ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь лаьцна хилла ши журналист дIахецна полицин декъера


Наьсара, рахивера сурт
Наьсара, рахивера сурт

Де хьалха ГIалгIайчохь лаьцна хилла журналисташ Рубцова Лилиан а, Садовская Алена а дIахецна полицин декъера протокол а ца хIоттош, хаамбина "ОВД0-Инфо" ресурсо. Доьзалехь латточу гIелонах йедда хиллачу Яндиева Маринин гергарчаьрца къамел дан гIоьртинера и шиъ. Гергарчара кхерамаш тийсинера "Iазапашна дуьхьалойаран Командин" юристана Аламов Мохьмадна вуьйр ву аьлла. Эххар а журналисташна тIаьхьа нах бехира, тIаьхьо ницкъахоша совцийнера уьш, масех сахьтана журналисташца зIе хаьддера.

ГIадужу-беттан 25-чохь суьйранна пхи сахьт долучу хенахь Рубцова а, Садовская а лецира, цхьана летаршна тIехула хеттарш дан деза аьлла. Хаамбора, и шиъ Наьсарара ГУВД йигина бохуш. Шайга йеттачу телефонашна жоп дала аьтто бацара журналистийн, буса исс сахьт долучу заманчохь бен жоп ца делира цара, аьллера шайгара телефонаш хеттарш дечу хенахь схьайаьхнера аьлла.

Садовскаян дешнашца, полици Яндиеван гергарчара кхайкхина хиллера, цара дIахьединера, шайн кертахь "шеко йолу нах бу лелаш" аьлла. Цо дийцарехь, цул тIаьхьа лаьцнера и шиъ. Полицин декъера Садовская арайаьлла 21 сахьт 40 минот йаьлча, цул тIаьхьа ницкъахой улло а бевлла, ГIалгIайчоьнан а, Къилбаседа ХIирийчоьнан а дозане дIайигинера, Буьри-ГIалара хьешан цIийнехь йисира иза цу буса.

"Кавказский узел" гIирсо йаздарца, регионе баьхкина хиллера журналисташ батIалхьажойн дайх хилларг дIавоьллина 109 шо кхачарна леринчу бараме. Сайто билгал ца доккху, ЯндиевгIеран хIусаме уьш хIунда бахана хилла.

  • Карладоккху, бакъоларйаран "Iазапашна дуьхьал Команда" организацин (КПП) юристана Аламов Мохьмадна а, цуьнан доьзална а кхерамаш тийсинера дойур ду шу бохуш, цо ГIалгIайчуьра Минеральные Воды гIала дIайигинчу Яндиева Маринин гергарчара. Доьзалехь гIело латтийна шена аьллачу йоIа орца дехнера кризисан "СК SOS" тобане, ткъа цара КПП-ра шайн белхан накъост гIоьнна йукъаозийнера. Оцу йукъанна Аламовна йевзаш йацара Яндиева а, йа цуьнан истори а.
  • Яндиеван лакхарчу даржашкахь хиллачу гергарчара кIира хан йелира цунна цIа йан – гIадужу-беттан 20-чу дийне кхаччалц. ГIалгIайчуьра йахархочо шена хIиттийна хьелаш "сийдоцуш а, дегаза манипуляци" лелор а ду элира. Шен лаамехь цIа йан дагахь йац иза.
  • Кризисан "СК SOS" группа кхоьллина 2021-чу шарахь. Доллу 2022-чу шарахь церан каракхаьчна Къилбаседа Кавказехь ЛГБТ-адамийн бакъонаш хьешарх 130 хаам. Къаьсттина Дагестанера а, Нохчийчуьра а. 2022-чу шеран жамIашца, "СК SOS" тобано пачхьалкхера араволуш а, кхечу махкахь политикан тховкIело луш а гIо дина 45 стагана, шаьш бехачу меттигашкахь кхерам латтарна дехьабовлуш гIо дина 26-нна. 2023-чу шеран хьалхарчу пхеа баттахь кризисан тобане кхаьчна 90 дехар.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG