ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь бехкзуламан гIуллакх долийна батIалхьажойн вежараллин декъехь хиллачунна тIелатар дича


ГIалгIайчоь, Наьсаре/Гайтаман сурт
ГIалгIайчоь, Наьсаре/Гайтаман сурт

ГIалгIайн Сурхахи эвлана уллохь гIуран-баттан 15-чохь суьйранна "Лада Приора" машен тIехь хиллачу цабевзачу наха герз тоьхна лазийна меттигера вахархо, стаг вен тIелатар аьллачу артиклехь бекхзуламан гIуллакх айдина, хаамбина мехкан талламан комитето. ТIелатар даран бахьана хила тарло йукъарваларна бекхам бар.

Суьйранна ворхI сахьт долучу заманчохь мила ву цахуучу шина стага "Тойота Камри" машенна тIе герзаш тоьхна, цу чохь хилла 39 шо долу стаг – цул тIаьхьа къайлабевлла уьш оцу меттигера, хаамбина ГIалгIайчура Талламан комитетан урхалло. Лазийнарг пхи шо хьалха батIалхьажойн вежараллица хилла ву, амма цу йукъара ваьлла хилла иза - Mash Gor каналан информацица, вежараллина йукъара шиммо сацам бина хилла шайн могIаршкахь хиллачу Адам цIе йолчунна бекхам бан. "Сапа Кавказ"телегарм-канало чIагIдарца, вежараллин шина декъахочо автомат йиттина машенна тIе.

Лазийна висина иза шена тIелеттачул тIахьа – дуккхаъчу чевнашца махкара дарбанан цIийнан реанимаци кхачийна хилла иза, билгалдаьккхина талламан комитетехь. ТIелеттарш лоьхуш полисхоша республикехь "Перехват" план йу кхайкхийна.

БатIалхьажой – суфийн шейхан тIаьхьенах бу, бакъоларйаран органийн белхахошна хетарехь, цхьа могIа зуламашна бехке бу уьш, иштта ГIалгIайчуьра экстремизмана дуьхьало йечу Центран куьйгалхо хилла Эльджаркиев ИбрахIим верна а. Товбеца-баттахь кхелан сацамца къайлахчу сервисаша террорхойн организацийн тептаре йазйина "БатIалхьажойн тIеман тIам" юкъаралла.

  • БатIалхьажойн хьалханча Белхороев Якъуб 2020-чу шарахь товбецан-беттан 10-хь лецира. Цул тIаьхьа цуьнгара ГIалгIайчоьнан къоман Кхеташонан депутатан мандат схьайаьккхира. Йуха "Единая Россия" парти йукъара а араваьккхира иза. Вежараллин декъашхошна бехкаш дехкира террорхойн йукъаралла вовшахтохарна а, терроран тохар дарна а – оцу артиклехула билгалдаьккхира ЦПЭ-н хилла куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим вер.
  • ГIуран-беттан 5-чохь гIалгIайн Яндаре эвлан кIоштара федералан некъа тIехь бевзаш боцчу наха машенна герз туьйхира, цу чохь хиллера полицин белхахо. Махкара Талламан комитето бехкзуламан гIуллакх диллира чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин белхахочунна тIелатарна.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG