ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь, Нохчийчохь алсамйохуш йу харжамийн комиссеш. Йиссинчу пачхьалкхехь уьш дIакъовлу


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Харжамийн комиссийн терахь кхуьуш ду Нохчийчохь: 2018-чу шарахь президентан харжамаш хилале хьалха 450 а лахара йара уьш, ткъа 2023-гIа шо чекхдаьллачул тIаьхьа алсамох йара – 500. Изза хьал хаало ГIалгIайчохь а. Йисинчу пачхьалкхехь и комиссеш лахлучу заманчохь ду оцу мехкашкахь терахь лакхадалар гуш, тоьшаллаш дина "Голос" боламан талламо.

ТIаьххьарчу кхаа шарчохь харжамийн комиссеш Нохчийчохь кхиъна 3%, луларчу ГIалгIайчохь – 3,6 процентана. Жимма лакхара гойту Ставрополь-махкахь а – 1%. Йиссинчу йоллу пачхьалкхехь харжамийн комиссеш "йаккхий йеш" йу: масех декъах цхьаъ до, оцу тIехула йукъара терахь лахло – цигахь болх бечу комиссийн декъашхойн терахь а санна. Къаьсттина лахдалар билгалдаьлла Москвахь: цигахь 2021-чу шарера схьа дуьйна дIакъевлина пхеа харжамийн комиссех кхоъ – комиссийн декъашхой жимбелла 60 процентана.

Хуьлуш долчух шина бахьанаца кхетадо говзанчаша. Хьалхара, Нохчийчохь а, ГIалгIайчохь а тергамчаш хиллане а ца хиларна харжамийн комиссийн терахьаш лахдан оьшуш дац, иштта тIаьххьара аз долу бозуш боцу комиссийн декъашхойн терахь а жимдан цаторийла йац. ШолгIа, республикера Iедалхойн оцу кепара дог дохийла йу шортта ахча шайна хьажор ду аьлла, хIунда аьлча, комиссийн декъашхойн бюджетан меттигаш федералан бюджетера кхачош йу, билгалдаьккхира харжамашна тIехь терго латточу талламхочо Шукшин Ивана.

Оьрсийчоьнан президент хоржуш Нохчийчохь хиллачу харжамашкахь Путин Владимирна 98,99% харжамхойн кхаьжнаш кхаьчна. ГIалгIайчуьра цуьнан жамIаш кхин дIоггара лакхара дацара, амма Оьрсийчохь йукъарчу хьолехь аьлча, лакхара дара терахьаш – 89%.

  • Массара а кхьажнаш тосучу цхьана дийнахь, гезгамашин-беттан 8-чохь, электронан кхаьжнаш тосур долчу Оьрсийчоьнан регионийн тептарехь нисйелла 2024-чу шарахь Нохчийчоь. Дуьххьара оцу тайпа бакъо кхаьчна республикана, харжамийн Коьртачу комиссин тептарехь къилбан а, Къилбаседа Кавказан а цхьаъ бен йоцу векал нисйелла иза.
  • Захзадокху-баттахь кхаа дийнахь дIабаьхьначу Оьрсийчоьнан президентан харжамашкахь йух-йуха кхаьжнаш тийсийтинера.
  • Шен цIе цайаккхар дехначу бюджетан белхахочо бинчу хаамца, Нохчийчохь хIора денна бертаза хьисийра бахархой кхаьжнаш тийса кеп-кепарчу каппашка. Шен белхан накъосташца цхьаьна кхаьжнийн хьалхарчу дийнахь, зазадокху-беттан 15-чохь, кхузза кхаж теснера цо, зазадокху-беттан 16-чохь – кхин а доьазза, ткъа зазадокху-беттан 17-чохь кхин а масийтта декъашка кхача везаш вара иза. Цо дийцарехь, автобусаш тIехь дIасабуьгура уьш, ткъа каппашкахь харцонаш лелоран а, бюллетенеш чукхийсаран а терго йеш стаг а вацара.
  • Оьрсийчоьнан финансийн министралло хьехна регионалан бюджеташна хуьлучу пайданна а, йечу харжана а йукъара цхьаьнацадар лахдаларх жоьпалла дотацин регионийн куьйгалхошна тIедилла аьлла. Украинан дIалецна дозанаш доцург а оцу тептарехь нисйелла ГIалгIайоь, Нохчийчоь, Дагестан. Хьаькамийн аппарат шорйар дитина, церан алапаш хьала а дохуш, царна хуьлу пайда цхьатерра дIанисбан дагахь бу. Кавказ.Реалии сайто дуьйцу, муьлха дотацеш йу федералан центро республикашна дIахьежош, уьш лахйаро стенга далор ду а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG