Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин зерийн тоьшаллашца, наркотикашца йоьзначу артиклашкахула зуламаш алсам динчийн могIарехь нисйелла Къилбаседа Кавказан республикаш. Оцу гайтамца ГIалгIайчоьно тIаьхьа йитина пачхьалкхан йоллу регионаш – 28 процент цигахь дIайазден зуламаш наркотикех хьакхаделла хуьлу.
Наркотикашца доьзна бехкаш дуьхьал дахарца лаьтта хьал тоьлла дац луларчу мехкашкахь а: ГIебарта-Балкхаройчохь 100 гIуллакхах 19, Къилбаседа ХIирийчохь а, Дагестанехь а – 100 йукъахь 15. Нохчийчохь 13 процент сов бехтакхаман гIуллакх доьзна наркотикашца. МВД-н 2023-чу шеран дечкен-лахьан беттанашкахь хIоттийначу статистикехь хьахийна йоцу цхьаъ бен йоцу республика йу – Кхарачой-Чергазийчоь. Урхалло уггар лакхара а, лахара а гайтамаш болчу регионех бен информаци луш йац.
"Наркотикийн" гIуллакхаш алсам хиларехь хьалхара хиларал совнах, ГIалгIайчоьно кхоалгIа меттиг баьккхина пачхьалкхехь оцу кепара гIуллакхаш кхуьуш хиларехь а. Цхьана шарчохь республикехь наркотикаш лелош, йаржош, йа йухкуш берш цхьаъ ах терахьан совбоьвлла – 53%. Нохчийчоьхь, Кхарачой-Чергазийчохь оцу кепара гIуллакхаш, мелхо а, лахделла – 22% а, 20% а.
Къилбаседа Кавказехь болх бечу бакъоларйархоша а, адвокаташа а билгалдоккху, накротикашца доьзна дукхахдолу гIуллакхаш полисхоша шаьш шайгара кхуллуш хиларх, цу тIе кеп-кепарчу бахьанашца. Наркотикех лаьттачу артиклашна бехкебо, уьш лелош боцу динан гIуллакхдархой а цхьаьна. Масала, колонихь даккха цхьа шой ахшой хан тоьхна Кисловодскера маьждиган имамана Байчоров Курман-Iелина. Цо ша дийцира, Кисловодскехь маьждиган момсар йарна тIехула даьлла дов бахьана долуш наркотикаш шена кхийсина йара аьлла.
- Лахьан-баттахь ГIалгIайчуьра Малгобек гIалин кхело полицин хилла кхо белхахо бехкевира курхаллаш а, къола а дарна, царех цхьаъ бехкевира бакъо йоцуш наркотикаш лелорна. Бехкбуьллучийн версица, шина меттигехь полисхоша меттигерчу бахархошкара ахчанаш дохуш хиллера, уьш наркотикех кхеттий хьовса декъе дIа ца буьгург. Иштта Малгобекан кIоштара стационаран ДПС постана хьалха 250 эзар сом лачкъийра цара цхьана стеган.
- Оццу баттахь ГIалгIайчохь лецира ши полисхо, шайгарчу бакъонна тIехваларна а, наркотикаш лелош хиларна а. Талламан комитетан хаамашца, цара наркотикаш тийсинера меттигерчу вахархочунна, цул тIаьхьа цунна дуьхьал гIуллакх даьккхинера.
- Сочира кхелахоша бехк тIехь битира наркотикаш лелорна тIехь терго латточу декъан хиллачу белхахошна, цара тоьшаллаш шайггара кхолларна а, шайгарчу бакъонел совбийларна а. 4,5 шарна тIера 5 шаре кхаччалц хенаш йиттина царна.