ТIекхочийла долу линкаш

ЦIеххьана кхаьчна хаам!

ГIалгIайчуьрчу вахархочун Астраханерчу набахтера хьелаш чIагIдина


Гайтаман сурт
Гайтаман сурт

Астраханерчу Советан кIоштерчу кхелан сацамца, цигарчу набахтехь волу ГIалгIайчуьра вахархо йуккъерчу рожан хьелашкара набахтин рожан хьелашка дехьавоккхур ву. Кхело цуьнан могушаллин хьал тидаме ца эцна, дуьйцу марсхьокху-беттан 8-хь "Общественный вердикт" фондо.

Хьелаш чолхечу роже дахар доьхуш кхеле арз дина хиллера ИК-10 набахтино, амма кхеле веънарг вара ИК-6 колонин белхахо – цигахь латтош ву гIалгIа.

И низамца догIуш дац, дуьйцу юриста Егошин Дмитрийс – иза ву "Общественный вердиктан" гIоьнца Албагачиевна гIо латтош. Чувоьллинчунна хьалхо динчу дехкаршна латкъам бина цо Магасерчу кхелехь. Цо бахарехь, и кхеташо чекхйаллалц кхелан бакъо йац цуьнан хьелаш чIагIдан.

Кхело тидаме ца эцна чувоьллинчун хьал а, билгалдаьккхина юристо. Астраханерчу Советан кIоштан кхелан сацамна латкъам бан дагахь ву иза.

Кху шеран чиллан-баттахь эпилепсих бала хьоьгуш волу Албагачиев гIудан изоляторе хьажийра Астраханерчу ИК-10 набахтино. И цамгар гучуйелира цунна гIалгIайн "Э" Центрехь иза Iазапехь латтийначул тIаьхьа. ТIаккха тутмакх дарбан цIийне хьажийра кхаа денна. ХIетахь колонехь болх беш йара прокуратурера комисси, амма оьшуш хилла долу лоьрийн гIо ца дира Албагачиевна.

  • 2018-чу шарахь Албагачиев Iабдул-Малик исс шарна набахти чу воьллира, Шемахь низамехь йоцуш, герзаца йолчу тобанехь дакъалацарна а, оьккхуьйтург йохкарна а бехкевина. Таллам боьдучу йукъанна гIалгIайн экстремизмана дуьхьало латторан Центрехь ("Э" Центр) Iазапехь латтийнера ша, аьлла цо. Ницкъбарна цуьнан месаш охьалегнера, дог керчадора цуьнан, цIийца йовхарш хуьлура, къурд бечу хенахь лазавора, дог мустдаларх бала хьоьгура, иштта кхетамчуьра вуьйлуш бала хьегна цо. Мочхал а, мара а кагбина хилар билгалдаьккхира лоьраша. ТIаьхьо эпилепси цамгар тIейеара цунна.
  • "Общественный вердиктаца" йукъаметтиг лелош волчу адвоката Бирюкова Иринас бахарехь, Талламан комитето сацийна 2018-чу шарахь Iазапашна тIехула долийна хилла бехктакхаман гIуллакх, хIунда аьлча, Албогачиевс бехкевина волу "Э" Центран белхахо вийра.
  • Шена а, шен доьзална а бойъур бу бохуш кхерамаш тийсина аьлла Албагачиевс кхелехь бехкебинчу наханна йукъахь вара ГIалгIайчухула йолчу "Э" Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим. Эльджаркиев вийра 2019-чу шеран лахьан-беттан 2-хь Москвахь. Цуьнца вийра цуьнан ваша - цхьайолчу Москварчу клиникехь болх беш хиллера цо. Эльджаркиевн болх бахьана лаьрра Iедало, иштта батIалхьажойх цхьаъ – Белхороев ИбрахIим – верна иза декъехь хилла бохуш вевзаш хилар а.

Оха хьоьхург

XS
SM
MD
LG