ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчохь заьIапхочунна йеттарна бехквина полисхо


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

ГӀалгӀайчуьра Магасан кӀоштан кхело бехкевина полицин белхахо Яндырханов Сулумбек лаьцна валийначунна йеттарна. Иза хилла чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллехь белхаш бина заьIапхо-пенсхо. 4,5 шо хан тоьхна Яндырхановна набахтехь йаккха.

"Травматическая точка" цӀе йолчу адамийн бакъонашларъяран проекто хаам бо, Яндырхановс шен бакъонел тIехваьлла ницкъ бина аьлла, сацам бина кхело. Амма билгалдаьккхина дац Яндырханов чоьхьарчу гӀуллакхийн органашкара балхара дӀаваьккхинний.

Бехкъастороша чӀагӀдарехь, Яндырхановс пенсионерна 15-зза гергга тоьхна дегӀах а, коьртах а, юьхьах а. ТӀаьхьо, лаьцнарг полисхойн декъе вигича, йуха а ницкъ бина цо цунна.

Кхелана сайта тIехь гIуллакхан картотека йу, амма иза кхин дукха информаци шен чохь йолуш йац. Хаам бу чиллан-баттахь кхеле кхаьчначу оцу гIуллакхехула хьалхара кхеташо мангал-бутт бовш хилла аьлла - цул хьалха 18 зза тӀаьхьатеттинера ладегӀарш, коьртачу декъана теш ца вар бахьана долуш.

Хьалхо оццу гӀуллакхехь бехкевинера кхин цхьа полисхо Мержоев Амиран а. Гезгамашин- баттахь кхело иза бехке лерира йеттарна, колонихь йаккха 4 шо хан а тоьхна, иза арахь йахкха йиш а йолуш.

Стигалкъекъа -баттахь Магасан кӀоштан кхело республикерчу чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллана тӀедиллира, зенаш хиллачунна цхьа миллион ах миллион сом барамехь, компенсаци дӀало аьлла.

  • Кавказ.Реалии сайто бакъонашларйархошна тIетевжина бинчу хаамца, цхьа могIа шеца лазарш долчу МВД-н пенсхочух шеконаш хиллера Мержоевн, цо наркотикаш латтош йу аьлла. Машенчуьра охьаваьккхина иза, асфальт тIе охьа а виллина, шозза йиттинера цунна. Цул тIаьхьа Дербичев полисхойн декъе валийра, цигахь йуха а шозза леттера цунах, Мержоевна хьалха горахIотта иза дуьхьал хиларна.
  • 2022-чу шеран зазадокху-баттахь, Мержоевна а, кхин а шина полисхочунна а дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхинчул тIаьхьа, хетарехь ницкъахошца йоьзначу "Розыск Ингушетия" телеграм-канало йаздира, полисхоша Дербичевгара кхаъ баьккхина хилла бертаза 400 эзар сом, цуьнгахь наркотикаш хаайаларх протокол ца хIотториг. Оцу каналехь бечу хаамца, наркотикаш цунна тийсина хила а тарло. Ишта дуьйцура, шолгIачу группин заьIапхо волчу Дербичевн, цара дукха йеттарна, хьен-туьта лазийна хиларх а, цуьнан пIендарш кегдарх а.
  • Хетарехь дуьйцург хIара хила тарлора пачхьалкхан "Интерфакс" агенталло шен хаамехь а. Цигахь билгалдоккхура, полисхоша лаьцначун машенна тIе табелан герз диттинера, ткъа цунна йетташ дIайазйина видео, хетарехь иза лаца кхайкхийначунна хьажийна хиллера. Оцу йукъанна "Розыск Ингушетия" телеграм-канало зуда йу боху, цуьнан коча полисхой тийсинарг.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG