ГIалгIайчуьра чоьхьарчу гIуллакхийн министраллин урхаллина чуйогIучу экстремизмана дуьхьало латточу Центран куьйгалхо Эльджаркиев ИбрахIим верна коьрта бехке лоручу Картоев Къурейша даредина и зулам ша дина аьлла. Цо дIахьедина, бахьана чIир йара, иштта чIир хьейина цо ЭльджаркиевгIеран цIийнах мел волчунна. Картоев дуьненайукъарчу лехамашкахь ву, амма тIечIагIбазчу хаамашца, Туркойчохь лечкъина ву иза.
"Правда Ингушетии" телеграм-канало зорбане хIоттийна, цо дареден видео, кадрехь ву ша Картоев, гIалгIайн маттахь къамел до цо.
Картоевс бахарехь, вийначу ницкъахочун гергарчара кхелехь бехк боцчу нахана доцург кхуллу дела даредо цо –оцу гIуллакхца доьзна лаьцна ву 11 стаг, кхин а шиъ лехамашкахь ву. Картоевс бехкево "Э" Центран куьйгалхо ши батIалхьажо верна (19-20-чу а бIешерашкахь ваьхначу гIалгIайн шейхан Белхороев БатIал-Хьаьжин тIаьхье- билгалдаккхар).
"Тхуна гуш йара Эльджаркиевс махкара бахархошца лело харцо, амма тапъаьлла Iара тхо: "Сан хIун бала бу" бохуш. Эльджаркиевс ши стаг вийна аьлла, 100 процентана сайна хиъча, ас вийра иза. Доховаьллий со динчунна? ХIан-хIа, ца ваьлла. Кураллица, йа цавашарца дина дац иза ас, ахчана дуьхьа дина а дац, йа терроран тохар ду аьлла дина а дац. Соьга БелхороевгIара дехарш ца дира, аша тахана чохь бахкочара муххале а. Царех дукхахберш суна ца бевза, ткъа хьалха суна гинарш таксхой бара, йа гIишлошйархой, йа могIарера нах", - аьлла Картоевс.
Цо чIир кхайкхийна Эльджаркиев ИбрахIиман гергарчарна, цо бахарехь, уьш а бехке бу изза нах байарна а, нах лецарна а, царна тIехь Iазапаш хьегийтарна а, цуьнан шичошна а, йишина а, къеначу девешина а дуьхьал бух боцу гIуллакхаш дахарна а. ТIаьххьарниг кхелхира, тIехь гIело латтийначул тIаьхьа, дIахьедо Картоевс. Цуьнан дешнаш тIечIагIдан аьтто бац – спикеро цхьаьннан а цIераш ца йаьхна.
Цкъачунуна бакъоларйаран струткураша Картоевн дешнашна йина комментарий йац. 2020-гIа шо доладелчхьана ГIалгIайчуьра ЦПЭ-н куьйгаллехь ву вийначун ваша Эльджаркиев Ислам.
- Шозза кIело йира Эльджаркиевна 2019-чу шарахь. Дечкен-баттахь цуьнан машенна герзаш диттира, Нохчийчуьра ГIалгIайчуу иза йухавогIучу хенахь, амма ца лазош висира. Лахьан-беттан 2-чохь вийра иза. Цунна а, вешина Эльджаркиев Iабдулахьмадна а герзаш туьйхира Москвахь.
- Талламна хетарехь, Эльджаркиев вер доьзна ду цуьнан балхаца, гIалгIайн вежараллин цхьахволу лидер – Белхароев ИбрахIим -цо вийна олуш хиларна а.
- Жоьпе озийнарг 11 стаг ву: Арапиев Ахьмад, Белхароев Алихан, Картоев Iела, Костоев Гелани, Накастхоев Iийса, Оздоев Алихан, Полонкоев Аслан, Закри, Хьасан а, Хадриев Беслан а, Хидриев Алихан а. "Белхороев БатIал-Хьаьжин лархойн тIеман тIам" тоба вовшахтоьхнарш уьш бу аьлла хета Iедалхошна. И тоба кху шеран чиллан-баттахь терроран йукъаралла лерина йу. Иза вовшахтохарна бехке вийриг Полонкоев Хьасан ву боху Iедало.
- ТаIзаре хIиттийначара дIахьедора, шайна ток йеттийтарх, йеттарх шайна, таллам дIахьочу заманчохь шайн гергарчарна ницкъахоша кхерамаш тийсарх а.