ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьра вахархочунна 15 шо тоьхна терроризмана ахча латторна. Цуьнан дас хаамбинера цо Iазап хьегарх


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Къилбан гонашкара тIеман кхело бехкевина терроризмана ахча латторна ГIалгIайчуьра вахархо Дербичев Хаваж. Цуьнан дас хьалхо хаамбинера цуьнга гIело хьегийтарх, цунах лаьцна аудио кхелан картотекехь зорбане йаьккхина йу. Дербичевна 15 шо хан тоьхна шогачу рожан хьелашкара колонихь даккха.

2022-чу шеран аьхка лаьцна вара Дербичев Хаваж а, Картоев Тамерлан а. Официалан версица, лецнарш, ишта кхин цхьа стаг а - Туркойчохь волу Картоев Ильяс а- дакъалоцуш хилла хьехамчан Ахмеднабиев Исраилан гIоьналлин фондана ахча латтош. Картоев Тамерланан дов хIинца а хоттуш ду. Картоев Ильясана дуьхьал бехкзуламан гIуллакх даьккхина террорхойн гIуллакхана накъосталла лелорна аьлла, Туркойчохь лечкъина ву иза, хаамбмина "Сапа Кавказ" телеграм-канало.

СагIина ахчанаш гулдан шен банкан картанаш даларна Картоевгара хIонс йужуш хилла цунна аьлла, кхел йира Дербичевна. Хаважан коьртах гали а дуллий, Наьсарара ницкъахоша "сийсазаллаш" лелош хилла цунна тIехь, терроризмана ахча латтийна аьлла, цуьнга бехк тIелацийта, дийцира цуьнан дас Дербичев Мохьмада

Кхелан картотеки тIехь йаздарца, цунна дуьхьал даьккхина хилла гIуллакх стохка охан-баттахь прокуроре йухадахьийтинера – оцу гIуллакхан хьелашка хьаьжча "тоьшалла до кхин а шога Iедалан къепехула листа бух хилар" аьлла. Делахь а тIаьххьара а Дербичевна кхел йира оццу бехкехула, йуьхьанца цунна дуьхьал баьккхичну.

  • Ахмеднабиев Исраил, Саситлинский Абу Iумар цIарца дика вевзаш волу, - Дагестанерчу Ново-Саситли йуьртара бусулба динан хьехамча ву. "Ансар" цIе йолу гIоьналлин фонд кхоьллина, Африкехь гIунаш йаха ахча гулдора цо. Оцу фондо "Исламан пачхьалкх" олучу экстремистийн тобанна лерина ахча гулдо аьлла, бехкейира иза Оьрсийчохь, тIаккха хьехамча федералан лехамашка велира. Цул совнах, Ахмеднабиев ву боху "МухIаджирун" фонд кхоьллинарг а ницкъахоша бахарехь, цигахула нахана гIо до ша а бохуш, террористашна ахча латтадо цо.
  • 2023-чу шеран охан-баттахь хьехамча Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) дуьненайукъарчу лехамашкара дIаваьккхира. Кехаташна тIехь контроль латточу комиссино сацам бира, Саситлинскийн гIуллакхехь политикан а, динан а Iалашонаш йу доккхачу декъанна, аьлла
  • Саситлинский Абу Iумарца зIенехь вара аьлла шеконашка лаьцна хIинца кхел йира дагестанхойн "Черновик" газетан журналистана Гаджиев Абдулмуъминна. Терроризмана ахча латтийна аьлла, колонихь дакха 17 шо туьйхира цунна. Гаджиевца цхьаьна кхел йеш кхайкхийна программистана Тамбиев Кемална а, "Ансар" гIоьналлин фондан куьйгалхочунна Ризванов Абубакарна а, цу шинна 18 а, 17,5 шераш хенаш йиттина набахтехь такха. Царех цхьаммо а бехкаш тIелаьцна дац, таIзар къуьйсуш ду цара кхелехь.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG