ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу Бертан бIов тIе Палестинин байракх оьллина, амма тIаьхьо дIайаьккхина


"Подъем" телеграм-каналерчу видеон скриншот
"Подъем" телеграм-каналерчу видеон скриншот

ГIалгIайчохь правительстван гIишлонна дуьхьал йолчу Бертан бIов тIе Палестинин байракх оьллина – тIаьхьо охьайаьккхира иза. Меттигерчу администрацехь дIахьедира, оцу барамна шаьш гунахь дац аьлла, и байракх оьллинарг, охьайаьккхинарг мила ву хууш дац.

"Подъем" зорбано арахийцира и видео. Цу тIехь гуш ду, бIов тIера гIале бIаьрг тухучу майденехь и байракх оьллина хилар – рогIерчу бахархойн тIекхочийла ду оцу меттиге.

"Комментареш ца йо. Иза хьалаоьллинчу наха охьайаьккхина иза", – дIахьедира Магасерчу администрацехь журналисташка, йаздо "ФедералПресс" зорбано.

Палестинина тIехIуттуш вистхилла Кадыров Рамзан, регионера тIом сацоре кхайкхина цо, тIом боьдучу метте Нохчийчуьра "къепе хIотторан" эскар хьажор а хьехна. Палестинера радикалан ХАМАС тобано Израильна тIелатар дарх, бIеннашкахь байъинчу нахах цо ца дийцира.

Шоьтан Iуьйранна ГIаза дакъа Iуналлехь латтош йолчу палестинхойн радикалан ХАМАС тобано (Америкехь, Европан пачхьалкхашкахь террорхойн лерина йу иза) тIелатар дира Израильна. Ракеташца тохарш а деш, тIемалой Израилан дозане кхечира, маьрша нах бойъуш, уьш закъалте лоьцуш.

ГIадужу-беттан 11-хь болчу хаамашца, ХАМАС-о динчу тIелетарх беллачийн терахь 1200 стаге хьаладаьлла, ГIаза декъехь Израило тохарш дина вийна 950 кхачалц вахархо – израилхойн, палестинхойн Iедало далийна терахьаш ду уьш. Шинна а агIор чевнаш хиллачу нехан терахь 10 эзаре кхочуш ду, ХАМАС-н закъалтехь буьссу бIеннаш нах.

  • ГIадужу-беттан 10-хь израилхойн эскаро (ЦАХАЛ) ГIаза декъаца долу доза йуха а дIалаьцна шаьш аьлла дIахьедира. Цунах лаьцна дийцира эскаран коьртачу векало Хагари Даниэла.
  • 260 эзар палестинхойн дезна шайн хIусамаш дIатийса – ГIаза секторан берриг бахархойх уьтталгIачу декъал сов ду иза, дуьйцу ООН-о. Хьалхо Израилан Iедало дIахьедира, буьззинчу барамехь секторна блокада йина шаьш аьлла – ток, хи, сурсаташ сацийна цара. ООН-о йемалдина иза – Израильна тохарш дар, закъалте нах лийцар а санна. ГIаза декъера америкхой, палестинхой Мисара арабохуш гуманитаран коридор йелларехула болх лелош йу Америка, йаздо NBC News зорбано.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG