Кадыровхойн "Ахмат" спецназан тобанан декъехь Украинерчу тIамехь дакъалоцуш бу гIалгIайн батIалхьажойн вирдан декъашхой. Церан БОБР тобанехь – батIалхьажойн сиха реакци йаран тоба – 31 стаг ву. Гуьмсерчу "Оьрсийн спецназан университетехь" кечам бина цара, тIаккха фронте хьовсийна уьш. ГIалгIайчуьрчу "Э" центран куьйгалхо вийча иккхина йолчу конфликтах кIелхьарабовла гIерта уьш оцу кепара, аьлла хета Кавказ.Реалиин редакцино хеттарш динчу эксперташна.
БатIалхьажой кечбарх лаьцна дуьххьара хиира лахьан-беттан йуьххъехь "СОБР-Ахматан" лакхарчу оперхочун, Украинина дуьхьал болчу тIамехь дакъалаьцна волчу Албастов Элбека йаьккхинчу видео тIера.
Видео тIехь 20 гергга стаг ву рогIерчу бахархойн бедарш йоьхна, майданахь кечамаш беш, "Ахмат сила" бохуш маьхьарш детташ. Албастовс уьш "кийча" а болуш "говзанчаш" бу олу. Бутт баьлча Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана арахецначу кхечу видео тIехь батIалхьажойн вежараллин декъашхой, дуьйцуш ма-хиллара, Украинан дозанахь бу.
Ролик тIехь хьалхо ГIалгIайчоьнан Къоман гуламан депутат лаьттина волу, батIалхьажойн куьйгалхойх цхьаннан кIент-кIант Белхороев Ахьмад ву, цуьнан гергарчу наха бахарехь, БОБР тобанан хьалханча ву иза. Цо дийцарехь, Кадыровс шайна тIедехкина долу "декхарш кхочушдеш ду цара нохчийн вежаршца цхьаьна".
Белхороев воцург, вежараллин кхинболу декъашхой бу цигахь бистхуьлуш, царлахь ву Белхороев Анарбек а, 2018-чу шарахь вийна волчу батIалхьажойн куьйгалхочун Белхороев ИбрахIиман кIант ву и. Анарбека бахарехь, "Кадыровс суфийн батальон кхолла аьлла динчу дIахьедарна жоп делла" цара.
Ницкъахошца долу дов а, чIир а
БатIалхьажой – суфийн вирдан декъашхой бу, церан дуьххьарчу хьалханчан, шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжан цIе лелош бу уьш. XIX–XX бIешерашкахь дин даржош хьийзина ву и стаг. Кеп-кепарчу зерашца, ах миллион стаг вехачу ГIалгIайчохь 15-на тIера 20 эзаре кхачалц батIалхьажой бу. Шайн терахь доккха дацахь а, уггар таронаш йолуш къевлинчех цхьа йукъаралла йу и ГIалгIайчохь, цуьнан декъашхоша иттанаш шерашкахь политикехь, бизнесехь лаккхара даржаш дIалоьцура.
Церан доьзалехь вина хилча бен кхача йиш йац оцу йукъаралле, тIаккха цу йукъара аравала луучунна тIехь вен кхерам лаьтта, дийцина Кавказ.Реалиин редакцига хьалхо батIалхьажхо хилла волчу Картоев Ислама.
2018-чу шеран гIуран-беттан 31-хь ГIалгIайчохь вийра шейхан БатIал-Хьаьжан кIент-кIант Белхороев ИбрахIим. БатIалхьажошна хетарехь, и зулам ницкъахоша дина хила тарло, къаьсттина гIалгIайн экстремизмана дуьхьало латторан Центран куьйгалхочо Эльджаркиев ИбрахIима, боху Картоевс. Хьалха батIалхьажошна а, "Э" центран куьйгалхочунна а йукъахь хилла йу бохучу цхьа конфликтех лаьцна йаздора зорбанаша. Белхороев ИбрахIим вийначул тIаьхьа кIира даьлча Эльджаркиевна дуьххьара тIелатар дира, цуьнан машенна герз диттира.
Эльджаркиев дийна виссира хIетахь, амма цуьнца машенахь хилла кхо стаг лазийра, цхьаъ вийра. ЦПЭ-н куьйгалхочунна тIе шолгIа тIелатар цхьа шо даьлча дира. Иза а, цуьнан ваша а герз диттина вийра Москвахь. ХIетахь Кремлехь билагалдаьккхира, оцу хиламах лаьцна Оьрсийчоьнан президентана Путин Владимирна девзаш хилар, тIаккха талламна тIехь контроль латтош ву Талламан комитетан куьйгалхо бохура. ГIалгIайн "Э" центран куьйгалхочун дарж цуьнан вашас дIалецира – Эльджаркиев Ахьмада.
Эльджаркиев верна хьокъехь коьрта верси хилира, батIалхьажоша цунна чIир йекхна бохург. И вуьйчу дийнахь батIалхьажой бехачу йуьртахь салюташ кхуьйсура, бохуш йаздора зорбанаша.
Эльджаркиев вийча батIалхьажойн вежараллин куьйгалхойн хIусамашка хьийса хIоьттира Iедал, царлахь бара баккхийра бизнесхой, котролан-зерийн палатан куьйгалхо, Къоман гуламан депутаташ а. Кланан керла хьалханча Белхороев Якъуб бехкевира, гIалгIайн страхованин Фондан куьйгалхочун даржехь доккха ахча доьхкина аьлла бехкевина, исс шо набахтехь даккха хан туьйхира цунна 2022-чу шеран лахьан-баттахь.
ГIуран-беттан 12-хь Талламан комитето дийцира, Эльджаркиев верна хьокъехь бехктакхаман гIуллакх таллар дирзина аьлла. Бехкевина волчу 13 стагна терроран йукъаралла кхолларна, теракт кечйарна, низамехь доцуш герз лелорна а артиклашкахула кхел йийр йу. Йаккхийра хенаш йетта мега царна, валлалц чубохка а мега.
МуьтIахь хилар гайта гIортар
БОБР тобанахь мел верг – уьш Эльджаркиев вийначул тIаьхьа репрессешна кIел нисбелла нах бу, билгалдоккху Белхороев Iабдуллас, Белхороев Ахьмадан шичас.
"Суна и (Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал беш болчу тIаме хьажор. – Ред. билг.) Центрана шайн муьтIахь хилар дIагайта гIортар санна го. ХIинца массанхьа а дуьйцу, батIалхьажой – талораш деш, нах бойъуш терроран йукъаралла йу бохуш. Оцу пачхьалкхан, системин мостагIий дац шаьш, аьлла дIагайта гIортар ду и", - боху къамелдечо.
Цо тIетуху, БОБР-н латархоша мехаза тIом бо, царна луш гIирс, кхача а бен бац. Йукъараллин биссина декъашхой ницкъахой тIаьхьбевлла леларх кIелхьарабахарна дуьхьал Украинерчу тIаме вахар – и тоъал мах бу: "Цара шайн дахар кхерамна кIел дуьллу, масала, Белхороев Ахьмад ницкъахоша вен кхачийна вара, и дIалаца дагахь а бацара уьш".
Шена Белхороев Iабдулна Америкехь политикан тховкIело йелла, 2014-чу шарахь дуьйна цигахь вехаш ву иза. 2019-чу шарахь Эльджаркиев вийча, дуккха а батIалхьажой репрессешна кIел нисбелира, тIаккха республикера дIабахара, дуьйцу цо. Царах цхьа дакъа Нохчийчохь дIатарделла, кхин а бIе гергга стаг – Туркойчохь.
Къамелдечо бахарехь, Белхороев Ахьмада тоба кхолларх лаьцна дIахьедича, батIалхьажойн хIусамашка кхин ца хьевсира Iедал.
"Кху шарахь цхьа кIира а ца даьллера цхьаъ дIалацанза, йа хIусаме хьовсанза, йа цхьаъ кIел кхоссанза", - чIагIдо цо.
Белхолроев Ахьмад дуьххьара видео тIехь гучувелира лахьан-беттан 2-хь Кадыров Рамзанаца цхьана. ХIетахь рогIера батIалхьажойн хIусамашка хьежарш, дIалецарш доьлхучу йукъанна Нохчийчоьнан куьйгалхочо царна тIехIуттуш видео арахийцира. Хьаькамо чIагIдора, лецначарлахь бехкебоцу нах бу, тIаккха батIалхьажой хьийзор "кечйина интернет-кампаних" тера йу бохура. Цунна тоьшалла цо ца далийра.
Ролик тIехь Белхороевс баркал олу Кадыровна, подполковникан чин даларна а, Нохчийчохь болх бан аьтто баларна а. ГIалгIайчуьрчу наха лартIахь ваха ца вуьту ша, аьлла латкъам бира цо, цундела республикера вада дезна шен бохура.
ГIалгIашна а, Кадыровна а йуккъехь санна, батIалхьажошна а, гIалгIашна а йуккъехь йукъаметтиг атта йац, дуьйцу шен цIа ца йаккхар дехна волчу редакцица къамелдинчо. Цуьнан дешнашца, вежараллин декъашхой "ца беза, уьш къевлина хиларна а, кхечарна хьокъехь мостагIалла лелорна а".
Амма Белхороев Iабдуллас дуьйцу, Кадыров Рамзанан батIалхьажошца йовха йукъаметтиг хиларх, "Дудаевн хенашкахь" дуьйна кхоллайелла йу и: "1997-чу шарахь сан да велира, тIаккха тхан тезетахь вара Кадыров Ахьмад. 90-чу шерашкахь дуьйна йукъаметтигаш йара тхан – уьш тхоьга хьошалгIа хIуттура, тIаккха тхо цаьрга. ИбрахIимца вуно чIогIа доттагIалла дара церан, цхьаьна ХьажцIа бахара уьш".
ДоттагIалла меттана интерес?
Кадыровна а, батIалхьажошна а йукъахь дерг доттагIалла дац, интересаш йу, аьлла хета хьалха батIалхьажо хилла волчу Картоев Исламана, цо ша-шех олу "зомби хиларх самаваьлларг". ХIинца цо блог йу лелош, цигахь цо вежараллех лаьцна дуьйцу, цуьнан декъашхошна критика а йо.
ГIалгIайчохь 10-15 эзар куьйгкIелара нах хилар гIоле йу
"Кадыровгахь ахча а, таронаш йу. И дика кхета, ГIалгIайчохь 10-15 эзар куьйгкIелара нах хилар гIоле дуйла. Цунна гергахь уьш диверсин тоба йу. Оьшуш хилахь церан куьйгашца дукха хIума далур ду цуьнга", - боху Картоевс.
Цо бохучунна реза ву Украинан агIо лаьцна тIом беш йолчу Шейх Мансуран цIарх йолчу нохчийн батальонан пресс-секретарь Белокиев Ислам. Цунна хетарехь, регионехь шен таронаш шорйан лаам хиларна гIо до цо батIалхьажошна: "Амма со шек ву церан гIоьнца цуьнан цхьа аьтто берг хиларх. Цхьа итт шо хьалха, уьш Iедалехь болчу йукъанна – хIаъ. Амма республикийн йукъаметтигашна цхьа Iаткхъам бийр бац цо".
Амма Картоевс чIагIдо, батIалхьажойн таронаш оцу йукъараллехь а эшна йогIуш йу: "Цара халла гулвина тIамна 31 стаг, цхьа бIе стаг мукъна гулван дагахь бара уьш. Хьалха хиллачу куьйгалхойн кхин а дукха таронаш йара оцу сектехь, кегийрачу нехан уьш йац. Ма-дарра аьлча, БелхороевгIарна бен дац цигахь мелла а стаг велча – царна гергахь уьш йойъу материал йу. Куралла йу цаьргахь, коьртаниг – церан интересаш. Суна дика девза и хьал, хIунда аьлча, со царах цхьаъ хилла ву".
"Бераш дойъучу нехан цIе"
Америке дIавахначу Белхороев Iабдуллан ваша Белхороев Ильяс Украинехь вехаш ву 2014-чу шарахь дуьйна. Эльджаркиев верна бехке хета и Оьрсийчохь, амма украинхойн ницкъахошна и бехке хиларан цхьа а тоьшаллаш ца гина. Инстаграмехь арахецначу видео тIехь цо критика йира вежараллин декъашхошна, Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал беш болчу тIамехь дакъалацарна.
"Тхо бусулба ду, БатIал-Хьажан тIехьалончаш ду бохуш дIахьедеш, тIаккха оцу йукъанна бераш дойъучу тIамехь дакъалоцуш. И муха хуьлу? Шаьш-шайна дуьхьал ду аша лелориг. Хилийтахьа, набахте хьажор ду шу, 10, 20 шо чохь доккхур ду аша. ТIаккха хIун хилла? Шу бераш хир ду, тIамехь бераш дайъинчу нехан цIе стенна йуьту аша царна. Ас дуй буъу, цигахь дакъалаьцнарг БатIал-Хьаьжан тIаьхьенах вац!" – аьлла Белхороевс.
Тхо бусулба ду, БатIал-Хьаьжан тIехьалончаш ду бохуш дIахьедеш, тIаккха оцу йукъанна бераш дойъучу тIамехь дакъалоцуш
Оцу дIахьедаро хуьйцур йац батIалхьажойн ойла, хIунда аьлча, Ильясан оцу вежараллина йукъахь шуьйра таронаш йац, тешна ву Картоев: "Оцу тобанан декъехь маьрша ойла йеш нах хилча, сектан куьйгалхошна дуьхьало йийр йара цара. Амма и секта цIенна лайнийн низамашца лаьтташ йу. Мухха делахь а, оцу гIулчано тIаьхьалонаш йуьтур йу царна".
Шен рогIехь Белхороев Iабдуллас тIелоцу, шен хаамашца, Украинерчу тIамна дуьхьал болу нах оцу вежараллина йукъахь а бу, амма оцу бахьанца и тоба "йекъалур йац" аьлла.
БатIалхьажойн БОБР тобано Оьрсийчоьно Украинина дуьхьал беш болчу тIамехь башха доккха дакъа лоцур ду аьлла ца хета Белокиев Исламана: "И полк, йа батальон йац, кхоъ, ах стаг ву. Вайна гира, цара леррина кечамаш чекх ца баьхнийла. Видео тIехь цара джинсаш, туфлеш, пальтош, куйнаш доьхна кечамаш деш хилар гира вайна. Оьрсийн машенан новкъа нисбелла уьш, цара шаьш хIинццалц тIе болх бина машен йу и. Цундела кхоьллина йу и тоба а.
Кадыровна эскархой оьшу, оцу кепара шен таронаш шорйо цо луларчу регионашкахь а, аьлла хета Украинан агIо а лаьцна, оьрсийн эскархой тIамна кечбеш волчу Гранжданан кхеташонан векална Соколов Денисна. Хьалха Къилбаседа Кавказ толлуш хилла ву къамелдийриг. И тешна ву, батIалхьажошна гергахь Кадыров – батIалхьажой тохарна кIелхьара а бовлуш, шайн позицеш цара меттахIитторан эвсара гIирс бу и.
"Муьлхха а къевлина йолу политикан тобанахь тIеман зенделларг долу нах хилар – и тIейогIучу ханна дика ресурс йу, тоъал турбуленте гуш а йу и", - дерзийна эксперто.
- "БатIалхьажой тIаме боьлху" олу фильм йу Радио Свободан "Признаки жизни" документалан проектехь арахецна.
- Лахьан-беттан 17-чохь батIалхьажойн цхьахволчу хьалханчана Белхороев Якъубана набахтехь даккха исс шо туьйхира: кхело бехкевина иза, социалан страхованин Фондан куьйгаллехь волчу заманчохь бюджетан ахча цо дайарна а, бакъо йоцуш герз латторна а. Белхороев Якъуб лаьцначул тIаьхьа 2020-чу шарахь батIалхьажойн вежараллин 12 декъашхочунна бехкаш дехкира терроралла лелорна.