ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь гучудаьлла 2 миллиард социалан ахчанаш лечкъор


Бертан бIов Магас, ГIалгIайчоь
Бертан бIов Магас, ГIалгIайчоь

Социалан ахчанаш низамца цалелор гучудаьлла ГIалгIайчохь - цунах пачхьалкхана хилла дерриге зен 2 миллиард сом ду, дIахьедина Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн урхаллехь (ФСБ) а, чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин меттигерчу декъехь а.

Жоьлкалла артиклаца толлуш ду и гIуллакх, УФСБ-н пресс-центрана тIетовжарца, боху Iедалан "Ингушетия" газето. Коррупцин схема бахьана долуш нехан бакъонаш хьаьшна карийна, царна шайна хьакъдолу гIо дIа ца кхаьчна, аьлла ду хаамехь. Цу гIуллакхехь дакъалаьцнарш муьлш бу, таллам хьанна беш бу дуьйцуш дац.

Чиллин-баттахь ГIалгIайчохь гIараделира, кхин цхьана гIуллакхах, пенсеш лечкъорах дерг. Къилбаседа ХIирийчохь а, Москвахь а цу гIуллакхан хьокъехь дIалецира 34 стаг. Уьш бехке лоруш бара баккхийчу барамашкахь динчу курхаллашкахь. Официалерчу хаамаша дийцарехь, цара шина шарчохь ГIалгIалчоьнан пенсхойн фондехула ахчанаш лечкъийнера. Бюджетна хилла дерриге зен 2 миллиард дара, хаамбира Оьрсийчоьнан ФСБ-н урхалло.

Хьалхо дийцина ма-хиллара, ГIалгIайчоь Оьрсийчоьнан республикашлахь белхазаллин терахьца эшначареех ларалуш йу. Цигахь, 2022-чу шеран хьалхара квартал схьаэцча, терахь 29,3% ду, ткъа гIуран-баттахь иза 30% тIекхочура. И терахь пачхьалкхера йуккъерчуьнца дуьстича, йолхазза лакхара нисло.

Къилбаседа Кавказана федералан гонашкарчу регионашлахь къечарна йуккъехь уггаре хьалха лаьтташ ГIалгIайчоь йу - цигарчу бахархойн кхозлагIа дакъа адмана тоьучул лахарчу барамехь таронца беха. Республикин вахархочун йуккъера алапа 14 159 сом ду аьлла хаамбина FinExpertiza эксперташа. Ткъа бахархойн 12 % цу терахьан эханал лахарчу барамехь алапа оьцуш бу.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG