а. Арсамиковс СК SOS тобане чуделлачу дIахьедарехь хаамбира, даймахка веанчул тIаьхьа "масийттазза дIавигира кIоштан полисхойн декъе, йиттира, сийсазвора" ша аьлла.
Доза доцу нах лечкъор
ХIара дуьххьара хилла хIума дац, кадыровхоша республикел арахьа болу нах а цхьана лечкъош, ткъа меттигерчу полисхоша тергамза дуьту и. Уггар а нахаладаьллачух дара, 2022-чу шарахь Нохчийчуьра МВД-н белхахой Лаха-Новгородера федералан суьдхо лаьттинчу Янгулбаев Сайдин хIусамчу а лилхина, бертаза цуьнан хIусамнана Мусаева Зарема Соьлжа-ГIала дIайигар. Лоцучу хенахь кхетамчуьра йаьллера иза, ур-атталла йовха бедар а, диабет лазар долчу цунна оьшу молханаш а схьаэца а ца юьтуш, дIайигинера иза.
Юьхьанца 15 дей-буьйсий хан туьйхира Мусаевана полисхо аьшнашвина аьлла, цул тIаьхьа бехктакхаман гIуллакх диллира – шена протокол хIотточу полисхочунна тIелеттера иза аьлла, бехкейина. Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан дешнашца "бIаьрг баккхаза ваьлла" и полисхо. 2022-гIа шо довш гIуллакхехь йозуш йоцу керла экспертиза гучуйелира, цо бакъ ца до цара дуьйцург.
"Политикан тутмакхашна гIо латтор. Мемориал" бакъоларйаран проекто политикан тутмакх лерина Мусаева Зарема, иза лачкъор цуьнан воIарша бечу балхаца доьзна - царех цхьаъ, Абубакар, бакъоларйархо ву, шолгIаниг, ИбрахIим, - нохчийн оппозицин 1АДАТ телеграм-канал кхоьллинарг ву.
Цунах тера дара Гадаев Мохьмадца хилларг а. 2020-чу шеран гIадужу-баттахь, Францихь хьехархо Пати Сэмюэль вийначул тIаьхьа бакъоларйаран органаша леррина тидам нохчийн диаспорана тIехь латточу юкъанна, лецира иза Францихь. Даймахкахь Нохчийчуьра вахархочунна тIехь гIело латтор ю бохуш, адвокато тоьшаллаш далийна, маьршаваьккхира Гадаев. Амма шолгIачу дийнахь, 2021-чу шеран охан-беттан 8-чохь юха а лаьцна, Оьрсийчу дIахьажийра иза. Депортацин набахтехь шен гех урс теснера Гадаевс, ша дIавала бинчу сацамна протест йеш.
Бехктакхаман гIуллакх диллира Нохчийчохь мухIажарна дуьхьал герз лелийна аьлла – Францихь нохчо кемана хаочу хенахь дIадиллина герз карийна бохура ницкъахошна. Шина адвокатана дуьхьало йира Гадаевс – Оьрсийчоьнан бакъоларйархошна хетарехь, бертаза дайтинера цуьунга и. ТIаьхьо ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело 1,5 шарна хан туьйхира цунна колонихь йаккха.
Иштта Лаха Новгородера лачкъийна нохчийн ницкъахоша юхавигира Нохчийчу ЛГБТК-вежарий Исаев Исмаил а, Магамадов Салехь а. И шиъ бехкевира гIаттамхошна юург латтийна аьлла.
Шаьшиннан цхьана а хIумана тIехь бехк бац аьлла, къар ца ло Магамадов а, Исаев а. Адвокаташа тергалдо бехкбиллар тоьшаллашца тIечIагIдина цахиларан а, кхел йоьдучу хенахь дуккха а кхачамбацарш дитаран а. Уьш тешна бу царна тIаьхьабовлар церан сексуалан ориентацица а, вежарийн идентификаллица а доьзна хиларх (шиннах цхьаъ гей ву, важа гендере дехьавала дагахь хиллера), иштта оппозицин телеграм-каналехь модераци лелорна а. 2021-чу шеран марсхьокху-баттахь вежарша дIахьедира, шайна йетта, доцург тIелаца бохуш аьлла. ТIехьа-Мартанан кIоштан кхело а, Нохчийчуьра Лакхарчу кхело а бехкевира ши ваша гIаттамхошана гIо латтийна аьлла, ялх а, бархI а шераш туьйхира цу шинна чохь даккха.
"Кадыровхойн "заказ"?
"Арсамиковн истори чIогIа тера ю, шо сов Соьлжа-ГIаларчу СИЗО-хь латточу Мусаева Заремин лачкъорах. Изза схема йара хIетахь лелийнарг а – нохчийн полицин белхахой баьхкира Лаха Новгороде, иза дIайига бакъо ю шайгахь аьлла, республике дIайигира", - дуьйцу "Iазапашна дуьхьал Команда" бакъоларйаран организацин куьйгалхочо Хабибрахманов Олега.
Формалехь аьлча, иштта механизм баккъал а лелайойла ду полицино, кхин дIа дуьйцу къамелдечо. Масала, Нохчийчохь зуламаш лелийна аьлла шеконашкахь волчо кхечу регионехь кехаташ дIагайтахь, иза лехамашкахь хилар а гучудалахь, - тIаккха меттигерчу бакъоларйаран органаша дIало иза Соьлжа-ГIаларчу шайн коллегашка.
ЛГБТ-юкъараллица хилар а нохчийн ницкъахошна – "цIен бехчалг" ю
"Хаттар ду, стенна лелош ду низам. Оцу стага билггал зулам дина делахь, и ша ду. Кхин ду, нагахь санна, полицино доцург лелош делахь. ЛГБТ-юкъараллица хилар а нохчийн ницкъахошна – "цIен бехчалг" ю, царна "зулам дар" ду иза а", - боху бакъоларйархочо.
И практика хIунда ю кхераме дуьйцучу Хабибрахманов Олега билгалдоккху, кадыровхойн аьтто хилар "лаца а лаьцна, муьлххачу а Оьрсийчоьнан маьIигера Нохчийчу стаг дIакхачон, иза лехамашка а велла".
Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан "республикан территориалан гурашкахь хилла ца Iаш, карт-бланш къаьмнийн мехкашкахь ду- массо а нохчийн хьокъехь", терго тIеузу бакъоларйархочо Янгулбаев Абубакара.
"Ларамза дац шен керла титул "халкъан да" аьлла цо гочдар, шен къаьсттина Iедал карахь хилар билгалдоккхуш", - тешна ву иза.
Доллу кхечу регионашкахь нах лечкъор къаьмнийн башхаллица ду, кхин дIа дуьйцу къамелдечо. Оцу юккъехула проблема юьсу, шайн дахарна кхерам латтарна, пачхьалкхера дIабахнарш цхьацца бахьанашца юхабогу, кадыровхойн кара а боьлхуш.
"Дукхахберш ца кхета, мел кхерам бу шайна, йа шаьш дицделла аьлла моьтту царна", - дерзадо Янгулбаевс.
- 2021-чу шеран охан-бутт бовш дуьненчуьра 29 пачхьалкхо карладаьккхира Оьрсийчоьнна, ЛГБТК+ юкъараллера нахана Нохчийчоьнан дозана тIехь лецар талла аьлла, дуьненаюкъараллин рекомендацех лаьцна. Дуьйцурш ду, 2018-чу шеран гIуран-баттахь ОБСЕ-н эксперто дина жамIаш. ЛГБТК+ нахана дуьхьал лерина "лецарийн барамаш дIабахьаран тоьшаллаш" карийнера цунна, адамийн бакъонаш хьешарца доьзна кхин долу дуккха а зуламашца цхьаьна. Оцу кхайкхаман терго ца йира Оьрсийчоьно.
- "Дерриг дуьненан рапорт - 2023" зорбане даьккхина Дуьненаюкъарчу бакъонашларйаран Human Rights Watch (HRW) организацино –доллу дуьненара адамийн бакъонашца долчу хьолах лаьцна. Оьрсийчоьнна леринчу декъехь билгалдаьхна шога адамийн бакъонаш Нохчийчохь хьоьшуш хиларх. Бакъонашларйархоша тергойина "къинхетамза Iа лакъош хилар муьлххачу шена хетарг олучу стеган", цу юкъахь ду лецарш, пачхьалкхера дIабахначу мехкан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан критикийн гергарчаьрца магийна йоцу харцо лелор, цаьрга гечдарш дехийтар.
- Къайлах набахтеш республикехь йац бохуш, дохку бехкаш тIе ца дуьту Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана. Доккхачу декъанна, цо дIахьедира, шен шахьаран дозана тIехь бакъо йоцуш лецнарш чохь латтон лармаш йац аьлла. Оцу юкъанна "Новая газето" а, "Комитет за гражданские права" организацино а масийттазза хаамбира, Нохчийчуьра къайлахчу набахтешкахь махкахь лечкъийна бахархой латторах. Оппозицин блогеро Янгулбаев ИбрахIима дийцира, ша чохь валлийначу къайлахчу набахтех лаьцна, дийцира иштта Кадыровс дакъалацарх ницкъбеш.
- Хьалхо Кавказ.Реалиина еллачу интервьюхь "CK SOS" тобанан пресс-секретаро Розанов Мирона дийцира регионехь тIаьхххьара ЛГБТ-нахана тIаьхьабевлла леларх а, тIеман хьелашкахь шайн болх муха хийцабелла а.