ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцна джиу-джитсун дуьненан чемпион ИГИЛ-на гIоьналла латтийна аьлла


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Джиу-джитсун дуьненан чемпион Имагожев Сейд-Iумар лаьцна ГIалгIайчохь ницкъахоша. Цунах шеконаш йу ДаIиш тобанхойн джихIадхошна гIоьналла латтийна аьлла, хаамбина РИА Новости агенталло регионера ницкъаллин структурашкара шайн хьостана тIетевжина.

Билгалдоккху, гIалгIайн Карабулакехь зазадокху-беттан йуьххьехь вийначу Цуроев Зелимхана 25 шо долчу Имагожевс гIо латтийна хилар.

Ницкъахошна гергарчу "Сапа" телеграм-канало видео йаржийна Имагожевца йаьккхина, цу тIехь спортхочо бакъдо, шена Цуроев вевзаш хилар, цунна лерина герз эцар, тодар, "цхьаьна джихIаде вала" цо шега аларх а, амма Имагожев дуьхьал хилла.

Имагожев Сейд-Iумар дукхазза тоьлла Оьрсийчоьнан а, дуьненайукъарчу а къийсадаларшкахь. Иза лаьцначул тIаьхьа джиу-джитсун Федерацин куьйгалхочо Хашагульгов Илеза дIахьедира "Сапа-Кавказ" телеграм-канале, Сейд-Iумар даим а зал чохь Iамораш дIахьош вара, бераш Iамадора цо, шен йоллу белхан а, мукъа а хан спортана хьажийна йара" цуьнан. Цо иштта дIахьедина, Имагожев бехке цахиларх тешна ву ша аьлла.

  • Оьрсийчоьнан къайлахчу сервисийн ГIалгIайчуьра урхаллаша тIом бира Карабулак гIаларчу нах бехачу меттигехь. Зазадокху-беттан 22-чохь. Официалан хаамашца, йалх стаг вийра, царех кхо лехамашкахь хиллера стохка бIаьста полисхошна тIелатар дарца доьзначу гIуллакхехула. Оьрсийчоьнан Iедалхошна критика йечу Кавказера наха шеконашка диллира къайлахчу сервисаша герзаш деттарх лаьцна дина зераш.
  • "Коммерсант" газетин хаамашца, Карабулакехь дIахьочу лерринчу операцихь ФСБ-н пхеа белхахочунна чевнаш йира. ФСБ-хь а, Талламан комитетехь а дIахьедира, ницкъахошна дуьхьал лаьтташ хиллера, терроран зуламаш лелорна лаца кхайкхийначу Гуражев Iамирхана кхоьллина тоба. Карабулакехь байъинарш оцу зуламашна бехкехиларх тоьшаллаш ца далийра органаша.
  • Оперативан хаамашца, вийнарг ву йалх стаг – Гуражев Iамирхан, Цуроев Зеламха, Цуроев ТIахIир, Чемурзиев Берс, Тутаев Микаил, Баркинхоев Мохьмад. Йуьхьанца Iедалхоша дIахьедора, стохка ДПС-на тIелатар дарна лаца кхайкхийна Оздоев Адам а ву байъинчийн тептарехь, бохуш. Иза лехамашка валарх публикаци республикера чоьхьарчу гIуллакхийн министралло зорбане йаьккхира, герзаш деттарх хаам хиллачул тIаьхьа. Оздоев верах информаци бакъ ца хиллера. НАК-н версица, байъина берриг а "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанан агIончаш хилла.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG